ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист Гаджиев Iабдулмумин маьршаваккхар доьхуш, пикеташ дIаяьхьна ХIинжа-ГIалахь


ХIинжа-ГIалара пикет
ХIинжа-ГIалара пикет

РогIера цхьааллин пикеташ дIаяьхьна ХIинжа-ГIалахь журналистан Гаджиев Iабдулмуминан гергарчара а, цуьнан белхан накъосташа а. Пикете бевллачара тIедожийна, Гаджиевна а, кхинболчу политикан тутмакхашна а дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакхаш совцаде аьлла.

Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а, къайлахчу сервисийн а гIишлошна хьалха иттех сов вара вовшахкхеттарг. Царех масийттаммо акцехь а цхьаьна дакъалецира.

Пикете бевллачарех дIакхийтира тIехбевлла дIабоьлху цхьаболу машенлелорхой а, нах а.

  • Къилберчу тIеман кхелехь луьстуш ду Гаджиев Iабдулмуминан гIуллакх. ГIуллакх толлуш хилла ши оперативан белхахо - Биярсланов Iабдулжафар а, Штибеков Эльдар а левира рогIерчу кхелахойн кхеташонехь.
  • Дечкен-беттан 21-чохь дуьйна хатта долийна Гаджиев Iабдулмуминан дов Ростов гIаларчу тIеман кхелехь. Цуьнца цхьана луьстуш ду, терроризмна ахчанаш латтийна аьлла, бехкевинчу Тамбиев Кемалан а, Ризванов Абубакаран а дов. Бакъоларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакх лору Гаджиев. 2019-чу шеран аьхка лецира Гаджиев цо терроризманна ахча латтийна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG