ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зарратан герз Iамор, Нохчийчуьра рейдаш. КIиранан жамIаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбан тIеман гонашкахь зарратан Iамораш дIакхайкхийна тIеман министралло; ша могуш хилар бакъдан хьийза Кадыров йуха а; полисхойн рейдаш дIайаьхьна Нохчийчохь – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 62-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

ЮВО-н зарратан Iамораш

Оьрсийчоьнан тIеман министралло стигалкъекъа-беттан 6-чохь дIахьедина зарратан герзан Iамораш дIахьур ду аьлла. Цунна лерина, официалан информацица а догIуш, лелор ду Къилбан тIеман гонийн (ЮВО) ракетан вовшахтийсадаларш, ишта авиаци а, флот а. Оьрсийчонан Iедалхоша дуьххьалдIа йуьйзира маневраш Малхбузе Украинерчу тIамана йукъаозор кхуьуш хиларца.

Iамораш билггал стенгахь дIахьур долуш ду – хууш дац. Къилбан тIеман гонийн штаб Ростов-ГIалахь йу (и гIишло дика йевзаш йу, Пригожин Евгенийс стохка аьхка бунт гIатторна тIехь дикка терго латтийначарна, хIетахь ЧВК "Вагнеран" йолахоша дIалаьцна йара и, кхузахь Пригожина тIедожийра тIеман министр Шойгу Сергей а, штабан хьаькам Герасимов Валерий а шега "схьало" бохуш.

2023-чу шеран дечкен-баттахь Къилбан тIеман гонийн буьйралла деш ву инарла-полковник Кузовлев Сергей. Йахначу хенахь Нохчийчохь тIом бина ву иза, Киевн хаамашца, 2014-чу шарера схьа дуьйна Донбассехь дакъалоцуш а вара.

ЮВО-н дакъош Къилбаседа Кавказан а, Оьрсийчоьнан къилбан а массо а регионашкахь ду, иштта аннекси йинчу ГIирмехь а, Украинан дIалецначу къилбера а, малхбалера а дозанашкахь а. Амма Къилбан тIеман гонашкара 58-гIа эскар «ЯДРО» лору тIеман министралло – цуьнан штаб БуьрийтIехь йу.

Билггал стенгахь дIахьур ду зарратан герзан Iамораш – хууш дац, тIеман министралло Iамораш маца дуьйлало а- аьлла дац.

Йиллинчу хьасташкара хууш ду, ЮВО-н ракетан дакъош Астраханан кIоштахь, Кубанехь, Къилба-ХIирийчохь, аннекси йинчу ГIирмехь а латтош хиларх.

И санна долу Iамораш Оьрсийчохь хьалха а хилла, амма хIинццалц схьа официалехь цунах кхайкхийна дацара. Маршо Радион оьрсийн сервисан журналисто-талламхочо Добрынин Сергейс дийцира зарратан герзан Iаморех а, и муха дIасалеладо а, Iамораш шаьш муха хуьлу а.

"Вуьшта аьлча, хIинца а цхьаболчу дуьненайукъарчу чIагIамашца урхалла деш лелош долу стратегин зарратан герзе хьаьжча, цундела цунах лаьцна цхьацца хаарш долуш ду, хIунда аьлча, Оьрсийчоь декхаре йу цхьаболу хаамаш зорбане баха а, Iамораш дIахьош хиларх хаам бан а, ишта кхин дIа а. Тактикан зарратан герз хьахийча, цуьнца доьзна цхьа а тIедахкарш дац, цундела цунах хууш вуно кIезиг хIума ду. Говзанчаша жим-жима хаамаш бу гулбеш (доккхачу декъана царех цхьаъ ву ООН-н эксперт Подвиг Павел, цуьнца къамел дира оха), царна хетарехь, оцу кепара кху заманан Оьрсийчоьнан историхь Iамораш макеташца [зарратан хIоьънашца] дIадаьхьира. Ма дарра аьлча, тIеман ракетан макеташ цунна аьлла йеш а йу. Кхеташ хилийта, и санна долу герз муха латтадо, оьшуш хьал нисделлачу хенахь иза муха лелон деза: ала дашна, ракеташ лоьлхуьйтарш, уьш кеманан бомбанаш хила а мега, уьш складашкахь латтош йу, зарратан герз латтош тайп-тайпана тIегIанаш хуьлу. Зарратан герзаца болх бен 12 стагах лаьтта ТIеман министраллера лерина эскархойн тоба йогIу, цара схьаоьцу лерринчу яьшкаш чохь латтон и ракеташ а, бомбанаш а, машенашна тIе а йохкий, дIасахьо оьшучу метте. Йа кеманашна тIеухку уьш, йа ракеташ кхуьссучу гIирсана тIе хIиттайо. Ма-дарра аьлча, ишта хуьлу иза.

Хетарехь, Iаморашкахь изза болх бо, амма макеташца. Ала дашна, лерринчу урхаллера нах богIу, складера макеташ схьаоьцу, машенашна тIе йохку, цхьаьна тIеман декъе схьакхачайо, цигахь кеманашна тIе хIиттор хир йу, йа кхечу кепара.

Ишта дIахьош хила мега Iамораш. Кхерамзалла бахьана долуш, машенашкахь бакъйолу зарратан бомба дIаса цхьаммо а лелор йац", - элира эксперто.

Кадыров а, цуьнан могушалла а

Ша могуш а, гIора долуш а ву ала гIерта Кадыров Рамзан йух-йуха. Стигалкъекъа-беттан 7-чохь Кремлехь гучувелира Нохчийчоьнан куьйгалхо Оьрсийчоьнан президентан даржехь волчу Путин Владимиран пхоьалгIачу инаугурацихь. Оцу барамехь ша дакъалацарх дIахоуьйтучу Кадыровс уггар а хьалха репост йира Симоньян Маргаритица даьккхинчу суьртан. "Айса куьг Iоьттина теллира – бицепс тIулган йу. Могушалла, йуьхьтIера цIен басе хьаьжча, гIарчI аьлла йу", аьлла йаздира цо суьрта бухахь.

Жимма тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь видео гучуйелира инаугурацихь дIайазйина, цу тIехь къамеле вуьйлу иза хьаькамашца, интервью ло пачхьалкхан "Россия" телеканалана. Бакъду, дукхахболу тергам тIеуьйзира Кадыровн Кремлехь йаьккхинчу кхечу видеоно – цу тIехь девзаш доцчу бахьанаца шена тIера куртка охьа ца йаккхало цуьнга, тIаккха цуьнан гIайгIа бечу, скандалашца гIараваьллачу Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама, гIо до цунна.

Москвахь волчу заманчохь Кадыровс зорбане хIоттийра президентан администрацин куьйгалхочуьнца Вайно Антонца а, индустри, йохка-эцаран министрца Мантуров Денисца а даьхна суьрташ а. Ша цигара Соьлжа-ГIала вирзинчул тIаьхьа, Украинехь схьайаьккхина йу бохучу тIеман техникан гайтамехь хилира Нохчийчоьнан урхалхо. ХIетахь Кадыровн гIоьнчаша йаьккхина йу цо машен тоттуш видео а – гуш ду, иза могуш хиларх тоьшалла дан Iалашонца дIайазйина йуй.

Охан бутт бовш "Новая газета Европа" хьасто шаьш бина таллам зобане баьккхира, цу тIехь чIагIдора 2019-чу шарахь Нохчийчоьнан урхалхочунна зорхан йекхоьнан некроз аьлла диагноз хIоттийна бохуш. 2022-чу шарахь цуьнгара лазар кхин а тIе чIагIделира. Оцу талламна формалехь доцуш жоп далар дара Кадыров могуш ву бохуш, дIаэхьа гIертар: йуьхьанца видео йаржайора, Нохчийчоьнан куьйгалхо спортзалчохь тренировкаш йеш гойтуш, ткъа хIинца ша тайпа пауэрлифтинге вирзина иза.

Ала догIу, Маршо Радионо хеттарш динчу нохчийн политологашна а, жигархошна а хетарехь, оцу кепарчу шардарша Кадыровн могушаллица проблемаш хилар бакъ-м муххале а ца дора, мелхо а, лач тIечIагIдо, иза билггал могуш воцуш хилар.

Нохчийчуьра полисхойн рейдаш

Оьрсийчоьнан президентан инаугураци йолчу дийнахь, стигалкъекъа-беттан 7-чохь, Нохчийчуьра Шела кIоштахь ницкъахоша операци дIайаьхьна. Оппозицин нохчийн каналаша хаамбина масех иттаннашкахь нах лечкъорах цу дийнахь. КIоштан бахархойх цхьаъ тIай бухахь ирхъоллавелла карийна.

Niyso телеграм-канало зорбанехь йаржийна лачкъийначех 18 стеган цIераш – верриг а вуьйцург ву ткъе итт гергга вахархо. Хьастан хаамашца, полицин дакъошка балийра иштта хенара дай-наной, лечкъийна бигинчийн хIусамнаной а – иштта ницкъахой схьакхачале лачкъа ка даьлларш а цхьаьна. Шела-кIоштахь рейдаш йолийра стигалкъекъа-беттан 7-чохь, цхьана дийнахь дIа а йерзийра уьш. Дийцарехь, нах лечкъоран бахьана хилла цара интернетехь резабоцуш йитина комментареш, хаамбира Маршо Радиога боламан векало.

Оццу дийнахь Шела кIоштахь жимчу стеган дакъа карийра – тIай бухахь ирхъоьллина хиллера иза. Цигахь йаьккхина видео а, сурт а зорбане даьккхира 1АДАТ боламо. Церан информацица, и хиллера 21 шо долу Москвара вахархо Зармаев Дени. Ницкъахойн рейдашца иза муха воьзна хилла, хууш дац.

Шела кIоштахь дIайаьхьначу рейдах лаьцна бина хаам бац йа Нохчийчоьнан урхалхочо а, махкара бакъоларйаран органаша а, йа меттигерчу пачхьалкхан зорбанаша а.

Украинехь йаьккхинчу тIеман техникан гайтам хилла Соьлжа-ГIалахь

Кадыров Рамзана чIагIдарехь, Нохчийчуьра эскархоша Украинехь боьдучу тIамехь йаьккхинчу тIеман техникан гайтам схьабиллина Соьлжа-ГIалахь. Кепаш дIахIиттийна йу майданахь тIекхочийла а долуш.

Шен телеграм-каналехь бинчу хаамца видео хIоттийна Нохчийчоьнан урхалхочо, цу тIехь гуш йу ткъа гергга экземпляраш, дукхахъйерш гIагI диллина машенаш йу, йерриг а дикачу хьолехь йу, йохийна тIехь дина зенаш доцуш.

ХIора техникана тIехIоттийна информацин у ду, видео тIехь дика гуш ду шиъ – украинхойн гIагI диллинчу "Варта", британхойн Saxon машенашна. Табличкаш тIехь техникан хаамаш бина оцу моделах лаьцна, амма билгал ца доккху, маца, муха схьайаьккхина хIора экземаляр.

Йиллинчу хьастийн хаамашца, 90-чу шерийн йуккъера схьа дуьйна AT105 Saxon машенаш арахоьцуш йац, 2006-чу шарера схьа дуьйна британхойн эскаро лелош а йац уьш. 2013-чу шарахь, ГIирмина аннекси йале а, Донбассехь тIом болабале а хьалха, Украино контракт йира Saxon 75 машен эца.

КIира хьалха, стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь, Москвахь а хIоттийра Украинана дуьхьал бечу тIамехь йаьккхинчу тIеман техникан гайтам. Москвахь дIахIиттийна йара ишта танкаш а, оцу йукъанна мел лахара а шина танкан чIижаргIа леррина саттийна йара.

Кадыровхой Украинехь гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тешашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу территореш тIехь бу. Цигахь цара роликаш йоху йохийначу гIишлошна йукъахула герзаш детташ а лелаш, маьрша нах "кIелхьарбоху" шаьш бохуш. Цунах лацна дуьйцура иштта Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а.

Украинехь цIийнда валар кхелехула чIагIдайтина гIалгIайн зудчо

ХIусамда шен вийна хилар тIечIагIдайтина ГIалгIайчуьра Наьсаран кIоштан кхелехь меттигерчу йахархочо. Украинана дуьхьал тIом беш вара иза, 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь велла хила тарло иза, цунах лаьцна йиссинчуьнга хаийтинера куьйгалло, амма официалехь дийна лоруш вара иза хIетте а.

Кхелан сацамехь йиссинчун цIе къайлайаьхьна. ГIуллакхан материлаша тIера хаамашца, цуьнан хIусамда контрактехула гIуллакх деш хилла ефрейторан чинехь цкъа хьалха Къилбаседа ХIирийчохь куп тоьхначу тIеман декъехь. Цул тIаьхьа иза дехьаваьккхинера "ДНР" олучу меттигера талламхойн взводе. Командиран декхарш кхочушдечо бинчу хаамехь йаздарехь, иза доьза вайна "Iалашонаш кхочушъйеш СВО йоьдучу заманчохь " – иштта олу Оьрсийчохь официалехь Украинера тIамах.

Оцу йукъанна кадрийн декъан хьаькаман кехата тIехь билгалдаьккхина ду блиндаж тIе нийса хIоьънаш кхетта, и йаьгначул тIаьхьа "вайна" аьлла. Иск чуйеллачо къастийна, 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь йалх эскархочух лаьтта тоба, цаьрца хилла цуьнан цIийнда а, тIеман тIелатаршкахь нисбелла хилар, цул тIаьхьа цуьнгара хилла хаам бац. 2023-чу шеран лахьан-баттахь тIеман прокуратуро хеттарш дахьийтира йоллу базашка, ГIалгIайчуьра контрактхо лехамашка велира, амма хIетахь дуьйна цуьнгара хилла кост дац. Командираца хиллачу къамелехь аьллера цунах йиссинчуьнга, иза веллачух тера ду, амма тIеман министралла дуьхьал йу официалехь и тIечIагIдан.

Эххар а кхело иск къобалйина, ГIалгIайчуьра вахархо велла аьлла. Оцу кепара сацам оьшуш бара диъ бер кхобучу йиссинчу зудчунна, тIехь да цахиларе терра царна догIу ахча хIоттадайта.

Хьалхо Маршо Радионо йаздира, Къилбаседа Кавказера контрактхойн гергарнаш декхаре хиларх Украинерчу тIаме бахана шайн нах баларх кхелашкахула тIечIагIдайта. Церан декъий тIеман аренашкахь диссина, цундела официалехь уьш байъина лоруш бац. Велла аьлла тоьшаллаш оьшу доьзалашна социалан ахча эца.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG