ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламе къамелаш литта дагахь ю Facebook, Twitter, YouTube


ХIинцачул тIаьхьа социалан машанашкахь террорхошца озабезам беш наха яздеш дерг лардан сацам бина Фейсбукан а, Майкрософтан, Твиттеран, Ютюбан куьйгалхоша. Экстремизме чулацам болу сарташ а, видеош а дIаяйъина ца Iаш, уьш яржош берш муьлш бу а билгалдохур ду сайтийн дайша.

„Хьалха хьажий бен ког ма баккха, тIехьа хьажий бен дош ма ала“ боху кица дара дуьххьарчех доллучу дуьнентIера нохчийн кегирхой дахнарг-деанарг дийца гуллуш хиллачу цхьана форуман хьалхарчу агIонна тIехь яздина. ХIетахь я Фейсбук а, Я твиттер а, я Инстаграмм а, я Ютюб а хIинца а кхолланза яра, ткъа интернетехь кхерамазалла я интернетах бала там болу кхерамаш цхьанна а бевзаш я теллина бацара.

ХIетахь дуьйна яьллачу хенахь амма хилам а хилла дIахIоьттина интернет-машано адамашна юккъехь деш долу питанаш а, цу машанехула тайп-тайпанчу зуламхойн я террористийн тобанаша шайн белхаш беш хилар а, къаьстина кегирхошна тIеIаткъам а беш, уьш шайн могIаршка цара бохуш хилар а.

Цхьа могIа Европерчу пачхьалкхаша даханчу шина шарчохь, къаьстина ша шех Исламан пачхьалкхе олуш йолу ДаIиш тоба кхоллаелча дуьйна схьа, ткъа цуо кегирхой интернетехула галмарзах бохуш хилар гучудаьлча дуьйна схьа террорца болчу къийсамех долчу низамашкахь хийцамаш тIеэцна, социалан машанашкахула террорхойн я эксремистийн материалаш яржор зулам санна лоруш болу.

Иштта, масала, Германехь а, Австрехь а ДаIишах лаьцна сарташ я артиклаш я видеош зорбане яхнарш я уьш шайн агIонна тIе хIиттийнарш террорхошна накъосталла деш санна жоьпалле узу Iедалхоша. Къаьстина Австрехь дукха бу и хIума бахьана долуш хенаш а тоьхна, набахте боьхкина кхиазхой а, кегирхой а.

Iедало низамаш луьра динехь а, амма хIинцалца схьа яккхийчу социалан машанийн куьйгалла деш берш туькуш бацара террорхойн я экстремистийн чулацамаш баржочу нахана дуьхьал гIулчаш яха. Цара шайн агIор, нагахь санна цхьана кхечу юзерша я Iедалан белхахоша латкъамаш бахь, и йозанаш дIадайъар бен кхин къийсам цу кепарчу постингашца а, церан авторшца а беш бацара.

ХIинца амма уггаре а йоккхачу еа социалан машанийн куьйгалхойн барт хилла, экстремистийн чулацамаш болу контент дIайайъина ца Iаш, цуьнан авторш муьлш бу талла, цу контентан лерина база кхолла а.

Facebook, Microsoft, Twitter, YouTube – и интернет-технологешкахь коьрта ларалуш йолу йиъ кампани ю керлачу бертан декъа. Шинари дийнахь церан векалша Твиттерехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь билгалдоккхуш ду, цу керлачу информацин базанехула сайтийн белхахойн аьтто хир бу, доллучу дуьнентIехь экстремистийн чулацам болу йозанаш интернетехь яздеш болу нах мичара муьлш бу ган.

Церан иштта таро хир ю, и постингаш, къаьстина шайна чохь сарташ я видеоматериалаш йолу, мича меттера зорбане йохуш ю хаа. ТIаккха цу белхахойн таро хир ю, и материалаш кхечу сайташкахула интернетан бухбацарехь яржа кхиале уьш дIайайъа.

Ша башха и кхераме материалаш яржочеран виртуале пIелгийн лараш яхар санна хIума ду и база кхоллар, ткъа хенаца кхечу интернетца болх бечу кампанийн а бакъо хир ю, цу базах дIакхета я цунах пайда эца, аьлла ду цу дIахьедарехь.

Хьахон догIу, Евробертан интернет-машанехь кхерамазалла ларйарна тIехь къахьоьгучу хьукматийн векалша къаьстина Фейсбук а, Твиттер а, Ютюб а сайташка экстремистийн чулацам баржочу постингашца болу къийсам лакхабаккха бохуш кхайкхамаш беш йолу дукха хан яра.

Иштта, масала, уггаре а алсамох цу хIуманна тIехь зуламхоша пайда оьцуш ларалучу цу сайташна кху шеран бIаьста Евробертан юстицин комиссариато тIедожийнера, зорбане аьлла 24 сахьт далале кхераме я зуламе чулацамаш болу хаамаш дIабайъар.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG