Нурмагомедовн гергарчо бахарехь, Кадыровца иккхина къовсам бирзина

Eagle FC лигин президента Завуров Шемала хаам бина, ша къамел дина Нохчийчоьнан куьййгалхочуьнца Кадыров Рамзанца, цо иэйинчу кепехь латархочух, дуьненан экс-чемпионах Нурмагомедовх иза "UFC проект" ю аларца долчун хьокъехь, аьлла. И фраза яра нехан дискуссехь, ца тайнера дуккха а адамашна.

"Охашимма Кадыровца юкъахь листина ситуаци, барт хилла кхоччуш. Кхин оцу хьокъехь къамелаш хир дац. Рамзан Ахматовича элира шена хетарг, цуьнан дешнашца ца хилла цхьа а гамо", - билгалдаьккхина "Спорт-Экспресс" газетанна ша еллачу интервьюхь Завуровс (Нурмагомедов Хьабибан маьхча ву иза).

КХИН А ХЬАЖА: Катуху борз. UFC-н латархо Чимаев стенна оьшу Кадыровна?

Завуров Шемала хаийтина дуьненан экс-чемпионан шича, Нурмагомедов Абубакар а, нохчийн UFC-н латархо Чимаев Хьамзат а октагонехь цхьаьнакхета мега, аьлла. Кадыровс Чимаевца лата кхойкхуш аьлла дара Нурмагомедов Хьабибах "проект".

"Абубакарний, Хьазатний юкъахь латаррий? Хила тарлуш ду-кх иза. И шиъ цхьана йозаллехь а ву (юккъерчу бараман йозалла – ред.) UFC-на лаам хилахь, тарлуш ду ишта нисдала. Иза церан бакъо ю. Проблема яц", - аьлла Завуровс.

КХИН А ХЬАЖА: Хьабиб "UFC-н проект" ю, "Ахматан" векалца иза летарг цо доьхху ахча ло ша, боху Кадыровс

2021-чу шеран Зазадоккху-баттахь Нурмагомедов Хьабиб, цо шен карьера ерзорца доьзна, ваьккхира UFC-н массо а рейтингашкара – ша спорт юьту элира дагестанхочо-чемпиона стохка, америкахо Гэтжи Джастин ша эшийначу Гадужу-беттан 24-чохь.

  • 31 шо долчу Нурмагомедов Абубакара UFC-хь шен хьалхара толам баьккхира Зазадоккху-бутт бовш, Лас-Вегасерчу турнирехь Цхьаьнатоьханчу Штаташкара Гуден Джаред эшорца. 16 тоьлла иза иэйинчу кепехь латарехь, кхузза эшна, цкъа эшам-толам боцуш дерзийна цхьаьнакхетар.
  • 27 шо долу Чимаев Хьамзат 9-зза тоьлла (кхузза –UFC-хь). Эшна вац цкъа а. Дуьненна цуьнан цIе евзира 2020-чу шеран Товбецан-баттахь, цо Къатарехь итт денна чохь ши толам баккхарца, дуьненан рекорд хIотторца.
  • Кадыровс " UFC-н проект" ю элира Нурмагомедовх, иза Чимаевца лата а кхойкхуш Стигалкъекъа-баттахь. Наха шаьш резабоцийла хоуьйтуш, социалан машанашкахула ша гезваха волийча, Кадыровс ша ца воллура дагестанхочунна вониг ала, бохура.