Нохчийчохь Росгвардин декъанна тIелатар толлуш лаца кхайкхийна жимастаг Джамалов

Новр-ГIаларчу Росгвардин декъанна тIелеттачех дийна висинчу шиннах цхьаъ ву Нохчийчохь 21 шо долу Джамалов ИбрахIим, хаамбина шоьтадийнахь Оьрсийчоьнан талламан комитето.

Иза лаца кхайкхийна низамхоша.

КIира хьалха тIелетира Рогвардин декъанна. 6 эскархо а, 6 тIемало а велла, кхайкхийра официалехь Iедало. ТIелатар динарг ша ю аьлла кхайкхийра ДАIИШ-о.