ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къам хьехор доьхкучу "нохчийн низаман" критикаша жоп делла Кадыровна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Зорбан гIирсашкахь зуламхойн къам хьехор доьхкучу низаман проектна дуьхьал болчара жоп делла, шаьш патриоташ дац аьлла, шайгара бехкбаьккхинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.

Хьалхо Кадыровс бехкбиллира журналистийн Союзан куьйгалхочунна Соловьев Владимирна а, "Оьрсийчоьнан маршонан а, нийсоанан а партин" лидерна Шевченко Максимна а, бахархойн юкъаралла кхиорехула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу президентан Кхеташонан (ЕСПЧ) декъашхочунна Меркачева Евина а, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах Пачхьалкхан думан депутаташ болчу Затулин Константинна а, Попов Евгенийна а, "Нийсонан Оьрсийчоь - Бакъонехьа" партин куьйгалхочунна Миронов Сергейна а, "Коммерсант" газетан коьртачу редакторан гIовсана Дризе Дмитрийна а, "юкъарчу кураторна" там бархьама – зорбан гIирсашна рогIера бехкам барх инициатива емалъяр.

"Шайн ойла ян а яц шун, патриотизм яц, Оьрсийчохь хьанал къа а хьоьгуш, вехачу хIораннах а доглазар дац, цхьа грамм хиндерг гуш дац шу. ТIаьххьара а, йа Оьрсийчохь цхьатерра бакъонаш хила еза, йа хIораммо а шена-шена хетарг лелош, анархи хилла, йоьхна дIагIур ю", - эргIадвахна Кадыров.

Жоп лучу Шевченко Максима дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхо оцу сийсазечу кепехь шега хIунда вистхилла, кхеташ вац ша аьлла.

"Со цхьаьннан а тайниг яц, со цхьаьннан а пехотинец вац, Рамзан Ахматович, со лелориг сан хьекъал а, кхетам а бу….Хьайн журналисташна хьехалахь, цара хIун яздан а, дийца а оьшу. Суна дийца оьшуш дац, оцу сийсаздечу кепехь муххале а. Со дуьхьал ву зуламхойн къам хьехорна. Дац иза, цхьана депутаташа суна доьхкур ду аларна. ХIунда аьлча, журналисто кхетон оьшу тIаьхьало ю оцу къам хьахоран", - яздина Шевченкос шен телеграм-каналехь.

Иштта журналисто кхайкхамбина Нохчийчоьнан цIарах депутаташ болчаьрга, ФСИН-н системехь къизаллаш лелор толлучу низаман проектана тIетовжа, Iазапаш хьоьгучарлахь нохчий а цхьана бу аьлла.

Кадыровн бехкашна жоп лучу СПЧ-н декъашхочо Меркачева Евас кхайкхамбина юкъараллехь дискусси йоло, билгалдаьккхина, зуламхойн къам хьахорца гамо ца гIаттайо, оцу леларан бухехь долчунна тIекхиаво аьлла.

Нагахь санна, низам тIеэцахь, билгалдоккху журналисто а, бакъоларъярхочо а "Газета.ru" гIирсаца динчу къамелехь, ситуаци абсурде кхача тарло аьлла.

"Эххар а иштта керланаш дуьсур ду вайна: цхьаммо цхьанхьа цхьаъ дина", - дIахьедина Меркачевас.

Депутато Попов Евгенийс дагадаийтина Кадыровна, цо хьахийначу низаман проектан дуьхьалончех цхьа дакъа Оьрсийчоьнан бахархоша хаьржина а, церан интересаш дIакхоьхьу а нах бу аьлла. Иштта Поповс хьахийна, ша ненехула кавказхойн орамаш долуш хилар а, цхьайолу фамили яьккхича, "цуьнан къам а, дин а 90% нийса гучудалар" а. "Фамилеш яхар а дихкича?", - хаьттина Поповс.

Командан агIона тIехь депутато Затулин Константина билгалдаьккхина, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна жоп луш динчу дIахьедарехь: " Патриотизм яц, адамах дог лозуш а вац аьлла, Затулин Константин бехкевечу стагана хууш дац Затулин Константина бечу балхах".

Нохчийчоьнан куьйгалхо бехкаш дохуш, вистхиллачул тIаьхьа, парламентхочун векалша хаамбира, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин депутате кIоршаме комментареш аккаунташкахь язъян буьйлабеллачу ботех.

  • Зуламан декъах хилла, йа бехкехета нах муьлхачу къомах, динах схьабевлла бу билгалдаккхар доьхкуш, федералан зорбанех долчу низамехь хийцамаш байта Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думе низаман проект кхачийна нохчийн парламенто. Документан авторша хьехна, "Хаамийн гIирсех" долчу низаман 4-гIа артиклехь хийцамаш бар.
  • Керлачу Москвахь леттачу "кавказхойх" лаьцна федералан хаамийн гIирсаша зорбане баьхначу хаамаша эргIадбахийтинера Къилбаседа Кавказерчу социалан машанийн сенгментехь. Блогершна ца тайнера, леттарш "кавказхой" бу аьлла, керланийн лентехь яздар а, пачхьалкхо ахча латточу Russia Today телеканалан коьртачу редакторо Симоньян Маргаритас комментарий яр а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG