Оьрсийчоьнан боксехь латархо йолчу Семенова Ангелинас бехкевина UFC-н хилла чемпион Нурмагомедов Хьабиб, цхьайолчу спортехь ринга тIе буьйлучу мехкаршна (ринг-герлз) дуьхьал аьллачунна тIехула.
"Дагестанан лаьмнашкахь хиллачу сексизмех воьллачу Хьабиба и йита еза дукха хан ю, нагахь санна, дуккха а хIума хийцаделлачу юкъараллехь ваха ша дагахь велахь. Йа ша схьаваьллачу меттигехь хIиттаде шен низамаш, мацца хийцаделла а, цигара хьелаш а кхуьур ду цкъа мацца а", - дIахьедина Семеновас. Цуьнан дешнаш далийна MetaRatings сайто.
Раундийн номерш тIехь йолу уьнан цуьргаш йохьуш ринге дуьйлу зудабераш - уггар а оьшуш доцург ду ММА-хь аьлла, дIахьединера Нурмагомедовс байначу беттан 23-чохь. Ийначу кепехь долчу латаршкахь цхьана а кепара функци кхочушъеш бац ринг-герлз олу мехкарий аьлла, билгалдаьккхира латархочо.
Хьалхо хаамашкахь яздира, Оьрсийчоьнан журналисто Собчак Ксенияс а бехкбаьккхина хиларх спортхочуьнгара, цо динчу дIахьедарана тIехула.
- UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхира ийначу кепехь латаран чемпион волу дагестанхо Нурмагомедов Хьабиб, цо шен спортан карьера ерзош хиларх дIахьединчул тIаьхьа.
- Стохка ГIадужу-баттахь Нурмагомедовс дегIан лахарчу йозаллехь кхозлагIа яьккхира чемпионан титул, эшийра америкахо Гейджи Джастин. И латар дирзича кхайкхийра цо ша профессионалан спорт юьтуш хилар.
- 32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. Форбсан зерашца, цуьнан бахам бу 12 миллион долларшкахь, хаааме даьккхина "Медузо" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.).