Юсупов Iилман. Седане

Your browser doesn’t support HTML5

Юсупов Iилман. Седане.

Юсупов Iилман

СЕДАНЕ

Бус-буса сан ойла тIеийзо марзбелла седа,
Байбеш сан синлазам, ахь говза йо суна гIоли.
Суьйранна малх бузуш болало хьо суна къеда,
Iуьйранна cатосуш дIабов хьо, баьгна а болий.

Генара лепа хьан дуьне ду – цIеран дарц тIома,
Ткъа, нур хьан мел сирла лепахь а, ду чIогIа къена.
Шийлачу шелонца хьо хIунда хьоьжу соь гома -
Экамчу буьртиге Лаьттарчу йовхачу ченан?

Моттало сих-сиха, дийна а буй-те хьо, олий,
Седарчий делча а, серло ца ле олу церан:
Эзарнаш бIешерийн боданех майрра чекхйолий,
Хета и схьайогIуш есаллин чкъура юккъера.

Хьо белла Iиллахь а, хьан долахь стигал ю сийна.
МIаьргонан IиндагIа ду со хьан кхолламна хьалха.
Седарчийн тобанехь хьо цхьаъ бу со санна, тийна.
Адамийн пхьоьханехь со а ву хьо санна, цхьалха.