ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зеленскийх лаьцна беламан видеош яьхна Кадыров ша-шена пиар ярна бехкевина Гончаренкос


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Украинан Лаккхарчу радан депутата Гончаренко Алексейс комментарий йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъа а лоцуш, Украинан президентах лаьцна йохучу видеошна. Гончаренкос иза "шена магийначул а тIехваьлла лелош йолу ша-шена пиар" ю аьлла.

Кадыровн телеграмерчу каналехь арахецна хилла шина видео тIехь Гончаренкона "цхьа динамика" гина.

"Кадыров жигара хьийза жухIарган васт лелош, суна хетарехь, циркан майданехь цо болх барна тIе гIур ду гIуллакх. Кхечу агIор, иза жигара ша лоьхуш хьийза, цуьнан "воккха, кхерамечу" стеган васт эхьца вовшахдаьлла Украинехь, "дон-дон" бен ца йиссина", - аьлла украинхойн политика. Къамел дечо тIетоьхна, Украинехь баккъала долу толамаш дахарна меттана, Кадыровна ша-шена пиар йан деза.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу агIоне хIоттийна "Приключения Зеленского" цIе йолу видео. Оцу тIехь Украинан президентах тера волчу актерах йийсархо а хуьлий, Соьлжа-ГIаларчу Кадыровн резеденце вогIу иза, ша Ахмат батальоне дIавазвар а доьхуш. Баккъала волу Кадыров реза ца хуьлу иза схьаэца, "НАТО-н батальонашка" хьажаво цо иза. Иза шолгIа беламан видео хилира хIокху кIирнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен канале хIиттийначарах. Хьалхарчу видео тIехь актеро "Украинан билламза капитуляцин актана" кIел куьйг а яздой, тIаккха "Ахмат – сила" олура.

Зеленскийн вастехь видео тIехь ву Санкт-Петербургера блогер Комикадзе Макс. 148 эзар стаг тIевазвелла долчу шен ютьюберчу каналехь ерриг видеош Украинан президент емалвеш, беламе хуьлу цуьнан. Иштта видеош кхечу гIирсаш тIехь а арахоьцу блогеро, цуьнан телеграмерчу каналан цIарна юккъехь Z элп ду тIетоьхна – иза Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал бечу тIеман пропагандин билгало ю.

Депутат Гончаренко Алексей – Европан Кхеташонан Парламентан асамблейхь Украинан векал ву, иштта фракцийн юкъара "За свободный Кавказ" депутатийн цхьанакхетараллин кхоллархо а ву.

  • Украинехь тIом боьдучу юкъанна Кадыровх оьрсийн агрессин коьрта рупор хилла: шен телеграм-каналехь цо денна дуьйцу нохчийн эскархойн хьалхататтадаларх, цара дендолчух а яздо, иштта йоьшу шен мостагIашна байташ. Чиллан-баттера схьа дуьйна цуьнан агIоне язбеллачийн терахь 60 эзарна тIера шиъ а, ах миллионе кхаччалц лакхадаьлла. Эксперташа масийттаза тидам бира, цуьнан каналехь арахоьцучу фейкашна.
  • Кадыровхоша ма-дийццара тIеман хьалхенехь дакъа ца лоций гучуделира тIеман дуьххьарчу кIиранашкахь, цуьнан меттана цара лелориг - меттигера нах хьийзор, еса гIишлош дIалецар, гайтаман видеош яхар. Цундела "тикток-эскархой" аьлла цIе тиллина нохчийн тIеман тобанашна. Кадыровс дийцинера Украинан президентан Зеленский Владимиран "вадарх" лаьцна, ша тIом боьдучу дозане вахарх а – дерриг а харц хиллера. Гуш-хезаш шайн аьпаш билггал хилча а, оцу гIуллакхо Нохчийчоьнан куьйгалла ца сацийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG