ТIаьххьарчу шерашкахь нохчийн диаспарин векалша, йукъаралхоша, эксперташа кест-кеста олуш хеза сингаттаме хIума даьржаш хиларх лаьцна: ДегIастанал арахьа кхиъначу кегийрхойн цхьа дакъа радикалан идейш схьалоьцуш нисдаларна. И хIума тIех даьржина ду бохург дац иза, амма къамелдинчара билгалдаккхарехь, и сингаттам болуш бу, цуьнан леррина терго йан а йеза. Стенна нислуш ду ишта хьал, и ца даржийта хIун дан деза а дуьйцу тхан материалехь.
Кху хьолах лаьцна кхин тIе а дийцадаккхар нисделла кху шеран охан-беттан 26-чохь Ниццехь хилларг бахьана долуш. Зорбанашкахь дийцарца, Нохчийчуьра вахархо Саиев Iумар хилла боху цхьана хийистехь хиъна Iаш, хетарехь маларх кхетта а волуш, жима ши стаг тIевеана хилла цунна. Нохчийн диаспорехь болчара чIагIдарехь, и шиъ карзахе хьийзаш хиллера, кхуьнга луьра, наркотикаш стенгахь карор йара шайна а хоьттуш. Цул тIаьхьа Саиевс жоп делла хиллера, шен цаьрца бала бац, тIаккха цуьнга оьзда боцу мотт лебан болийра боху тIевеанчу шиммо, иза сийсазвеш. Цу девнах летарш хилла, Саиевс шинна а тоьхна хиллера боху. Лазийна цхьаъ маса дарбан цIийне кхачийна хилла, цигахь масех де даьлча кхелхира иза. Саиев лаьцна ву карарчу хенахь. "Европера нохчийн Йукъаралла" ассоциацино дIахьедина, СаиевгIеран доьзална адвокат лоцуш гIо дан, таро йолчо ахча тасахьара аьлла.
Нанойн бIаьргашчухула радикализаци
Нохчийн дуккхаъ а болу доьзалш Европе кхьчна тIамах бевдда, шайн доьзалхошна маьрша дахар нисдан а, цаьрга дешийта а, царах адамаш хилийта а Iалашонца. Амма цхьаболчу доьзалашна гIуллакх оцу тIехь ца дирзира.
Масала, Германира Зураа дуьйцу шен кIант Нохчийчуьра ша араваьккхира, иза Iалашван, цуьнга дешийта, маьршачу пачхьалкхехь цуьнан дахар аьхна хилийта лууш. Цо дийцарехь, кхиъна вогIучу заманчохь дика бер дара цуьнан кIант: рок-музыка хазахетара цунна, гитара локхуш а хиллера иза, нохчийн хелхарш Iамош а вара. Германи уьш дIабахначул тIаьхьа школе а вахара иза, немцойн а, Iарбойн а меттанаш кара а дерзийра цо, мукъа йолчу хенахь ресторанехь болх беш йолчу шен нанна гIо деш хиллера.
ТIаьхь-тIаьхьа, дагалоьцу Зураа, цуьнан кIентан лелар хийцадала дуьйлира. Кест-кеста маьждиге оьхура иза, маж йитинера, ненера а цхьана бехкаш дохура, цо дин цIена ца леладо бохуш. Зураа дийцарехь, Керла шо даздора цара хIора шарахь хIинццалц схьа, ткъа хIинца дита дийзира и ламаст а. Эххар а цхьана дийнахь кIанта дIахьедира, Мисара а вахна, цигахь бусалба дин кхин тIе а Iамон дагахь ву ша аьлла.
Ал-Азхар олучу университете деша а хIоьттира кIант. Цигахь зуда а йалийра цо, доьзалхо а гучувелира. Цхьа хан йаьлча Германи йуха деара и шиъ, амма хье ца луш йуха а дIавахара иза, шен доьзал нанна тIе а тесна. Цул тIаьхьа масех бутт баьлча нанна хаийтира, цуьнан кIант Шема а вахана, даIишах дIакхеттийла.
Суна моьттура, зуда а йалийна, доьзал болийча, иза йухавоьрзур ву. Амма тIаххьара а кIантах йелира со
"Мисарара иза цIа веанчул тIаьхьа, суна гуш дара, хийцавеллера иза чIогIа. Оьрсийчоьнехьа цхьа чIогIа гамо йара цуьнан. Нохчийчохь тIом болчу хенахь ша воккха кIант хиллехь, шен дех бекхам а беш, тIом бан вахана хир вара ша олура цо. ТIеман хенахь вайна сан хIусамда. Суна моьттура, гена гIур дац, хIинцца меттавогIур ву. Амма тIаьххьара а кIантах йелира со", - дуьйцу Зураа.
2018-чу шарахь ирча кхаъ кхечира нене- кIант Шемахь кхелхина аьлла.
Цунах терра шен дахарехь нисделларг дийцира Францехь вехачу Олхазара а. Цо бахарехь, даймахкара уьш дIабахначул тIаьхьа, цуьнан кIентан гергарлонаш тасаделлера кхечу бусалба динах болчу нахаца. Вол-волуш хиэра велира иза дешарна, гуш дара цуьнан хийцавалар.
Хан-зама мел йолу доьзалехь цо латточу хьолаца а билгалонаш гора. Йоккха йолчу йишина тIехь терго латтайора цо, цуьнан духарна реза ца хуьлура, цуьнан чу-ара йаларна, иза деша леларна а реза вацара. Дас бахарехь, и Iаткъам бар нанна тIехь а хаадала доладелира. Кхин дан амал доцуш дисинчу ден -ненан дийзира социалан хьукматашка орца деха.
"Цхьа дика бер ма дара иза жима волуш, дика доьшура цо, шина маттахь хецна къамел дора, суьрташ дохкуш вара, гитара локхура Амма хан -зама йаьлча, цхьана тобанах дIа а кхетта, и дерриг а охьадиллира цо", - дуьйцу дас.
Тахана дика хьал дац церан доьзалехь, шайн кIант муха меттавалор ву а ца хууш, бисина уьш.
КХИН А ХЬАЖА:
"ХӀара Нохчийчоь йац": мухӀажарш, ламасташ а, керла чкъор аЕвропехь йехачу нохчийн журналисто, цуьнан цIе къайлайаьхьна оха, цуьнан дехарца, дийцарехь, дозанал арахьа беха дукхахболу кегийрхой дукха дика бухарчу къомах дIа а ийна, деша а доьшуш, балха а хIуьттуш, шерра шаьш тIедисинчу къаьмнийн меттанаш а хууш, шайн хаза доьзалаш а кхобуш бехаш бу. Амма, бохура цо, бу царлахь дIа ца элуш, арахьа бисинарш а.
Хетарехь, цо дуьйцурш, тIеман бераш ду, шаьш кегий долуш Европе кхаьчна. Цара лайна халонаш баланаш, тIемах уьдуш цхьана меттигера вукху метте идда, хIиттина бераш ду уьш. Оцу бахьанашца церан ницкъ ца кхаьчна деша а, мотт Iамо а, цхьана кепара шайн меттиг карийна, дIатарбала.
"Йа дешар тIехь, йа корматалла карайерзорехь, йа йукъарчу дахарехь аьтто ца хилла нах, кхечу хIумана тIетийжа буьйлало. Цхьаберш дине боьрзу. Къаьсттина оцу чолхечу хьолехь бисина уьш Iехон а, церан корта хьовзон а атта хуьлу", - боху къамелдечо.
Идентификалла лоьхуш
Прагера Карловн университетан политологин профессор волу Аслан Эмиль дукха хан йу нохчийн диаспорин а, радикализацин процессин а бух толлуш, иштта Нохчийчохь шина тIамехь дакъалацаран бахьанаш а, хьелаш а толлуш, къахьоьгуш волу.
Эмиль Аслан
Нийса хир дацара, бохура цо, Европехь беха боллу нохчий радикале хьежамашца бу, йа радикалан идейх Iехабала кийча бу аьлча. Мелхо а, диаспорин дукхахболу кегийнах доьшуш, дахарехь шайн некъ схьакарийна, доьзалш кхуллуш, европахойн йукъараллех дIаийна бехаш бу. Цо бахарехь, дуьйцург деккъа цхьа дакъа ду, нохчийн йоллу диаспора йац йуьйцург.
Диаспорехь шайн меттиг лаха хьоьжуш хуьлу дукхахберш, ишта шайн динан орамаш а
" Къаьсттина радикалан ойланаш тӀеоьцуш болу кегийрхойн цхьа дакъа долуш ду, ткъа сайна зеделларг тидаме а эцна, аса аьлча, суна хетарехь, иза иштта ду, хӀунда аьлча, йукъарчу хьесапехь нохчашна динехь лелар шайн къаьмнийн башхаллехь вуно мехала дакъа ду. Диаспорехь дуьненчу бевлла йа кхиъна дуккха а нах бу шаьш а, шайн орамаш а довза а, каро гӀерташ, ишта динан орамашна тIекхиа а гIерта уьш", - бохуш, кхетадо политолого тхуна ша йеллачу интервьюхь.
Кегийрхойн цхьа дакъа паргIат чекхдолу оцу некъах шайн културин а, динан а баххашка а доьрзуш, цхьана а кепара радикалан тIаьхье а ца йуьтуш. Делахь а, билгалдаьккхира цо, цхьа кхин тенденци а йу: кегийрхойн цхьа дакъа эгIазчу хьолехь нисло, тIаккха цхьана къевлинчу динан тобанех дIабеттало уьш, тIаккха цигахь кхоллало церан и шога, радикале хьежамаш. Цуьнан хьесапашца, иштачу хьелашкахь нисбеллачу кегийрхойн цхьа жимо дакъа экстремистийн боламашна йукъахь нисло.
Европехь нохчийн диаспорехь дукха хьолахь кхоллало шатайпа синхаам, ницкъан, боьршаллин, лаьмнийн вастийн ойланашца доьзна, иза оцу контекстехь дукха хьолахь символан а, идеализацин а хуьлу, билгалдоккху Аслана: "ДжихIадхойн риторикин, джихIадхойн экстремистийн идеологин симбиоз а, ша а, дуьне а тешон гIерта иза ша боьрша хиларх, ша цхьана хIуманах озалуш цахилар, ша шен ворхIе а дайн тIаьхьало хила хьакъ хилар, ша тIемало хилар дIагайта гIерта иза. Ишта кхочу кегийрхойн цхьа дакъа оцу салафитийн организацех, шайн дахар шайн куьйга а оьцуш".
Оццу бахьанашца цхьаболу кегийрхой тӀаьхь-тӀаьхьа радикале берза тарло, бохура политолога. Оцу процессаша эххар а вон тӀеӀаткъам бо нохчийн диаспорашна Европехь а, цул дехьа а, массо а нохчийн цIе а бехйеш.
"Къаьсттина Шемахь тIом болабеллачул тIаьхьа, хIетахь дуккха а нохчий Шема дIабахара, йуха цигара цIа оьхура. ТIаккха Малхбузера цхьаццайолчу пачхьалкхийн къайлаха сервисаш цхьана хIумана тIекхиа йуьйлира, радикализацин процент нохчашлахь алсам хиларна, кхечу бусалба динийн диаспорашкахьчул а. ТIаккха хууш ма-хиллара, алсам терго йан йолийра цара нохчашна тIехь. Вочу агIор цIе йахнера церан хIетахь", - бохура Карловн университетатн политологин профессора.
ТIеIаткъам бечу меттана къамелдар
Иштта хьежам бу бакъоларйархочун Газиева Фатимин а. Цо дийцарехь, нийса хира дац нохчийн диаспорехь дуккха а нах радикале хьежамаш бу бохуш, аса дийцича: "ХIаъ, наггахь нислуш хIума ду, кхечу диаспорашна йукъахь а санна, амма цо доллу хьал ма ца гойту ишта. Европехь беха дуккхаъ болу кегийрхой доьшуш бу, белхаш беш, спортехь бу, щайн доьзалшна гIо а деш, шайн культура а, ламасташ а лардеш бехаш бу. Муха ду хьуна аьлча, нохчийн йукъахь болуш цхьа хIума нисделлий, тIаккха хаамийн гIирсаша гIугI олий дуьйцу цунах лоций, тIаккха даьржина хьал долуш санна хетало. ТIаккха цо кхуллуш йу и стереотип, вуьшта дан ма доций хьал иштта ирча".
Газиева Фатима
Цундела бохура бакъоларйархочо, и тема цхьанга а озабезамаш ца беш, йа хIуьтаренаш а ца лелош, йийцаре йан а, кегийрхойн могIаршкахь и ца хилийта некъаш лехар а чIогIа оьшуш ду.
Доьзалийн а, йукъараллийн организацийн а, пачхьалкхан институтийн а коьрта Iалашо йу бохура Газиевас, кегийрхошна йукъахь шеконаш ца кхоллар, царах тешар, цаьрца дийцарш дIадахьар, шен хеннахь билгалонаш хаайалийта, радикализацина дуьхьало йан.
ЧIогIа оьшу, кегийрхошна уллохь наха лоруш болу верасаш хилар
"Доьзало доккха дакъа дIалоцу, хIунда аьлча, цуьнан чуьрчарна ма го уггар а хьалха шайн доьзалхочуьнца болу хийцамаш: тийна-таьIна хилар, дера хилар, къамеле ца вийлар, радикалан ойланашка верзар. Амма царна Iаткъам бан мегар дац, цаьрца къамел а деш, церан терго а йеш. Йукъараллин а, динан а организацийн а дуккха пайден гIуллакхаш дойла йу: кегийрхойн проекташна гIортор йеш, царна къамел дан меттиг а боккхуш, радикалан идеологина а, ламастийн мехаллашна а йукъарчу башхаллех дуьйцуш. ЧIогIа оьшуш ду, оцу кегийрхошна уллохь наха лоруш болу верасаш, дикаллин масалш хилар", - аьлла хета къмелдинчунна.
Пачхьалкхо йоллу диаспорашна тIе нехаш ца хьекхар а чIогIа мехала ду, хӀунда аьлча, оцу кегийрхойн къоман билгало схьа а лаьцна, царах даим а шеконаш латторо. Уьш кхин тIе а хийра баха тарло, бохуш дуьйцу Газиевас кхидӀа а.
Цунна хетарехь, кхин а эвсаре некъ хила тарло дешаран а, интеграцин а, културан а, спортан а инициативашна гӀо дар а, шаьш йукъараллашца цхьаьнаболхбар кхиор а. Вуьшта доккхачу декъана, тешна йу иза, къоме хьаьжна листа ца йеза проблема, социалан бахьанаш лаха деза, уьш ма дуй муьлхха а жимчу стагах хьакхадала йиш йолуш, иза мичча къомах велахь а.
Радикализацин бахьанаш, царна профилактика йар
Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Асланан адъютант лаьттинчу, нохчийн политологан Исханов Хьусейнан дешнашца, Шемахь тIом баьллачу муьрехь къаьсттина чIогIа хаалуш дара Европера нохчийн кегийрхойн цхьа дакъа радикализацин хьежамашка дерзар. Доккха дакъа лецира хIетахь, билгалдаьккхира цо, динан радикалаша а, кеп-кепарчу пачхьалкхийн къайлахчу сервисаша а, уггар хьалха Оьрсийчоьнан. Экспертана хетарехь, шемахойн тIом "гIазотан" том болуш санна дуьйцура кегийрхошка, ткъа пропаганда йечу хенахь жигара пайдаоьцура апокалиптикан нарративех, кхелхинчул тIаьхьа лакхарчу даржехь хир ду шу, динехь маьрша хир ду шу бохуш.
Исханов Хьусейн
"Карарчу заманчохь оцу кепара пропаганда хаъал лахйелла, делахь а радикализаци йайта структуре баххаш хIинца а лаьтташ ду. Уггар а коьрта проблема муьлха йу аьлча, социалан интеграцин а, кхетош-кхиоран белхан а декхарш кхочушдеш йолу йуьззина культурин а, кегийрхойн а центраш цахилар. И бахьана долуш кегийрхойн доккхаха долчу декъо шайн мукъа хан паркехь, спортан клубашкахь, йа йохка-эцаран туьканашкахь дIахьо", - бохура Исхановс.
Нохчийн политолога билгалдоккху, цхьаболчу нохчийн кегийрхойн дешарца йолу ойланаш а дикка хийцайелла. Цо бахарехь, дешар, Iилма а стаг кхиамашка вуьгу коьрта некъ бу аьлла ца хета дукхахболчу доьзалашна, цуьнан метта спортехь кхиамаш баха хьийза уьш, къаьсттина летаршкахь. Иштта динан хьехамаш беш а дIалела уьш, дукха хьолахь шайгахь Iилма а доцу нах хьулу уьш а.
Бераш долчу хенахь дуьйна европахойн школашкахь дешначара мелхо а кхиаме интеграци йо дешарехь
И тенденци йузу эксперто дайн-нанойн шайн зеделлачуьнца. Царех дукхахберш тIеман заманахь хьалакхиъна бу, цкъа цхьанхьа боьлхуш, йуха вукху меттигехь бехаш, дIасалелла, кхин чомахь деша таро а йоцуш. Цундела, цунна хетарехь, шайн бераш сихха ахча даккха Iама лаьа царна, уьш шайна баха а, цаьрга дешийита а, цаьрга цхьа корматалла карайерзийта а ца гIерта.
"Амма бакъ ду, европахойн школашкахь бераш долуш дуьйна дешнарш, уьш дукха дика дIаийна, дешна, Iилма карадерзийна бу. Цара гимназеш чккхйоху лакхарчу доьшийлашка дIахIуьтту уьш. Иштта кхуьуш ду, лаккхара доьшийла чекх ца йаккхахь, кеста интеграци хир йац, шайн меттиг карийна дахарехь дIа а нислур бац уьш аьлла, хетачу дайн-нанойн терахь", - бохура цо.
Даим а кегийрхошца беш болх бацахь, радикализацина профилактика йойла дац, ткъа оцу балхана, тешна ву Исханов, кечбина говзанчаш оьшу, уьш шайх тешош, царна йукъахь диалог кхолла. Корта проблема го Исхановна оцу мехалчу гIуллакхна, ахча цахилар, цундела бохура цо, диаспорашкара йукъараллашна оьшуш институциалан механизмаш кхиор, гранташ йаха кехаташ кечдан Iамар, шаьш кхочушйечу проектийн эвсаралла дIагайтар, тIейогIучу заманчохь а ахчанца шайна гIо дайта. И ца хилахь, кегийрхойн инфраструктура хуьйцур йу урамашкарчу тобанаша, бохура цо.
"Цкъацкъа урамашкахь нислучу девнаша чолхе тIаьхье йуьту, стаг вийна меттиг а нисло. Иштачу хьелашкахь и кегийрхой кхиийначу, уьш нахана йукъа баьхначу церан дайшна-наношна тIехь дуьсу жоьпалла. Пайда хуьлччу агIор радикализацина профилактика йан а, цунна криминализаци йан а йоллу йукъаралла цхьанакхета йеза. Кхузахь коьрта дакъа лаца тарло диаспорина йукъара пурхнехьа йолу йукъаметтигаш чIагIйаро, доьзалашна йукъахь а цхьана болх баро, ламасташ лардаро, вовшашка ларам хиларо, социалан жоьпалло хIораммо а тIеэцаро а", - дерзийра къамел Исхановс.
Тхан сайто масийттаза йаздира нохчийн а, Къилбаседа Кавказера кхечу бахархойн а бакъонаш хьоьшуш хиларх лаьцна Хорватера миграицн центрашкахь.Цаьрца шогалла лелайора, уьш тишачу хьелашкахь чохь латтабора, Оьрсийчу дIабала кхерам а латтабора царна.
2025-чу шеран дечкен-баттахь Amnesty International организацино кхайкхам бира Евробертана юкъайогӀучу пачхьалкхашка Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчу дӀа ма ло аьлла. Шайн даймахкахь царна тIехь Iазапаш хьоьгур ду, сийсазбийр бу, йа Украинана дуьхьал тӀаме хьийсор бу, дIахьедира бакъонашларъярхоша.