Юсупов Iилман. Ма баха со хьайна вицвелла..

Your browser doesn’t support HTML5

Юсупов Iилман. Ма баха со хьайна вицвелла...

Юсупов Iилман

Ма баха со хьайна вицвелла тоххарехь,
Хьайн гIенийн хьаша со хилча.
Сан тIома шабар ду хьан къинойн могIарехь,
Мел хьуна хетахь а ирча…

Цецъюьйлуш ма хьежа сан ирсан майданах
Шераша даьккхинчу кесе,
Хьайн гIулч яй со вовзарх хиллачу пайданах,
Яккха и сан некъан иэсе.

ХIан-хIа, хьо ца яьлла со лиехна хIинца а,
БIаьрсица адамаш лоьxуш.
Со хьуна юххехь ву сица а, цIийца а,
Хезаш ахь ховха садоьIуш.

Стигалан сийна кир берриг а лилхина,
Мархаша тIе сизаш хьоькхуш…
ХIинца а ца яьлла хьо суна йилхина,
Безаман чIир суна йоькхуш…