Батаева Хеда. Цхьаъ дац вай

Your browser doesn’t support HTML5

Батаева Хеда. Цхьаъ дац вай

Батаева Хеда

Цхьаъ дац вай

Цхьаъ дац вай, цхьаъ дац вай, я хила йиш яц вай,
Аш элий лорушберш - суна лай хетарна,
Аш деза лорушдерш - суна дайн хетарна,
Шен ах са эхарта дирзина вехачух
Дуьненах той динарш цкъа а ца кхетарна!

Сан къомо хердинарш - аш гергадалорна,
Сан къомо лардинарш аш генадахарна,
Ас доггах лардинарш - аш дорах дохкарна,
Со ирсе мел йинарш аш лаьттах бохкарна!

Лай элех ловзучу заманахь еха со,
Эла лайх возучу заманахь еха со,
Ас Деле доIа до, доIа до Деле ас:
Сан кIентан Iаьнна цIий ма дайта мехаза!