ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:04:22 0:00
Линкана тIе

Кху кIиранах 7 шо кхаьчна Нохчийчоьнан культуран министраллан тховкIелахь къоман културан хазна кхиорхьама аьлла, экспертан кхеташо кхоьллина. Цу юккъехь махкахь бевзаш болу артисташ а, яздархой а, кхечу, кхоллараллин тIегIанехь къахьоьгу нах бу.

Културан министраллехь шен хеннахь кхоьллина аьлла хета и кхеташо. Цуьнан декъашхоша тидамехь латтайо республикехь ара мел йолу эшарш а, иллеш а, байташ а, култураца доьзна кхидерг а, къоман ламасташца а, цуьнан сий-ларамца а.

Оцу кхеташонна юкъахь ву махкахь вевза байтанча, литератор Уциев Абу. Цо юьхьанца дийцира и кхеташо кхолларан бахьанех: "Махкахь тIом хилар бахьана долуш, массо а язъян волавелла. Бала а, гIагIа а нахех тешош Iедал ма даций нохчийн. ХIора а язъян волавалар дика хир ду царна шайн дог дастарна, амма мел язйинарг иллеш а, эшарш а йина нахе даккхар зуламе хир ду.

ХIунда аьлча, шен чулацам хила беза, Iалашо а хила еза. ХIораммо язъеш а, дIаолуш а хилча, нохчийн халкъан поэташ а, яздархой а хир бацара. Уьш могIарера нахаца къестош а хир бацара".

Нохчийн культуран тIегIанехь, къаьсттина эстрадехь ондда дехкарш ду юкъадаьхна духарца а, дIаолучу репертуарца а, артистан сцени тIехь леларца а.

Хьалхатеттина ду кIант а, йоI а,вуно чIогIа оьзда а, эсала а хила дезаш хилар. Къаьстина юхьарлаьцна ю, шуьйрачу хьовсархошна хьалхахь дIаолу эшарш а, иллеш а. Царех дукха ю нехан кхеле йилла мегар йоцуш, аьлла кхиин дIа а дуьйцу оцу кхеташонан декъашхочо Уциев Абу: "Цхьаммо язйина яийтина цхьа байт ю. Волалучу хенахь "дуьххьара хьо гина хьоьга безам бахна" боху цо. ШолгIачу байтехь "Дикка хан ю вай вовшашна девза, ахь суна харцо йина" боху цо.

Ерзаран байтехь "хьо хийистехь лаьтташ ю, со дIавогIур ву" боху цо. ХIун ала гIерташ ву иза? Цуьнах ца кхета иза. Чулацам а, бух а ца хилча, хIун иллеш хазор ду нахана? Оьрсийн ю-кх цхьа йиш "я оглянулся посмотреть, не оглянулась ли она, чтоб посмотреть, не оглянулся ли он", бохуш. Изза ца хилийта, илли пайда боцучу ца даккхийта кхоьллина ю тхан экспертан кхеташо".

Луларчу къаьмнийн културера Iаткъам беш бу цхьаболчу нохчийн йишлакхархоша а, иллиалархоша а, аьлла хета Уциевна. Иштта, кхиаме технико а, тIаьхьатоттуш бу дечиг а, кехатан а пондар.

Цундела, оцу экспертан кхеташоно бечу белхан мах кхана-лама бен хуур дац, элира цо: "ТIом болчу хенахь кхечу мехкашкахула лелла цIабирзиина нах. Суьйлийн а, гIумкийн а иллеш ду алий шайна ма луъу дIаала, амма и мукъамаш нохчийн бу бохуш ма ала.

Цхьа а бахьанаш а доцуш, ноташ а ца евзачо мукъам баьккхина ша аьлла, тахана юкъаяьлла техника хьалха а яьккхина пондар дIабаккхар нийса дац. И хIума цIандар, цацанехула литта а литтина вайн къоман и жовхIарш лардар хIора нохчочунна тIехь ду. Дала мукъалахь цу тIе вай догIур ду аьлла а хета суна", аьлла, чекдаьккхира шен къамел Уциев Аюба.

Културан министраллехь болх бечу экспертан кхеташонан болх дехкаран ницкъ болуш дац. Цуьнан хьехам бан бен бакъо яц, амма таханалерачу Нохчийчохь, иза а тIехсов тоам болуш хIума ду, цара магийна доцург кхин дIа а ца дан.

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG