Дагестанерчу Агвалихь муфтиятаца хилла дов дIадирзина керла имам харжарца

Гайтаман сурт

Дагестанехь Цумадан кIоштарчу Агвали эвлахь керла имам харжарца дIадирзина меттигерчу бахархошна а, муфтиятана а юкъахь лаьттина дов.

Кавказ.Реалиино бинчу хаамца, меттигарчу маьждиган кхеташонан декъашхочо Маштихи Абдурахьима дийцина журналисташка, имамца доьзна хаттар Марсхьокху-беттан 20-чу буса дIадирзина аьлла. Цо билгалдаккхарехь, керлачу имамана реза бу эвлара бусалбанаш а, муфтият а. Иза ву карарчу хенахь Гаквари эвлахь имам волу Юсуп цIе йолу стаг.

КХИН А ХЬАЖА: Цумадан кIоштарчу бахархошна а, муфтиятана а юкъахь дов хIинца а дIадоьдуш ду

Дагестанерчу муфтията цкъачунна комментари йина яц Агвалихь хIоьттинчу хьолана.

Карарчу беттан 17-чохь Агвали эвлан бахархоша керла имам хаьржинера шайн маьждиган. Кадимагомедов Магомедсайгид вара иза. Амма муфтиято, иза дан дезарг ша ю аьлла, оцу дарже хIоттийнера шайн кандидатура. Цунна реза бацара Агвали эвлара бахархой.