Батаева Хеда. Оцу йистан хIокху йистана...

Your browser doesn’t support HTML5

Батаева Хеда. Оцу йистан хIокху йистана...

Батаева Хеда

***

Д.

Оцу йистан хIокху йистана
Дала хилла орца.
Оцу йисто хIокху йистера
Совцадина дорцаш.

ХIокху йисто оцу йистана
Мархех суьрташ дехки,
Хьовсархоша оцу йистошна
Луъу цIерш а техки.

Оцу йисто хIокху йистера
ХIордан леча денди,
Оцу йисто хIокху йистера
Стиглан басар сенди.

Хьовсархоша массо йистера
Доьду кема ларди,
Мохо хIора тулгIе листар а
Дагардийцарх тарди.

Оцу хIора йистан шен-шен ду
Мохехь ловзу пису,
Оцу хIора йистан шен-шен ду
Байракх тIера сизаш.

Амма маьлхан серло кхоьлича,
Цхьаъ бу хенахIоттам,
Цхьаммо цхьанна доцург кхоьллича,
Цхьаъ бу тIадам хIоттон.