ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зубайраев Зубайр набахтера араваьлла


Оьрсийчоь - оьрсийн набахтехь латтош Зубайраев Зубайрин даьккхина сурт
Оьрсийчоь - оьрсийн набахтехь латтош Зубайраев Зубайрин даьккхина сурт

Дуьззина 5 шо набахтехь а даьккхина, оьрсийн набахтера араваьлла Нохчийчура вахархо Зубайраев Зубайр. Боцу бехк тIе а хьарчийна чувоьллина хилла Дойкур-эвлара жимастаг онддачу дегIехь а, могуш а вара чу воллале. Набахтера аратакхочу минотехь а цхьана ницкъ бина Зубайраев хIинца заьIап стаг ву. Зубайраев араволуьйтуш уллехь нисвелла адвокат Хадисов Муса цец акъ ваьлла ву шена гинчух.


Волгоградера набахте кхаьччхьана дуьйна цигарчу белхахоша ондда ницкъ беш даккхийтина Зубайраев Зубайре и къиза 5 шо. «Нохчийчохь байинчу оьрсийн миска салтех» бекхам бо бохуш, цуьнан когех хьостамаш диттина, набахтин дарбан цIийне охьавиллича, цигахь ха дечу гIароло букъ кагбина цуьнан. Нохчийчура тIамах чекх а бевлла, набахтешкахь болх беш болу оьрсий гуттар а къиза хуьлу, шайн набахте кхаьчначу нохчочуьнца. Могушалла бахьанехь а низамаша араваккха магийна Зубайраев, нийсса 5 шо чекхдаллалц чохь латтийра набахтин куьйгалло.

«Дийна араволуьйтур вац» шун ваша боху кхерамаш дуккхаза а хезначу Зубайраеван йижарша орца дехнера хIокху беттан хьалхарчу дийнахь адвокате а, бакъонашларъярхошка а. Минусинскера набахте ваханера цу дийнахь адвокат Хадисов Муса.

Хадисов Муса: Шина коган пIелгаш болчу юккъехула хьостамий диттина, аннаш тIе когаш тоьхна хьийзийна иза цкъа. ШолгIа делахь, ГIадужу-беттан 27-чу дийнахь ара а ваьккхина, тIера мел йолу хума дIа а яьккхина, верзина цIена а ваьккхина, буса арахь витина цара (набахтийн белхахоша) иза. ГIадужу-беттан 27 де вай долчу агIора ло дуьллу хан ю иза, шийла хан ю.

Цул сов, ламаз деш хилча а, хьакха ца йиъча а, (хьакхин) дум юьхь тIе хьокхуш хилла цунна. Хи чохь долу пластикан шуьшанаш жимашна тIе диттина, цIий даллалц. Оцу еттарх ца Iебаш, цара (набахтин векалша) кхин а луьра хьелаш долчу набахте дехьаваьккхина иза. Цхьана шарахь кхо таIзар хиллера цунна аьлла, къепе йохош волчу буьрсачу стагана санна набахтин раж хийцина цунна. Минусинскерчу набахте дехьаваьккхина цу кепара.

Бакъонашларъяхоша цIерпоштин тIехь даьккхина видеосурт.




Маршо радио: Араволуьйтучу дийнахь а, Iуьйрре хьала а гIаттийна, кхетам чуьра валлалц юха а йиттина Зубайраевна, бохуш кхин дIа а дийцира адвоката.

Хадисов Муса: Хьала а гIаттийна, цхьана цIа чу вигина, коре тоьхна аьчган цаца хуьлу-кх, дIасадахийтина ши куьг гIоьмашца цу цацанах а тесна, йиттина цунна иза араволуьйтучу дийнахь.
Iуьйрре дина цара иза. ВорхIалгIачух ах долуш аравалийтина, адамана ца гайта, адам доладале.

Суна-м цуьнан юьхь билггал йовза а ма ца евзира. Оллабелла корта бара, цхьа узарш дара деш. Цец ваьлла, ванах, юьхь ма ца евза суна, аьлла, лахара дуьйна юха а цуьнга хьаьжи со. ДегI Зубайраевниг ду, амма юьхь-сибат цуьнаниг дац. Текхош болу когаш цуьнан бу, месаш а евзий суна. Цкъа а гина хIума дацара суна оццул юьхь хийцаялар. "Со вевзий хьуна?" - бохуш мохь битти аса.

Оцу ша долчуьн видео йоккхуш 3 стаг вара. Цхьаъ церан набахтера стаг вара, важа шиъ ца вевзира суна. ФСБера хила там а бара.
Видеош цара хIунда яхара аьлча, иза дийна а волуш шаьш аравалийтина алархьамма. Гайта.

Сурт Iуьйранна дара, нахана иза (Зубайраев) ца гайта. Дийна хIума яра ца араялийтинарг, адамех тера а вацара иза. Цара цунна тIехь динарг!

Маршо радио: Тутмакхаш хилла нохчий маьршабовлуьйтучу дийнахь сих-сиха нислуш хIума ду, кисина я оцу стеган бедаршна юкъа наркотик я патарма а кхуссий, набахтехь неIIарехь уьш дIа а лаьцна, кхин а хенаш токхуьйтуш. Амма аравокхучу минотехь а тIехьа стагана ницкъ бар шена гина хIума дац элира Хадисов Мусас.

Хадисов Муса: Ги а воьллина иза (Зубайраев) схьавалочу муьрехь цунна тIаьхьахIоьттина шиъ набахтин белхахо вара цуьнан коган кIажошна тIе а вазвелла, ког кагбан. Нанна гина иза. Нана тIейодуш ги суна, цо и ши стаг шен кIентан кIажошна тIера дIатоттуш ги суна. Залпаъ бохуш, цунан нана а яра цига еана. Араволучу хенахь а тIаьхьа а уьдуш, тIе хIуманаш еттар... и суна цкъа а гина сурт дац иза аса мел болх барх. Оцу стагана тIехь дина долу таIзар, иза ла далар а доккха хIума ду.

Маршо радио: Австрехь тхов-кIело а карийна, цигахь шен доьзалца вехаш хилла Зубайраев Зубайра, нана могуш ца хилар бахьанехь шен эвла юхавирзина дукха хан а ялале, Iедалша лецира тIемалошна гIротор йина стаг санна. Цуьнан гергарчара чIагIдарехь, ФСБехь болх бечу церан эвлахочо мотт а бина, чуволлийтина вара 2008-чу шарахь 29 шо хилла Зубайраев Зубайр лацар.

Хадисов Муса: ЦIера (Нохчийчуьра) схьа ю и "заказ". Лулахо ву боху цара и арз динарг а. Оцу ФСБена мотт бетташ а, цуьнан белхахо а волуш. Цо аьлла боху "иза аравалахь цо ша вуьйр ву, ара ма валийта".
Ишта маьIна до цуьнан йижарша а. Леррина цунна (Зубайраевна) тIаьхьа бевлла-м бу уьш.

Маршо радио: ХIокху тIедогIучу кIиран дийнахь ладогIа сан «Заманан билгалонаш» цIе йолчу программехь. Аса алссам дуьйцур ду Зубайраев Зубайран гIуллакх лаьцна.
XS
SM
MD
LG