ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбанаш: полисхой тешна бу, некъан полисхочунна машен тIетоьхнарг Нурмагомедов Iусман ву аьлла


Лахьан-беттан 11-чохь Каспийскехь Махачкаларчу аэропорте боьдучу некъа тIехь ДПС-н белхахочунна тIетоьхначу машенан урхалла дийриг UFC-н экс-чемпионан Нурмагомедов Хьабибан шича Нурмагомедов Iусман ву аьлла, хета Дагестнерчу полисхошна. Sport.ru гIирсо бина цунах лаьцна хаам. Информаци тIечIагIъеш официалан хьостанийн тоьшаллаш дац.

Ша, Нурмагомедов Iусмана, дIахьедина инцидент хиллачул тIаьхьа хеттарш дечу заманчохь, оцу хенахь машенан урхалла дийриг шен доттагI Идрисов Камал вара аьлла. Дечкен-беттан 11-чу дийне кхаччалц иза СИЗО-хь лаьцна вуьтуш сацамбина кхело. Дагестанан чемпионан шича карарчу хенахь теш санна юкъаозийна оцу гIуллакхна.

Нурмагомедов Iусман а, цуьнан доттагI а лецира Москва схьа ма кхаьчча. Кеманара охьавоьсинчул тIаьхьа, юханехьа Дагестане хьажийра и шиъ хеттарш дан. Цхьана а кепара хиллачух комментарий ца йира йа Нурмагомедов Хьабиба а, йа цуьнан шичас а.

Талламан версица, Дагестанерчу Каспийск гIаларчу "Аэропорт" контролан постехь ГИБДД-н белхахошца цхьаьна полисхой гIоьртира, номерш йоцуш, Iаьржа куьзганаш долу Toyota Camry машен сацон. Амма машенлелорхочо ца сацийра, некъан инспекторна тIе машен а тухуш, къайлаваьллера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG