ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбан гIирсаш: Казахстанехь вийна дуьхьалонан акцийн 26 декъашхо


Казахстанехь вийна дуьхьалонан акцийн 26 декъашхо, 18 чевнаш йина ву, 3 эзар сов стаг лаьцна ву низамаш лардон органийн белхахоша. Цунах лаьцна хаам бина "Хабар 24" телеканало, республикан МВД-на тIе а тевжаш. Тасадаларшкахь кехлхина ницкъаллин структурийн 18 белхахо, чевнаш хилла ву – 748.

Хаамаш бу Iедалан ницкъаша берриг а махкахь шайн караэцна хиларх лаьцна гIалийн а, кIоштийн а хьукматийн гIишлош а, ткъа иштта полицин дакъош а.

Казахстанан президента Токаев Касым-Жомарта Дечкен-беттан 7-хь дIахьедина мехкан ерриг а регионашкахь конституцин къепе меттахIоттийна хиларх а, "антитерроран операци дIахьуш" хиларх а лаьцна.

Цуьнца цхьана, зорбан гIирсаша хаамаш бо, Алма-Атахь герзашца тийсадаларш дIадоьлхуш хиларх лаьцна эскархошна а, дуьхьалонан акцийн декъашхошна а юкъахь. Хезаш ду герзаш детташ, урамашкахь Iохкуш ду кхелхинчу нехан декъаий, лаьтташ ю герз диттина йохийна машенаш. "Алмата" телеканалан тобанна герз тоьхна. Вийна оцу тобан машенлелорхо, журналистана чов йина.

  • Дечкен-беттан 2-хь Казахстанан Мангистау областерчу Жанаозен гIалахь дуьхьалонан акцеш юьйлаелира, цIеххьана газан мехаш тIетохарна дуьхьал. Дечкен-беттан 4-хь дуьхьалонан акцеша лецира ерриг а аьлча санна мехкан яккхийн гIаланаш. Церан декъашхоша экономикан дехаршца цхьаьна дIакхайкхийра политикан дехарш. Iедалша дIахьедира газан мехаш охьадаьхна хиларх лаьцна. Дечкен-беттан 5-чу Iуьйранна Токаев Касым-Жомарта дIасахийцира министрийн кабинет, амма цо ца совцийра демонстранташ.
  • Ерриг а Казахстанехула даьржинчу тийсадаларан а, къепедацаран а эпицентр хилира шинарийн дийнахь дуьххьара ницкъаллин структурийн белхахойн а, дуьхьалонан акцийн декъашхойн а тасадаларш хилла Алма-Ата. Кхаарин дийнахь цигахь, дIа а лаьцна, ягийра гIалан администрацин а, прокуратуран а гIишлош.
  • Токаевс цкъа дуьххьара цхьацца областашкахь а, гIаланашкахь а, ткъа цул тIаьхаь ерриг а Казахстанехь а юкъаяьккхира чолхечу хьолан раж. Махкахь юкъахъяьккхира интернет.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG