Саралиев – "Скандинави-пачхьалкхах": "Географи тоъал евза суна"

21 шо кхаьчна воцчу вахархочунна маларш цадухкуьйту низам юкъадаккха дагахь ша хIоттийначу проектах лаьцна дуьйцуш, Нохчийчоьнан цIарх Пачхьалкхан Думин депутат волчу Саралиев Шамсаила охьаягарйинера и тайпа низам лела пачхьалкхаш. Яра царалахь "Скандинави" а. Ишта пачхьалкх янне а яц, Саралиевна георграфи ца евза, аьлла, цуьнан йоза беламе даьккхира журналисташа.

Прессехь оцу хьокъехь информаци яржийначарна жоп делла Саралиев Шамсаила. Георгафи хаарца дерриг а дика ду цуьнан.

"Скандинави" пачхьалкх йоцийла хаьа шена, гIалат ларамза нисделла, яздо Саралиевс

"Хьомсара доттагIий, коллегаш, георгафи тоъал дика евза суна! Низамашца болхбеш вуно дукха информацин хьасташна йоьшу ас, луьсту иттаннаш талламаш, аналитикан хаамаш, уьш бохку масална айса далочу тоьшаллашка. Массех вариант яра ас кечдечу низам оьшуш хилар гайта яздечу кехатан, цундела ларамза нисделла сан йозанехь оьшуш доцу дош. Бакъ лоь шу, "Скандинави" дош сов ду ас охьаягаръечу пачхьалкхийн могIарахь, Скандинаверчу мехкийн цIерш ас ишта а яьхна хилча. Тахана Iуьйранна, сайн документ дIанисдар доьхуш, кехат кечдина ас. Харц нисъелла меттиг дIанисйийр ю", - аьлла Саралиевс.

Депутато баркалла аьлла журналисташна "ларамза даьлла гIалат" шена гайтарна.