Нурмагомедов гIур вац "Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Гуьржийчоьно а санкцеш тоьхначу" Абхазе

UFC-н ийиначу кепехь латтаран чемпион волу Нурмагомедов Хьабиб ваха лерина вац Дуьненаюкъарчу бераш Iалашдаран дийнахь, Мангал-беттан 1-чохь, Абхазе. Спортхочун менеджерна Магомедов Ризванна тIе а тевжаш, иштта хаам бина ша-шех пачхьалкх олучу республикан пачхьалкхан кхеташоно Стигалкъекъа-беттан 29-чохь.

Визит юхаяьккхина "Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Гуьржийн а агIор Америко шена елла виза дIаяккхарх а, UFC-ца лела юкъарло а, Америкаца долу контракташ а дохарх болчу кхерамца доьзна", аьлла Магомедовс, боху "Эхо Кавказа" проекто.

Абхазин агIоно бахарехь, хьалхо Нурмагомедовс ша телефонан къамелехула дош деллера Абхазин президентна Бжания Асланна хьошалгIа ван.

КХИН А ХЬАЖА: Абхази а, Къилба ХIирийчоь а йозуш йоцу пачхьалкхаш лору Асада

"Нурмагомедов Хьабиба баркалла боху халкъанна, цуьнан къоначу спортхошна шех доглазарна а, шегахьа хиларна а, амма хIоьттинчу хьолаца доьзна хоуьйту шен вогIийла цахилар", - хаам бина Абхазин Iедалхоша.

Пачхьалкхан спортан урхалло хаам баржийна, Хьабибан ден Нурмагомедов Iабдул-Манапан цIарах йолчу латархойн школо тIеоьцур бу Абхазера спортхой, кечбийр бу уьш Оьрсийчуьрчу а, дуьненаюкъарчу а къовсамашкахь дакъалаца, аьлла. Оцу школе хьовсо республикан кегийрхойн а, спортан а комитето спортхой хоржур бу карабогIучу шина баттахь.

  • 2021 шеран Зазадоккху-баттахь Нурмагомедов Хьабиб цо карьера ерзорца доьзна ваьккхира UFC-н массо а рейтингашкара. Ша спорт юьтуш хилар дIахьедира цо америкахо Гэтжи Джастин ша эшийначу дийнахь – стохка ГIадужу-беттан 24-чохь.
  • Цхьанакхеттачу къаьмнийн организаци юкъайогIучу дукхахйолчу пачхьалкхаша Гуьржийчоьнан дакъа лору Абхази. Оьрсийчоьно къобалйина цуьнан пачхьалкхалла 2008 шарахь. Абхазино барт хIоттийна Оьрсийчоьнца цуьнан эскарш шен территори тIехь латто.

Текстехь нисъяла тарло ша-шех пачхьалкх лоручу Абхазехь лела терминологи а, топонимаш а.