ГIелоярна таIзар чIагIдеш низаман проект кховдийна Пачхьалкхан думе

Гайтаман сурт

Iазапаш хьоьгуьйтучу Iедалан векалшна таIзар чIагIдеш низаман проект кховдийна Пачхьалкхан думе. Инициативан авторш бу Пачхьалкхан думан а, Федерацин Кхеташонан а комитетийн куьйгалхой Крашенинников Павел а, Клишас Андрей а. Парламентан лахарчу палатин базехь цкъачунна зорбане дилллина дац документ.

Низаман проектаца а догIуш, Iедалан векалша лелон Iазапаш къаьсттина къизаллица лелийначу зуламийн декъехь лорур ду, оцу тIехула набахте хьийсор бу 12 шаре кхаччалц хенаш а етташ. Оцу зуламашца доьзна стаг жоьпе озон магийна хан итт шаре кхаччалц хир ю.

Документа тIехь къаьсташ билгалдаьккхина гIелоярх лаьцна, 1984-чу шарахь ГIуран-беттан 10-чохь ООН-о тIеэцначу Iазапашна а, кхечу стаг сийсазвечу кепехь леларх, таIзар дарх лаьцначу Конвенцица а догIуш.

Иштта ницкъбар санна лара Iалашо ю ФСИН-н белхахоша нуьцкъаша мукIарло дайтар а.

  • ГIуран-беттан юккъехь бакъонашларъяран Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира хаам бира, оьрсийн колонешкахь тутмакхашна тIехь ницкъбарх, шинарин дийнахь шен информаторан Оьрсийчуьра араяккха аьтто баьлла керла видеоархив шега кхачорах. Осечкина дийцарехь, 2016-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц Красноярскан а, Приморскан а кIошташкарчу а, Забайкальерчу а колонешкахь дIаязйина хилла 200 гигабайт видеош ю диска тIехь.
  • Осечкинан дIахьедарца а догIуш, керлачу видеоархивехь къаьстар ду, гIело еш дакъалоцуш ФСБ-н белхахой а цхьана хиларх.
  • ГIадужу-баттахь, хьлхо Оьрсийчуьра дIавахначу Осечкина, дIахьедира шен кара видеоархив кхаьчна хиларх лаьцна, колонешкахь чубоьхкина нах хьийзош якьккхина йолу. Иза цуьнга елла ФСИН-хь хьалха болх беш хиллачу Савельев Сергейс. Юьйцурш ю 40 сов гигабайт видеош. Осечкина дийцарехь, цара "гучудоккху Оьрсийчуьрчу набахташкахь лелаш ФСБ-н а (Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервис), ФСИН-ан а (Федералан таIзарш кхочушдон сервис) агентийн "зондеркомандаш" хилар, кураторша тIедилларца чубоьхкинчу нахана гIело еш а, ницкъбеш а лелаш йолу.
  • Архиван цхьа дакъа зорбанан гIирсашкахь даржийна, иштта видеош дIахьажийна Iазап лелор юхатохаран Европерчу комитете. Архив зорбане яьккхича Талламан комитето долийна масех бехктакхаман гIуллакх, ткъа ФСИН-ан куьйгалхочо Калашников Александара дитира шен дарж.