ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жимахволчу Буша а, Клинтона а, Обамас а вовшахтухур ду афганхойн мухIажаршна гIо дан гIертар


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн хилла президенташ Буш-жимахаверг Джордж а, Обама Барак а, Клинтон Билл а, архивера сурт
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн хилла президенташ Буш-жимахаверг Джордж а, Обама Барак а, Клинтон Билл а, архивера сурт

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн хилла кхо президент – республиканхо Буш-жимахаверг Джордж а, демократаш Клинтон Билл а, Обама Барак а – юкъавахна Афганистанера эскарш арадаьхначул тIаьхьа Америке богIучу афганхойн мухIажаршна гIо дан кхоьллинчу керлачу вовшахтохараллина. Цуьнах аьцна хаам бо Американ Аз зорбан гIирсо.

Экс-президенташа а, церан хIусамнаноша а дакъалоцур ду шинарин дийнахь кхоьллина хиларх лаьцна дIахьединчу Welcome.US олучу коммерцица йоьзна йоцчу вовшахтохараллин а, бизнес-структурийн а, кхийолчу цхьаьнакхетараллин а балхана юкъахь.

Керлацу вовшахтохалло динчу дIахьедарца, иза дагахь ю махка богIучу эзарнашна афганхошна гIо дан, оьшу рицкъ вовшах а тухуш, оцу балхана юкъа вовлонтераш а озош.

"Эзарнаш афганхой вайна уллехь белшах белш тоьхна лаьттира… дуьне мелла а кхерамазалла йолуш дар Iалашонца, ткъа тахана уьш шаьш бу гIо оьшуш", - аьлла ду жимахволчу Буш Джорджа а, Буш Лорас а динчу дIахьедарехь.

Клинтон Биллан а, цуьнан хIусамненан, хиллачу пачхьалкхан секретаран Клинтон ХIилларин а векалша цкьачунна комментари йина яц оцу хьокъехь.

Болчу хаамца, кхоьллинчу коалицина гIортор еш ву 280 стаг а, вовшахтохаралла а, шайна юкъахь Microsoft а Starbucks а санна йолу бизнес-структураш а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG