Нохчийн яздархо Уциев Абу кхелхина

Яздархо Уциев Абу

Нохчийчохь кхелхина 66 шо долу гоьваьлла яздархо, културан хьакъволу белхахо, Оьрсийчоьнан яздархойн Союзан декъашхо Уциев Аюб.
1954-чу шарахь дуьненчу ваьллера Уциев. Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет а, юридикан техникум а, Волгоградан индустрин-педагогикан техникум а, архитектуран-гIишлошъяран академи а чекхъяьккхина цо.

Белхаш бина Уциев Абус Шелахь арадолучу "Коммунизман байракх"
газетехь а, иштта, Соьлж-ГIалахь арадолучу "Ленинан некъ" газетехь а. Къахьегна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь а цхьаьна.

Школехь доьшучу заманчохь волавелла иза стихаш язъян. Зорбане йийлина цуьнан поэзи республикехь арадуьйлучу газеташкахь а, журналашкахь а, гуларшкахь а. Боккха болх бина цо нохчийн фольклор толлуш, дIаязъеш, арахоьцуш.