Оьрсийчоьно Украинехь тIеман агресси дIахьочу юкъанна Нохчийчуьрчу эскархой тIамна пайде цахилар бахьана долуш республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца "тамбоцу къамел" хилла, цул тIаьхьа нохчийн тIеман тобанаш Мариуполе дехьа яьхнера. Цунах лаьцна дIахьедина Украинан президентан офисан куьйгалхочун хьехамчас Арестович Алексейс.
"Медузана" еллачу интервьюхь Арестовичо дийцина, Къилбаседа Кавказерчу эскархошна баккхийра эшамаш хиларх лаьцна – цо бахарехь, байъинарш йа лазийнарш мел-кIезга а пхи эзар стаг ву Кавказан республикашкара, шайлахь Нохчийчоь а йолуш.
"Амма суна евза, суна хетарехь, кадыровхойн ковранаш тIе яккхийра тоьпаш а, кеманашца а тохарш дина кхо меттиг яра, 30-40 машен хуьлура цхьана меттехь. Лаьттахь а нисбелира уьш кIелонашна юкъа, ткъа тхан спецназо чIогIа цистира уьш. Церан дог-ойла юьйхира оцу минотехь – ма-дарра аьлча, тхан эскархошца тийсадаларш хилале хьалха, еккъа яккхийра тоьпаш а, кеманаш а бахьанехь", - элира Арестовича.
Цул тIаьхьа, политико бахарехь, Кадыровн "чIогIа томехь доцу къамел хилира Путинца, баккъала тIамна кийча хиларца доьзна". ТIаккха Нохчийчуьра эскархой, Арестовича бахарехь, Мариуполе хьовсийра, цига уьш болчу Кадыров а веара.
"Оцу турпалхочун араваларна [Кадыровна] инарла-лейтенантан чин делира", - тIечIагIдо Арестовичо.
"Медузаца" къамелдечо тIетуьйхира, баккъала долчу тийсадаларшкахь кадыровхоша дакъа ца лоцу, амма "беламе видеош" дIаязйо": "Уьш кхолгIачу йа йоьалгIачу эшелонехь богIу – видеош яхархьама, цхьаъ гайтархьама. Къаьстинчу башха шога доцучу тийсадаларшахь дакъа лоцу цара".
Зазадоккху-беттан 4-хь дуьйна Кадыровс 40-за гергга шен телеграмерчу каналехь дIахьедира украинхойн Мариуполь хIинц-хIинца схьайоккху бохуш, иза ю оьрсийн эскархоша гоне лаьцна, шайлахь Нохчийчоьнан МВД-н а, Росгвардин а тобанаш йолуш.
Охан-беттан 8-хь Соьлжа-ГIалахь Кадыровна инарла-лейтенантан погонаш дIакховдийра.
- Кадыровн тIемалой Оьрсийчохь стенца гIарабевлла бу теллина Кавказ.Реалиино – гучудаьлла, царах дукхаберш Украине кхачале Iазап латторца а, нах байъарца а боьзна хилар. Мел-кIезга царах шиъ лехамашка велла киллераш бу, ворхI стаг дукха наханна тIехь Iазап латторца а, кхел хилале Нохчийчуьра бахархой байъарца а боьзна бу, цхьа эскархо велла лоруш вара.
- Нохчийн Гуьмса гIалара Украинерчу тIеман тийсдаларшка рогIера "шайн лаамернаш" новкъабевлира. Цигахь йолчу оьрсийн спецназан университетехь кечамаш дина цара, дуьйцу ЧГТРК "Грозный" каналан репортажехь.