ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Fake-аша яьккхина интернет


Оьрсийчоь -- Iамеркан Оьрсийчохь волчу векалан фейкан сурт. ХIара фотошопаца кхоьллина сурт гайтира Оьрсийчура REN TV телекомпанино.
Оьрсийчоь -- Iамеркан Оьрсийчохь волчу векалан фейкан сурт. ХIара фотошопаца кхоьллина сурт гайтира Оьрсийчура REN TV телекомпанино.

«Францин президенто Олланд Франсуас туйнаш тоьхна Парижехь Обамин мачашна», «Вашингтонерчу КIайчу ЦIанехь, бомбанаш а лелхийтина, чевнаш хилла Обамина», «Iамеркан тIеман кеманаш лелон хIордан кема кхераделла оьрсийн чIерийлецархочух».

Шуна а гина хир бу интернетехь кху кепара харц хаамаш. И болх беш берш дукхачу хьолахь бу, Кремло алапа а хIоттийна, леррина харц, фейк олу хаамаш кхолла охьаховшийна нах.

Бюджетан ахчанах цара интернетехь кхуллу цхьана дийнахь бен болх беш йоцу сайташ. Цу гIуллакхан Iалашо ю информацин аре харц хаамех юза. Масалла санна яло мегар ду хIара сайташ: Fognews, smixer.ru, hobosti.ru lapsha.ru.

Кху сайташ йо Украинана дуьхьал пропаганда: http://usatoday.com.co/ http://politvzor.ru/ http://rusila.su/ http://hollivizor.ru/ http://dumai-sam.ru/ http://aif.mirtesen.ru/ http://vashmnenie.ru/ http://tiras.ru/ http://news-front.info/ http://vestirossii.com/ http://nahnews.org/ http://nevnov.ru/ http://jpgazeta.ru/ http://naspravdi.info/

Говзанчаш дийцарехь, цу тайпа сайт а кхоьллина, тайп-тайпана харц хаамаш баржон хIора дийнахь дайъа деза лаххара а 50 евро. Фейкаш лоьхучу наха гулйина цхьана Оьрсийчохь кхьллина 40 сов сайт ю. Уьш латтон хIора дийнахь деза 20 000 евро.

ХIунда дойъуш ду Оьрсийчоьнан Iедалша оццул ахча? Эксперташа дийцарехь, церан коьрта Iалашо ю интернетехь харц дерг дуьйцу, цундела Оьрсийчоьнан Iедалан телевизионах а бен теша мегар дац бохучух бахархой тешо.

Амма цхьана Оьрсийчохь хилла ца Iа харц хаамаш баржораш. ТIаьхьарчу хенахь, контрпропаганда еш санна, интернетехь гучуевлла Украинехь кхоьллина тарйина информаци яржон сайташ а. Ю уьш кхечу пачхьалкхашкахь а.

Кху тIаьхьарчу шина кIиранах вуно луьра критика ловш ю уггаре а яккхийчерах йолу интернетан ши компани Google а, Facebook а. И шиъ бехке еш ю шайн сайташна тIехь харц хаамаш баржа байтарна.

И бахьана долуш, Google а, Facebook а сацо дагахь ю харц а, тарбина а хаамаш баржочу сайташна тIехь реклама дIахIоттор.

Цунах лаьцна хаам бина The New York Times газето. Google-о шен сацам бовзийтина шинарин дийнахь. Оццу дийнахь Facebook-о а хаам бина, ша харц хаамаш баржорца къийсам латтон дагахь хиларх лаьцна.

Кхузахь дагадаийта деза. Iамеркехь президентан харжамаш дIабирзича Facebook-ана критика йира харц хаамаш совцорехь гIорасиз хиларна. Зорбанан гIирсашкахь хаамаш баьржира, цу серверах пропагандин гIирс хиларо Iаткъам бина кхаж тасарна аьлла.

Амма Facebook-н куьйгалхочо Цукерберг Марка иза харц ду боху. Адамаш сацамаш бо шайна зеделлачух пайда а оьцуш, цара тидаме ца оьцу харц хаамаш аьлла хета цунна.

Интернетехь харц информаци яржорца къийсам дIахьош ю First Draft Coalition цхьаьнакхетаралла. Гезгмашин-баттахь дуьйна цуьнца цхьаьна къахьега сацам бина Facebook-о а, Twitter-о а.

First Draft Coalition кхоьллина стохка Товбеца-баттахь. Цу юкъахь ю интернетан портал YouTube а, The New York Times а, Washington Post а газеташ а, CNN телекомпани а, кхин болу зорбанан гIирсаш а.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG