ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналистан говзалла Оьрсийчохь хIаллакъеш ю, боху журналисташа


Журналисташкахь Новосибирскехь хIоттийна цхьааллин пикет, 2021 шо, Товбеца-беттан 16-гIа де

"Арахьара агенташ" леринчу журналисташна тIехIуьттуш, дуьхьалонан акцеш ю дIайоьлхуш Новосибирскехь. Оьрсийчохь журналистан говзалла хIаллакъеш хиларх, дIахьедо акцин декъашхоша.

"Такие дела" ресурсан журналист Логинова Рита яьлла, "Журналисташ мостагий бац" Хаамийн гIирсаш маьрша хила еза!" аьллачу плакаташца гIалин юккъерчу майдана.

Пикете ваьллачу кхечун плаката тIехь яздина ду: "Iедалхойх лаьцна талламаш бо "Проекто" - цуьнан авторех "арахьара агенташ" бо", "Журналистика - зулам дац".

"Проект" ресурс "ца оьшу организаци ю" аьлла, дIакхайкхийна Оьрсийчоьнан инарла прокуратурано Товбеца-беттан 15-чохь. Юридикан министраллан "Зорбанаш-арахьара агенташ" тептаре язвина Оьрсийчуьра кхин а 8 журналист.

"Арахьара агенташ" лерина ишта, "Проектан" коьрта редактор Баданин Роман а, ресурсан журналисташ - Маняхин Петр а, Чуракова Ольга а, Железнова Мария а, Лукьянова Ольга а.
Тептарехь нисвелла ишта "Открытые медиа" гIирсан коьрта редактор Ярош Юлия а, цуьнан гIовс волу Гликин Максим а, Свобода Радион журналист Маетная Елизавета а.

Тахана хаам бина "Проекто", Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь регистраци йина Project Media, Inc. компани кху деношкахь оьрсийн Iедалхоша "ца оьшу организаци" ю аьлла, кхайкхийна йолу, дIасайохочу новкъахь ю, Оьрсийчохь болх бечу цхьана а журналистца шайн финансашца юкъаметтигаш яц аьлла.

"Проектан" журналистийн коллективо болх кхин дIа а бийр бу, амма цкъачунна кхеташ дац, муьлхачу хьелашкахь. Делахь а, бийр бац цара кхин талламаш, дIахьедина редакцино, шайна гIо латтийначарна баркалла а олуш.

"Коммерцица йоьзна йоцу юкъараллаш - арахьара агенташ" реестре яьккхина юридикан министралло "Институт права и публичной политики" цIе йолу организаци а.

Мангал-бутт бовш полицино талламаш бира "Проектан" коьрта редактор Баданин Роман волчахь а, ресурсан журналистех а, Путинна гергарчу бизнесхочух Трабер Ильях лаьцна доцург дийцина аьллачу гIуллакхна тIехула.

"Проектех" хьовса бахкале, чоьхьарчу гIуллакхийн министран Колокольцев Владимиран а, цуьнан гергарчийн а безачу бахамах дуьйцуш, шаьш бинчу талламан анонс йира журналисташа.

Охан-бутт бовш юридикан министралло арахьарчу агентийн реестер яьккхира иштта "Медуза" хаамийн гIирс а.
VTimes ресурс а дIакхайкхийна "арахьара агент" ю аьлла, и статус еллачул тIаьхьа масех кIира даьлча редакци дIакъевлира цара.

ТIаьххьарчу шерашкахь йохка-эцарца йоьзна йоцу 148 юкъаралла "арахьара агент" аьллачу статусе яьккхина, ткъа царех 137 Оьрсийчоьнан юстицин министраллан сацамца.

"Арахьарчу агентийн" тептаршкахь ю экологин, гIоьналлин, медицинан, бакъонашларъяран юкъараллаш. Фондан жамIашца, оцу реестр юккъера дIаяьккхина 26 юкъаралла, цара шаьш шайн болх сацорна, ткъа 18 кхечу пачхьалкхашкара ахча схьа ца эцарца. Шаьш арахьарчу мехкийн агент йоцийла тIе ца чIагIдинчу 50 хьукматна дуьхьал администрацин гIуллакх айдира.

2012-чу шарахь Оьрсийчоьно тIеэцна коммерци лелош йоцучу вовшахтохараллех лаьцна долчу низам. Цу низамаца а догIуш, махкал арахьара луш долчу ахчанах болх беш йолчу вовшахтохараллашна статус елира "кхечу мехкан агент" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG