ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дубровкехь эшам хиллачеран адвокаташа догIуш доцу таIзар ду аьлла Закаевна динарг


Закаев Хьасан.
Закаев Хьасан.

Дубровкехь театр дIалоцуш дакъалаьцна аьлла Закаев Хьасанна 19 шо хан тохар догIуш доцу таIзар ду аьлла эшам хиллачу агIоно.

Адвокато Москаленко Кариннас дIахьедар дина Москох тIеман гонан суьдо шен сацамца аьтто бохийна эшам хиллачу нехан театран центрехь адамаш даларна баккъалла а бехке болу нах карон. Цуьнца цхьаьна Москаленкос ца хаийтина шаьш Закаевна динчу таIзарна латкъам бан дагахь ду я дац бохург.

Шинарин дийнахь Москох тIеман суьдо луьрча хьелашкахь колонехь даккха 19 шо хан кхайкхийра Закаевна. Иза дIалаьцнера Оьрсийчоьно 2014-чу шарахь ГIура-баттахь, 12 шарахь лехначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG