Нухажиевс бакъ ца до Соьлж-ГIалахь кегийнах лецар

Соьлж-ГIалахь нах лечкъийна боху информаци харц ю, наркотикашна дуьхьало йолийначу акцин гурашкахь сацийна хила тарло аьлла Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис

Маршо Радионо яздира, байначу беттан 21-22-чу а деношкахь Соьлж-ГIалин 7 вахархо лачкъийна вигина полисхоша аьлла, "Мемориал" бакъонашларъярхойн центро бинчу хаамах. "Старопромыслан кIоштарчу Къоман Гвардин 3-чу ротано куп тоьхначу дозан тIехь латтош бу уьш, адамашна лерина доцчу хьелашкахь. Чоь йохъеш а яц, я латтош юург-мерг я яц царна", - яздинера организацин пресс-релизехь.

"Махкахь наркотикашна дуьхьал йолийна рейдаш ю дIахьош. "Мемориало" буьйцу нах хила тарло полисхоша спецоперацехь сацийнарш", - аьлла Нухажиев Нурдис.

Шайн цкъачунна хаа аьтто хилла лецначарех кхачам боццу информаци а Iораяьккхинера "Мемориал" центро. Уьш бу:

Дикаев Зелимхан, 32 шо, Соьлж-ГIаларчу Заводской кIоштан вахархо;

Олхазар, хила тарло иза Сулейманов (онкологин хирург), 32–33 шо;

Ахматов Хьусейн, Старопромыслан кIоштан вахархо, 25 шо;

Шадаев Шадид, Войково поселок, Соьлж-ГIала, 32 шо хила там болуш;

Зайнди (фамили къастош ю), Войково поселок, 32–35 шо хила тарло;

Мохьмад (фамили толлуш ю), Войковера, 32–35 шо долуш хила тарло.

Талламан Комитете а, Оьрсийчоьнан президентан цIарх бакъонаш ларъечу бакъонашларъярхочуьнга а информаци дIакхачор ю шаьш аьлла бакъонашларъярхоша.