Чиллан-беттан 15-чохь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листина Оьрсийчуьра цхьа могIа аьрзнаш, латкъамбинера къилбан регионашкара бахархоша а цхъаьна. Тутмакхийн а, митингехь лаьцначу жигархочун а бакъонаш эшийна хиларна тIетайна Страсбург, царна компенсацеш хIиттийна.
Европан Кхеташонна йукъара йаьлчхьана Оьрсийчоьно шена ден тIедахкарш кхочушдеш дац.
"Дмитриев а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула Европан кхело 4 эзар евро хIоттийна Волгоградерчу Дубровин Дмитрийна. 2018-чу шеран дечкен-баттахь лецира иза оппозицин политико Навальный Алексейс хIоттийначу "Харжамхойн гIаттамехь". ХIетахь Волгоградехь араваьллера 300 стаг, Дубровивнан хьокъехь протокол хIоттийра "митинган" артиклехула, ишта 10 эзар сом гIуда а туьйхира цунна. Европан кхело лерина, полицино низамехь доцуш лаьцнера волгоградхо протокол хIоттадале хьалха, оцу меттигехь и хIоттон аьтто боллушехь. Ткъа кхел прокуратурина тIетуьйжура, цо а гойту цара озабезам лелийна хилар.
"Морозов а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхан гурашкахь листина Къилбаседа Кавказера кхаьчна цхьа могIа аьрзнаш. Масала, 2018-чу шарахь стаг верна Гуьмсехь таIзар динчу Дудаев Зеламхана дIахьедина, колони ша дIавуьгучу хенахь шен бакъоанш ларйина цахиларх. Тутмакхашна латтон деза хьелаш ца хIиттийнера, вагонаш тIехйуьзна йара, цIена хIаваъ тоаме дацара. Кхело эзар евро хIоттийна цунна компенсацина.
Оццул мах дIало аьлла лакхахь дийцинчу бахьанаца 43 шо долчу Асадуллаев СаьIидана а, Байсиев Iумарна а. 2018-чу шарахь кхел йинера царна Ростовн кIоштахь волайнхочун могушаллина доккха зен дарна.
2022-чу шеран зазадокху-баттахь Оьрсийчоь Европан Кхеташонна йукъара йаьккхира, Украинана шуьйрачу тIамаца тIелатарна. Цунна дуьхьал жоп лучу Москвано сацам бира тIейогIучу заманчохь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочуш ца бан. Оцу кепарчу омрана куьгйаздира президенто Путин Владимира мангал-беттан 11-чохь.
- Хьалхо байинчу дагестанхойн журналистийн Камалов Хьажамурдан а, Ахмеднабиев Ахмеднабин а бакъонаш йохийна хилар тIечIагIдира адамийн бакъонашкахула йолчу Европерчу кхело (ЕСПЧ). Ахмеднабиевн кIантана 26 эзар евро хIоттийна, Камаловн девешина – 20 эзар евро. Ши шо сов хан йара и гIуллакх луьстуш долу.
- Чиллан-беттан +-чу дийнахь ЕСПЧ-кхело къобалдира Астраханан а, Ростовн Волгоградан а, Краснодарскан а кIошташкара йалх тутмакхана колонихь латтон деза хьелаш хила ма-деззара цахилар. Цара латкъамбора, шаьш сийсаздечу хьtлашкахь латторна, кхелан кхеташонаш йоьлхучу заманчохь аьчкан клетки чохь латтош хиллера уьш.
- ЕСПЧ-кхело диъ эзар евро компенсаци хIоттийра Ростовн кIоштара Таганрогера 72 шо долчу Кучерявый Викторна. Иза лаьцнера 2022-чу шеран зазадокху-беттан 5-чохь Октябран майданахь Украинехь болийначу тIамна дуьхьал пикете ваьлча. Пенсхочунна протоколаш хIиттийра, митинг дIайахьаран низамаш дохорна а, армин "сий дайарна" а. 60 эзар соьмана гIуда тIедожийра пенсхочунна. Кучервый Викторан гIуллакхах лаьцна 2022-чу шеран зазадокху-баттахь йаздира Кавказ.Реалии сайто.