Tesla хIоьттина Iамеркехь уггар еза машенаш арахоьцу компани

Tesla машенаш юхку туька

Tesla автомобилаш йон компани Iамеркехь уггар еза еза а хилла дIахIоьттина машенаш ечу заводашна юкъахь.

Нью-Йоркскерчу биржехь цуьнан акцеш цхьана еарин дийнахь язйелла 17 %. Reuters агенталло билгалдаккхарехь, Маск Илона кхочушдина ша дийр ду аьлларг, цуьнан аьтто баьлла кхоалгIачу кварталехь компанина пайда хилийта.

КХИН А ХЬАЖА: Tesla Model 3 электромашен гайтина Маск Илона

Tesla мах бу карарчу хенахь 53 миллиард доллар. Иза хьалхаяьлла 51 миллиард доллар капитализаци (дIайухкуш лур болу мах) йолу General Motors.

КхоалгIачу кварталехь 143 миллион доллар шайна пайда хиларх лаьцна компанино хаам бина кхаарин сарахь.