Нухажиев тIехIоьттина набахтехь волчу Кадыровн векална

Нохчийчуьра омбудсмен Нухажиев Нурди

Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис Оьрсийчуьрчу шен коллеге Москалькова Татьяне а, гIалин прокуроре Попов Денисе а кехат дахьийтина, махкарчу Цицулаев Рамзанан конституцин бакъонаш Iалашъярца. Лаьцначун хIусамнанас Цицулаева Розаз дехар дина шега аьлла Нухажиевс. Зудчо бахарехь, бехкзуламан гIуллакх дуьхьал а даьккхина, 18 бутт бу цуьнан цIийнда лаьцна Москвахь волу.

Цхьа могIа кеп-кепара лазаршца ву шен цIийнда, хIетте а изолятор чохь латтош ву иза, цунна оьшу лоьрийн дарба а доцуш. Цул совнах, кхеле иза дIасалелочу машен чохь вентиляци а яц, шийла а хуьлу, цуьнан дIасавигар ворхI сахьте долу аьлла, латкъамбина Цицулаева Розас.

Оьрсийчоьнан низамашца, лаьцначуьнца хала лазар гучудалахь, цунна таIзар малдан бакъо хиларна тIе терго узу Нухажиевс. И дерриг а чоьте а эций, Цицулаевн гIуллакх аттачу даккхар доьху нохчийн омбудсмено.

Оьрсийчоьно а, Нохчийчоьно а дуккха а совгIаташ дина Цицулаевна, политологин Iилманийн кандидат а ву иза аьлла, билгалдаьккхина Нухажиевс.

Маршо Радионо яздира шен сайтехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Украинехь векал лаьттина Цицулаев Рамзан сацийна Брянск кIоштахь аьлла, Росбалтан хаамшан тIе а тевжина 2017-чу шеран ГIуран-баттахь.

Талламчийн версица, 2014-чу шарахь бизнесхо Закриев Iела лачкъа а вина, цуьнгара 100 миллион сом даккха гIиртинчу тобанца хилла ву иза.

2014-чу шеран ГIуран-баттахь федералан лехамашка веллера Цицулаев. ТIаьхьо, иза Оьрсийчохь цахилар къаьстича, дуьненаюкъарчу лехамашка велира. 2017-чу шеран гурахь Оьрсийчохь каравеана Цицулаев, Москохарчу СИЗО-хь латтош ву.

Карладоккху, дахначу шарахь йоьдучу шен пресс-конференцехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана элира, оьрсийн набахтешкахь нохчийн тутмакхашна тIехь ницкъбарх журналисто шега хаьттича: "Шаьш курорте дохуьйутуш ду моьттура царна? Цара зуламаш лелийна: нах байина, лечкъийна, къоланаш дина, машенаш идийна. Набахте яй иза-м. Кисловодскера санаторий ма яц иза. Дера хIета ледара хьелаш а хир ма ду".