Харжамийн шолгIачу муьрехь оппозици эшна "Гуьржийчоьнан сатийсам" партина

"Цхьааллин къоман болам" партин хьалханча Мелия Никанор

Гуьржийчохь ГIадужу беттан 31-хь Iуьйранна сатоссуш дIадирзина кхаьжнаш дагар дар муниципала харжамийн шолгIачу мурехь. Кхажтасар дIадахара шот дийнахь 30-хь. "Немцойн тулгIено бинчу хаамца, Iедалехь йолчу "Гуьржийн сатийсам" партин кандитаташа толам баьккхина 20 муниципалитетех 19-хьа, ша аьлча Тбилисехь а, Кутаисехь а, Батумехь а, Потихь а, Руставехь а.

Цаленджихан муниципалитетехь, Гуьржийн малхбузехь, толам баьккхина оппозицин "Цхьааллин къоман болам" партин кандидата Харчилава Гиоргийс.

КХИН А ХЬАЖА: Саакашвилиc дIахьедина, таханлерчу харжамашкахь къаста мегаш бу шен кхоллам аьлла

Харжамийн коьртачу комиссино далочу терахьшца, карарчу хенахь Тбилисин волчу мэра Каладце Кахас гулдина 55,6% кхаьжнаш, ткъа цуьнан конкурента оппозицин "Цхьааллин къоман болам" партин кандидата Никанор Мелия – 44,4%.

Руставехь тоьлла Лацабидзе Нино, Батумехь – Чиковани Арчила, Кутаисехь – Хахалеишвили Иосеб, Потехь – Вачарадзе Бекас. Кхажтасаран каппашка харжамхой шолгIачу муьрехь бахкар хилла 49%.

Гуьржийчоьнан оппозицино дIахьедина харцонаш лелийна хиларх лаьцна, иза реза ца хилла муниципалитетийн харжамийн шолгIачу муьран жамIаш къобул дан. "Цхьааллин къоман болам" партин хьалханча а, Саакашвили Михаилан накъост а волчу Мелия Никанора кхайкхина махкахой "маслаIат доцучу къийсаме".