Туапсе гIалина гергахь мехкдаьтта Iаьнна хIорда чу

Талламчаш зуьйш бу Краснодар-махкарчу Туапсе гIалин луьйчийлашка, Iаьржа хIорда йисте мехкдаьтта гулдалар. Юьхьанца болчу тидамаша гойту хин бухахула йоьлхучу биргIанашкара и схьадаьлла хилар, хаам баржийна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан транспортан урхалло Стигалкъекъа-беттан 25-чохь.

Туапсе кIоштан администрацин официалан сайтехь а ю мехкдаьтта даржарх йолу информаци. Муниципалитетан пресс-векалто бахарехь, мехкдаьттан томмагIа дIадаккха арадаьлла ялх нинкема, акватори тIе тесна 1,3 тонна мехкдаьлла тIегулдеш йолу абсорбент.

КХИН А ХЬАЖА: Стенна ца доккху теллина "экологийн дов"?

"Сайна хуург аьлча, буса бен ца буьйлабелла Iаьнна мехкдаьтта гулдан. Оха прокуратуре хилларг Стигалкъекъа-беттан делкъехь хаийтинехь а. Амма селхана муниципалан а, мехкан а хаамийн гIирсаша тийналла латтийра хилларг боккха бохам боллушехь", - бохура Кавказ.Реалиига Краснодар-махкарчу "Баьццарчу лигин" декъан куьйгалхочо Витишко Евгенийс.

Цунна хетарехь, хилларг къайленехь дита лиина Iедална туристизманна новкъарло цаярхьама.