Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Битаров Вячеслав мукъаваьккхина даржах. Цуьнан меттиг дIалоцур бу Сибрехарчу президентан векала Меняйло Сергейс.
"Хенал хьалха Къилбаседа ХIирийчоь-Аланин куьйгалхочун дарж мукъадаккхарх" долу омра президента арахецарх лаьцна хаам бу Кремлан сайта тIехь.
КХИН А ХЬАЖА:
"Битаровна эхь ца хета? "Уьнна дуьхьаллаьттачу медикашна догIу ахча ца луш меттигаш ю Къилбаседа ХIирийчохьРеспубликан куьйгалле хIоттар дехна президента Путин Владимира Меняйлога, боху "Интерфаксо". Важа резахилла.
Битаров даржера дIавоккхуш хиларх лаьцна яздира масех интернет-ресурсо. Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун администрацино иза фейк ю, элира.
"Со кхеташ яц иза стенгара даьлла. И тайпа эладитанаш кест-кеста даржадо, амма кху тIаьххьарчу баттахь жигара даржадоьлла иза", - бохура Iуьйранна мехкан куьйгалхочун пресс-векала Сабанова Фатимас.
- 2016-чу шарахь дуьйна вара Битаров Вячеслав Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун даржехь.
- Къилбаседа Кавказан мехкийн куьйгалхойх тIаьххьара даржах мукъаваьлларг ву Дагестанан куьйгалхо Васильев Владимир, цуьнан метте ханна хIоттийна 2020-чу шеран гурахь Меликов Сергей.