Тбилисера сингаттаме буьйса, карарчу хенан хьал

Гуьржийн хаамийн гIирсаша бечу хаамашца, яхначу буьйсанал маьрша ю Iуьйре Тбилисехь. Гуламхойн цхьа дакъа лаьцна полицино, важа – дIасадахана, яздо IPN агенталло.

Сатосу хан тIекхаччалц шахьаран массийтта меттехь бара протестхой – Руставелин, Меликашвилин, Коставин, Варазисхеви майданашкахь. ХIинца маьрша ду урамаш, дIасалела транспорт.

Шахьаран коьртачу метте – Руставелин майдана – баха гIоьртира гуламхой сатоссуш, амма полицино рогIехь бихкира некъ.

Ницкъхой бевлла резаьнкин герз деттарца, бIаьргех хидоккху газ яржорца гуламхой дIасалаьхкина.

КХИН А ХЬАЖА: Тбилисехь – гулам: парламентан спикере, полицин, къайлахчу сервисан куьйгалхошка даржаш охьадахка боху

Протестхой жима тоба вовшахкхетта Тбилисерчу университетна хьалха, Чавчавадзен майданахь, аьлла бу хьал тергалдечу Гуьржийчуьрчу Маршо Радион журналисташкара тIаьххьара хаамаш.

КХИН А ХЬАЖА: Гуьржийн Iедал а, протестхой а вовшашца лараме хиларе кхойкху Тбилисерчу Iамеркан векалто. Телхаш ду шахьарара хьал

Тбилисерчу телевизионаш а, агеталлаша а жамIаш до буса лаьттинчу хьолан: гулам дIасабоккхуш лазийна иттанаш нах, протестхой а, полисхой а.