Даудов Мохьмада шена стохка 11 миллион соьмана пайда хиларх деклараци зорбане йаьккхина

Даудов Мохьмад

Мехкан куьйгалхочун бIанакъоста, Нохчийчоьнан премьер-министро Даудов Мохьмада хаамаш Iорабаьхна, стохка шена тIедеанчу рицкъах лаьцна. Официалан декларацица а догIуш, 12 беттачохь цо даьккхина 10,7 миллион сом. Амма чу-ара ца баккхалун бахам йа хьаькаман долахь а, йа цо пайдаоьцуш а бац аьлла ду.

Пачхьалкхан думе харжамаш герга кхочучу муьрехь боллу кандидаташа дIахаийтина, шайна хуьлучу сенах а, шайн доларчу бахамах а лаьцна. Премьер-министр волчо тIаьххьара хаамаш гучубаьхнера 2021-чу шарахь. ХIетахь цуьнан хIусамнанна тIейаздина дара 718 а, 1350 а эзар йеакIов барамаш болу ши цIа а, 4,5 эзар гектар латта а. Керлачу деклараци тIехь доьзал хьахийна бац, ткъа бахамах цхьа Mercedes AMG GLE 63S машен бен йазйина йац.

Даудов воцург Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламенте депутат ваха хьийза автомобилан некъийн министр Тумхаджиев Iийса. Цунна хилла пайда бу- 8 миллион сом, оцу йукъанна кхин бахам а, йа машен йу аьлла а деклараци тIехь дуьйцуш дац, бакъ делахь. Мехкан урхалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГIаласа дIахьединарг 9 миллион сом а, 180 йеакIов метар цIа а, 1,4 эзар йеакIов метар латта а ду.

Декларациш зорбане йаьхна ишта карарчу хенахь Оьрсийчоьнан парламентан депутаташа, кхин дIа цигахь биса лууш кандидаташ болчу Саралиев Шамсаила -9 миллион сом, Лечхаджиев Руслана -6,6 миллион, Догаев Ахьмада-6,9 миллион. Кадыров Рамзанан уллорчу гонашкара, думехь депутат волчу Делимханов Адама деклараци Iорайаьккхина йац.

  • Украинехь тIом баьккхинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан хьаькамаш а, депутаташ а мукъабаьхнера хуьлучу пайданах лаьцна декларацеш Iорайахарх ТIаьххьара 2022-чу шарахьлерачу декларацица, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан алапа дара 26,5 миллион сом.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоӀарша Ӏайшата а, Хадижата а, ХутIмата а, Табарика а шайн визажистана Хачукаева Дианина совгӀат дира бриллиантан Cartier хIозца. Цуьнан мах бу кхо миллион сов сом– политикан йоӀаршна оццул ахча стенгара даьлла, хууш дац.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама видео Iорайаьккхира шен кабинет чохь дIайазйина, цу тIехь иза ловзуш ву Louis Vuitton брендан бильярдах. Йуккъерчу барамехь цуьнан мах бу 113 эзар доллар, Оьрсийчоьнан соьмашца товбеца-беттан 9-чу дийнахь хиллачу курсаца дагардича и хуьлу 8,6 миллион.
  • Мехкан урхалхочун воккхаха волчу кIанта-20 шо долчу республикин вице-премьера Кадыров Ахьмада лелош ду пхьаьрсах 92 миллион сом мах болу сахьт.