Тутмакхаш карзахбовлар охьатаIийна Владикавказерчу № 1 колонехь

Гайтаман сурт

Ницкъаллин структурийн белхахоша юхатоьхна Владикавказерчу № 1 йолчу колонехь хилла къепедацарш, хаам бина РИА Новости агенталло, цIеххьана цхьаъ хилча болх бан йолалучу сервисийн векална тIе а тевжаш.

"Колониехь 600 гергга стаг ву, церан меттахбовлар аьтто баьлла охьатаIо", - аьлла цо.

Агенталлина хаам бинчу хьасто дийцарехь, инцидент хилла Владикавказерчу Карабулакан урамехь йолчу колонехь. Къепедацаршкахь эшам хиллачу нахах лаьцна хаамаш толлуш бу.

КХИН А ХЬАЖА: Ши стаг а вуьйш, тутмакхаш вовшахлетта Хабаровскан махкарчу колонехь

Къилбаседа ХIирийчоьнан омбудсмена Цгоев Тамерлана дийцарехь, хьал караэцна ду, колони гоне лаьцна ю.

"Штаб болх беш ю.. периметр гоне лаьцна.. хьал тергонехь латталуш ду", - билгалдаьккхина омбудсмена.

Оьрсийчоьнан ФСИН-н Къилбаседа ХIирийчуьрчу урхалло дийцарехь, къепедацаршна хилла шина тумакха питана тасар бахьана долуш.

"Хьалха дуьйна хиллачу планаца чубоьхкинчарна талламаш беш, ШИЗО-хь (гIуданан изолятор) латтош волу ши стаг дуьхьалваьлла колонин белхахоша шайга де бохучунна", - дийцина хьукматехь. -И шиъ гIоьртина колонин болх бохо, кхечу тутмакхашка къепедацарш доладе аьлла, кхайкхам а бина. Оцу питано меттахбаьхначу цара массо а хIума хIаллакхдан долийра, керташ а кегйеш, видеокамерш а йохош".

РИА Новости агенталло билгалдоккху хьал куьйгакIелла эцна хилар ФСИН-ан куьйгалхоша а, бакъонашларъярхоша а. Москварчу Юкъараллин тIехьажаран комиссин секретара Мельников Алексейс бинчу хаамца, Владикавказехь чубоьхкинчу нехан латкъамаш тIеоьцуш бу цара телефонехула.