Шена дуьхьалболчаьрца йистйаккха аьлла Кадыровс, терроризмана бехкевинчу Нохчийчуьра вахархочуьнгара францхойн махкалла дIадаьккхина, Венехь митинг хIоттийнера депортацин набахтехь нохчо кхелхинчул тIаьхьа – кхунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 44-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Your browser doesn’t support HTML5
Шена дуьхьалболчаьрца йистйаккха аьлла Кадыровс | МАРШОНАН ПОДКАСТ #44
Шена дуьхьал берш хIаллакбе аьлла нохчийн куьйгалхочо
Оппозицин йукъараллийн авторш, "уьш миччахь хилахь а" хIаллакбе аьлла кхайкхамбина Ночхийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу кепара дIахьедар дина цо, Керла шо герга кхочуш Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, Росгвардин а командирашца дIайаьхьначу кхеташонехь. Дагадоуьйту, дахначу шерашкахь Кадыровн Iедална луьйш болчу цуьнан дуьхьалончашна кIелонаш йира Европехь, Туркойчохь, иштта кхечу мехкашкахь а.
Оцу кхеташонехь Кадыровс а, ницкъахоша а дийцаредора "хийрачу идеологина дуьхьалойарх" - иштта билгалдаьккхира махкарчу Iедалхоша, Кадыровс ма-аллара, "дозанал арахьа" болх бен тобанийн хьалхчанчаш "тIекхуьучу чкъуран коьртешна социалан машанашкахула а, мессенджерашкахула а Iаткъам бан хьийзар. "Террорхой" аьлла Кадыровс оппощицин йукъараллийн авторех, кхайкхамбина, кхечу мехкийн дозанаш тIехь уьш белахь а, хIаллакбе, нагахь санна, уьш Оьрсийчоьне схьалуш бацахь.
"Муьлххачу пачхьалкхехь уьш хиларх, вай террорхо схьавоьхур ву цаьрга. Нагахь санна, схьа ца лой – тIаккха вай декхаре ду, вайна ма-хеттара, уьш хIаллакбан", - аьлла Кадыровс.
КХИН А ХЬАЖА:
Нохчийчохь маслаIат дина 18 шарахь мостагIалла лаьттинчу доьзалашна йукъахьIедална муьтIахь воцург, цуьнан гергарчара шайн долара ваккхахь а, шаьш кхиийначу доьзалхочух жоп ца луш уьш буьтур бац, дIахьедина Кадыровс оцу кхеташонехь. Нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара ишта элира цунах лаьцна.
"ХIинца диссидентийн гергарчарна тIаьхьабовла хьийза шога. Йуха а боху аса, оцу тIаьхьабийларан дозанех кхеташ дац. Кхечу пачхьалкхашна кхерамаш туьйсу Кадыровс, церан дозанаш тIехь а цхьаьна шена резабоцурш лоьхур бу ша бохуш. Цхьа низамаш лелачу пачхьалкхехь хIара тайпа дIахьедарш могуьйтур дацара, талламан органаш тIаьхьайер йара. Амма кхузахь, хIара уггар а дала тоьхнарг дац. Кхул хьалха а кхин а галдаьлларг дийцира цо, оцу жоьпаллех а велира иза, Кремлан тIегIанехь а цхьаьна. Кадыровца бIостане ойла йолу Нохчийчуьра а, цул арахьа а, Оьрсийчоьнел дехьа а вехаш мел верг ларвала дезаш хьал ду", - дийцира Янгулбаевс.
Нохчийчоьнан урхалхочо хьалха а таIзар дора шен критикийн гергарчарна – масала, марсхьокху-беттан йуьххьехь Украинерчу тIаме хьажийра цо ЯнгулбаевгIеран вежарийн виъ гергара стаг – церан деваша а, ден агIор кхо шича а. ЯнгулбаевгIеран вежарша критика йора Нохчийчоьнан куьйгалхочунна: Абубакар – бакъоларйархо ву, ИбрахIим а, БойсагIар а воьзна ву Iедалхошна оппозицихь йолчу 1АДАТ телеграм-каналаца. Цул а цхьа шой ахшой хьалха Келойн тайпан векалша, царех схьабевлла бу ЯнгулбаевгIар, шайх дIахадийра "бехкебийраш", царна неIалт а кхайкхош.
ЯнгулбаевгIар боцурш а лаамза Украинера тIаме вахара кху аьхка оппозицин блогеран Халитов Хьасанан ваша а, Ичкерин дозанал а арахьарчу Iедалан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан вешин кIант а.
ЦIийнах мел верг жоьпалле озор доьзна ду республикехь кланаш вовшахтоьхна хиларца, билгалдьаккхира "Тутмакхийн гIо латтор. Мемориал" проектан куьйгалхочо Давидис Сергейс.
КХИН А ХЬАЖА:
Кадыров Рамзана чIир кхайкхийна Украинерчу Ичкерин агIончашнаКадыров Рамзана а, цуьнан гоно а масийттаза кхерамаш тийсира чIир хьейеш Iедална дуьхьал болчарна. Оцу йукъанна мехкан бахархошка кхайкхамаш бо, чIир йекхар дита бохуш. Кху кIиранах пачхьалкхан хаамийн гIирсаша дийцира 18 шо хьалха вийна стаг бахьана долуш шина доьзална йукъахь лаьттина мостагIалла маслаIатца дерзорах.
"Грозный-Информ" агенталло чIагIдо, чIир йаьстина динан урхаллин а, чIирхойн къанойн а гIоьнца аьлла.
Дагадоуьйту, 2011-чу шарахь Нохчийчохь вовшахтоьхнера чIирхой куьйгабахийта Iалашонца леррина комисси. Оцу масалшца Iиттабеллачу Нохчийчоьнан бахархоша дийцира Кавказ.Реалиига маслаIаташ бертаза деш хиларх.
Даудовн хIусамнанна "Нана-турпалхо" орден йалар
"Нана-турпалхо" орден дIайелира Кадыров Рамзана парламентан спикеран Даудов Мохьмадан хIусамнанна. И совгIат Даудова Асетана гIадужу-баттахь дIадала дитинера президенто Путин Владимира.
Омрана тIехь йаздина ду, Даудова Асетана и цIе йелла "бераш кхетош-кхиорехь а, доьзалан институт чIагIйеш а доккха дакъа лацарна". Стохка марсхьокху-баттахь йукъайаьккхина йу и орден, совгIат до цуьнца 10 сов бер кхиийначу наношна. Парламентан сайтехь аьлла ду, Даудовн 12 бер ду: 6 кIант а, 6 йоI а.
Даудова Асет йоцург а, "Нана-турпалхо" йу Нохчийчохь мехкан урхалхочун хIусамнана Кадырова Медни. Оцу йукъанна республикехь йоллу Оьрсийчохьчул а дукха бераш дуьненчу дуьйлу, бакъду, итт сов доьзалхо кхиочу кхечарна совгIаташ дарх хууш хIуммаъ дац.
Асетан хIусамда – Даудов Мохьмад, регионера парламентан спикер ву, Кадыров Рамзанан уггар а гергарчех лоруш ву иза. Хьалхо чIир хьейира цо Нохчийчоьнан куьйгалхочунна луьйш болчарна, хIаллакбийр бу ша бехира Iедална муьтIахь боцурш. Нах Украинерчу тIаме хьийсабо цо, оцу тIамехь цо дакъалацарна СБУ-н шеконаш хилира Даудовх.
2014-чу шарахь дуьйна Даудов Мохьмад Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре йазвина ву, Нохчийчохь адамийн бакъонаш шога хьешначу нахаца цхьаьна. 2020-чу шарахь цунна дуьхьал дозанаш туьйхира Британино – ЛГБТК+нахана республикехь тIаьхьаваьлла леларна. Human Rights Watch организацин бакъонашларйархошка дийна бисинчара дийцинера, шайна тIехь Iазапаш хьоьгучу заманчохь Даудов хьежа а хьоьжуш Iара аьлла.
КХИН А ХЬАЖА:
Нохчийн парламентан спикеран хIусамнанна "Нана-турпалхо" орден йелла КадыровсНабахтехь мухIажар велча митинге бевллера Венехь
Австрихь лаьцна чохь латточу мухIажарийн бакъонаш хьешарна дуьхьал депортацин набахтена хьалха Венехь митинг хIоттийнера. Бахьана дара цхьахйолчу набахтехь Нохчийчуьра жимстаг кхалхарх кхаьчна хаам, дийцира Кавказ.Реалии сайте акци хIоттийначу, Нохчийн Ичкерия республикин Австрера векало Дунаева Розас.
Гулам хIоттийначара йуьйцуш йац кхелхинчун цIе а, цуьнан хан а, меттигерчу полицино кхерамаш тийсахь" аьлла. И кхерамаш стенца боьзна бу, хууш дац.
Нохчийн, украинхойн диаспорашкара шовзткъе итт гергга векал вовшахкхеттера митингехь гIуран-беттан 3I-чохь, иштта бакъоларйаран организацеш а, политикан жигархой а. Австрихь чубоьхкинчу мухIажарийн хьокъехь шаьш сагатдеш хидар дIахаийтира цара.
"Тутмакхийн бакъонашкахьа арадевллера тхо, иштта мухIажарийн бакъонаш ларйеш а, кхайкхамбира кхачам боллуш цуьнан валар талла аьлла. Иштта оха тIедожийра, царна тIехь къизалла лелор йолчу, кхел йоцуш уьш хIаллакбийр болчу пачхьалкхашка мухIажаршна депортаци ма йе аьлла", - билгалдаьккхира редакцица хиллачу къамелехь Дунаевас.
Жигархочун хаамца, 2007-чу шарера схьа дуьйна Австрихь магийна йоцу кепаш лелош, тIехь ницкъбина а велла мел лахара а Нохчийчуьра бархI вахархо.
КХИН А ХЬАЖА:
Депортацин набахтехь нохчо кхелхинчул тIаьхьа Венехь митинг дIайаьхьнаФраницн махкаллех ваьккхина нохчо
Кхелан сацамца Францихь шайн пачхьалкхан вахархо винчу 53 шо долчу Турчаев Хьасанбекера шайн махкаллин паспорт схьадаьккхина. Набахтехь даккха итт шо тоьхнера цунна 20I9-чу шарахь, Шемара джихIадхойн тобанашлахь хилла ву аьлла. Турчаев Франци дIаваханера 2002-чу шарахь, политикан мухIажарн статус йара цуьнан.
Турчаевгара францхойн махкалла схьадоккхуш омра зорбане даьккхина кху беттан 3-чохь. ТIаьххьарчу кхаа шарчохь Францихь мел лахара а 20 сацамбина, махкалла дIадоккхуш, терроризмаца доьзначу бахьанашца, билгалдоккху францхойн "Actu17" гIирсо.
Турчаевна таIзар дира Шемахь тIемашкахь дакъалацарна а, кхечу гIаттамхошна оьккхуьйтург лелон Iаморна а. Кхелехь цо бакъдира, 20I3-чу шарера 20I4-чу шаре кхаччалц кхаа баттахь гергга ша Шемахь хан йаккхарх. Бехкбуьллучара тоьшалла далийна, оцу заманчохь Турчаевс "Ахрар аш-Шам" тобанан (ООН-о террорхойн организаци лерина йац иза.- Редакцин билгалдаккхар) эмир санна куьйгалла дина хилар. Радикалан исламан экстремистийн йукъаметтигаш хилла аьлла Турчаевх шеконаш хиллера 2005-чу шарахь меттигерчу къайлахчу сервисийн - хIетте а, цо новкъарло ца йира цунна Францихь махкалла тIеоьцучу хенахь.
Франци кхачале хьалха Соьлжа-ГIалахь вехаш хилла ву Турчаев, республикехь энергетикан министр вара цуьнан да. 90-чу шерашкахь юридикан факультет чекхйаьккхинера Хьасанбека пачхьалкхан университетехь, бехктакхаман гIуллакхаш луьстучу декъехь болх бина а ву иза. Нохчийчохь гIаттамхошлахь Оьрсийчоьнан эскархошна дуьхьал тIом барна махкара дIаваха дийзира цуьнан, иштта Малхбузе кхаьчнера иза.
КХИН А ХЬАЖА:
Терроран къепехь таIзар динчу нохчочуьнгара Францин махкалла схьадаьккхинаШайна атта доллучехь ладогIа подкасте: