ХIаллакбо, царна тIаьхьабуьйлу, кхерамаш туьйсу. Дагестанера зударий Iалаш хIунда ца бо полицино

ХIинжа-ГIала, гайтаман сурт

Цхьана шарчохь Дагестанехь къизаллица масийтта зуда йийна. Вуьшта кхерамаш туьйсуш, зударшна тIаьхьабуьйлура, царна тIелетарш дора, амма тIетовжийла ца карйира царна. Бакъоларйаран органашка орца дехарх а хIунда ца бовлу уьш баланах хьалха, шена таIзар дийр дац аьлла, хеташ зударий стенна хьийзабо Iазапхоша, къастийра тхан редакцино.

Мел лахара а 5 адам дийна шарчохь

Лахьан-беттан 2-чу дийнахь дийцадаьккхира 34 шо долу Алхасова Динара, ХIинжа-ГIалара зударий дIасалелон таксхо, йийна аьлла. Цхьаммо кхайкхинчу йахначул тIаьхьа йайнера иза тIепаза. Кхо де даьллачу хенахь тIехь ницкъбина, йийна схьакарийра иза Керла Хушет эвлан йистехь.

Махкарчу чоьхьарчу гIулалкхийн министраллаца йоьзна лоручу "Криминалан хроника" телеграм-каналан хаамашца, цуьнан хиллачу хIусамдена ца тайна хиллера, шегахь хилла зуда кхечуьнга маре йахар. Иза йен Iалашонца гIоьнна цо шена йевзаш хилла зуда йукъаозийна хиллера, хьуо турист йу а алий, такси кхайкха аьлла. Бухахь иза ларйеш хиллера Алхасован хилла хIусамда а, цуьнан накъост а. ХIусамда лаьттинчо урс хьаькхнера цунна, шолгIаниг дакъа къайладаккха гIоьртинера. Лараш ца йита дагахь, Керла Хушетера шен гергарчу стеган лаьтта декъах пайдаэцнера цо. Трактор тIехь болх беш волу стаг кхайкхина хиллера цо, арахь хьаштагIа йан хьийзара ша, ор даккха вагIахьара аьлла.

Оцу гIуллакхца доьзна виъ стаг ву тахана кхеле озийна. Алхасован хилла цIийнда а, цуьнан ши гIоьнча а лецира лахьан-беттан 4-чу дийнахь, шеконашца кхин цхьа зуда- шолгIачу дийнахь. Талламан версица, и зуда йу телефон тоьхна, таксхо Алхасова кхайкхинарг.

Гезгамашин-баттахь Хасав-йуьртара цхьана кафе чохь 46 шо долчу меттигерчу вахархочо герз тоьхна йийра шен хилла хIусамнана а, цуьнан, дуьххаьра маре йахначохь йина хилла, 23 шо долу йоI а. Цу кафехь болх беш хиллера и ший а. Дов даьллачу заманчохь герз даьккхина хиллера цу стага. Талламан комитето аьлла "гIаьттинчу цабезамца дина хIума ду".

Халахеташ делахь а, кхерамаш дукха хьолахь хIусамдегара йа вешигара нисло

Официалехь боцчу хаамашца, цуьнан хиллачу хIусамдас балхара дIайала баьхна хиллера цуьнга, эхье болх бу аша бийриг бохуш. Зудчаца цхьана болх беш хиллачара дийцира, оцу стагехь бала хьоьгуш хилла дела йоьхнера иза: наркотикаш лелош а хиллера цо, зудчунна йетташ, цуьнан кочаоьхуш хиллера, урс даьккхина а хьийзинера иза. ДIасакъаьстинчул тIаьхьа а цуьнан кочара ца волура иза. Йийначу 23 шо долчу йоьIан жима кхо бер дисина.

Чиллан-баттахь 4 беран нана, Красный Восход йуьртара 35 шо долу зуда йерах лаьцна хаам баьржира. Иза моллин шолгIа зуда хиллера. Цо кест-кеста йеттара цунна, шена тешаме ца хиларна бехке а йеш. Талламчийн версица, цу стага легаш Iоьвдина йийна шен зуда, Тарумовский кIошта а йигина, цигахь лаьттах йоьллина хиллера. Гергарчара ши кIира даьллачу хенахь хаийтина хиллера, шайн зуда йайна аьлла. Йоьду-йуьту а доцуш, хIинццалц а шен гIуллакхе йоьдуш хиллера иза. ГIадужу-беттан 14-чу дийнахь Кизляран кӀоштан кхело 9 шо хан туьйхира моллина чохь даккха.

ГIуран-баттахь 28 шо долу Яралиев Раджидин лецира махкахь 36 шо долу Магомадова Мальвина йерна шеконашца, цуьнан зуда хиллера иза а. Джалган йуьртара шен цӀера цхьанхьа йахна иза, йуха ца йеанера. Цуьнан дагийначу докъан чалхаш тIаьхьо схьакарийра. Зорбане йаьккхинчу видео тIехь Яралиевс мукIарло дира, ша ахчана тIехула дина зулам дара и аьлла. Цо, хаьттина, дагаваьлла хIума а доцуш, Магомадован машен йоьхкинера, цунах делла ахча шен кисана а дуьллуш. Цул тӀаьхьа дов даьллачу хенахь, садукъийна, йийнера цо зуда, тIаккха меженаш а йаьхна, цуьнан докъанах цIе таса гIоьртинера.

ХIинжа-ГIалара зудабераш, гайтаман сурт

Зуда ца йуьйш, амма цунна кхерамаш туьйсуш, кIелонаш йеш, цуьнан дахар гаттоне дерзийна меттигаш а нисло. Масала, марсхьокху-бутт чекхболуш Дагестанехь лецира 59 шо долу стаг: цо уьрсаца кхерамаш тийсинера берана. "Марем" кризисан тобано дийцарехь, ша дагара хаийтича, шена дуьхьало йинчу зудчун хIуьттарена дина хIума хиллера и цо.

Оццу баттахь ХIинжа-ГIалахь тIелатар дира нашидаш лоькхучу Магомедова Хадиджина. Цо дийцарехь, ши шо гергга хан хиллера, цу стага иза кхерамехь латтош йолу. Цхьана дийнахь цуьнан хIусам чу а иккхина, цуьнан куьг лаьцна, шега маре ца йагIахь, иза йуьйр йу ша баьхна хиллера. Магомедован ка йаьллера цуьнан карара йала. Полисхойн декъехь лаьцначо дIахьедира иза маре йига лууш ву ша аьлла.

Нашидашлакхархочо чу деллачу дIахьедарца бехкзуламан гIуллакх схьадиллира, стаг вен кхерамаш тийсар, цуьнан хIусам чу эккхар аьллачу артиклашкахула. Амма шеконашкахь верг лаьцна ца витира ницкъахоша цо динарг кхин доккха зулам а дац, цо мукIарло а дина, цуьнан гIуллакх катоьхна шаьш кхеле дIакхачор ду аьлла. И стаг маьрша витира. Магомедовас инстагграмехь пост хIоттийра: "Иза чу воллийта, со йен йеза?" аьлла.

Дагестанехь болх бечу адвокато билгалдаккхарехь, цу кепара дIахьедарш полицихь меттигерчу декъехь участковый волчуьнга дIало, дукха хьолахь зуламхочуьнца кхетош къамел а дой, гIуллакх дIадоьрзу.

Оьрсийчоьнан Зуламан кодексехь зулам лоруш дац, нагахь сана, стагана тIаьхьаваьлла леларх. Ткъа сталкеро лелориг формалан кепара цунах йоьзна йолчу артиклашна йукъа догӀуш делахь а, практикехь таллам дукха хьолахь эцца хеттарш а дой, берзабо.

"Агрессоро олу оьгIазвахначохь, сихвелла аьллера ша, цу тIехь доьрзуш ду дерриг а", - кхетийра юристо.

Контрол, Iаткъамбар, тIетовжийла цахилар

2023-чу шарахь социолога, гендеран йукъаметтигаш толлучу Сиражудинова Саидас зорбане йаьккхира, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а кхелан практикан анализан буха тӀехь кечйина Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъ барх лаьцна рапорт. Зударийн Iаьткъа меттиг кхин тIе а чIагIйечу факторшлахь, эксперто дуьйцу доьзалх воьзна хилар а, ткъа иштта муьтIахь хила йеза бохуш, дайшкара дуьйна схьадогIуш хилар а. Хьалхо талламхочо динчу зерашлахь гойту, шерашкахь бала хьоьгуш Iен кийча хилар зударий, шайн цIийнан репутаци бех ца йан, нахана гергахь а эхь хеташ.

Шайн хиллачу хIусамнаношна тӀехь Ӏуналла дан лаам хилар цхьана Кавказехь хилла а ца Iа, билгалдоккху Сиражудиновас: "Оьрсийчоьнан массо а регионашкахь вайна го, дӀасакъаьстинчул тIаьхьа, оцу зудчунна тIаьхьара ца бовлу меттигаш. Къаьсттина хьал телхина го, доьзалехь ницкъ барх долу низамашна декриминализаци йинчул тӀаьхьа а, оцу адамна герга ваха дихкина цахиларна а".

Амма Къилбаседа Кавказехь зударшна дуккха а хала ду агрессоршна дуьхьало йан. Иза талламхочо дузу и йукъараллин хьежамашца: зуда собаре а, муьтӀахь а хир йуйла а хууш. Шаьш ларбала гӀерта и зударий, шайн гергарчара шайна бехкаш дахкарна кхоьруш, уьш шайх ца кхетарна кхоьруш. Цул сов, шайн доьзалехь царна гина хIума ма дац, шайн бакъонаш толош, йа шайн дозанаш лардеш.

Даима хир долу хаттар: "Иза йеллал, хIун динера цо?"

Патриархалан гӀиллакхаш хилла ца Ӏаш, пачхьалкхан Ӏедалан позицино а новкъарло йо зударий ницкъбарх ларбарехь.

Бакъонашларъяран AD REM организацин "Ларбаран меттана гӀело йар: пачхьалкхан институташ муха лелайо доьзалехь ницкъ барна зе хиллачу зударшна дуьхьал" цӀе йолчу рапортехь анализ йина 2018-чу шарера 2025-чу шаре кхаччалц документашца гайтинчу 70 сов гӀуллакхан. Царех 46 Нохчийчохь хилла хIума ду, 13-ГIалгIайчохь, кхин а 12 – Дагестанехь.

Бакъонашларъярхоша билгалдоккху, полицино а, талламхоша а, кхелаша а дукхачу хьолехь оцу бале лаьцначу зудчун агIо ца лоцуш, доьзалан агIор бовлуш хилар. Низамхоша гӀо до гергарчарна цIера бевдда зударий лаха а, уьш дIатарбина церан тховкӀелонаш йовзуьйту, царна тӀеӀаткъам бо, ур-атталла, уьш байъа тарлуш хилар хьесапе а ца оьцуш.

Бакъонашларъяран проекташца цхьаьна болх беш йолчу, Оьрсийчоьнан репрессин низамаш бахьана долуш шен цӀе йовзийта реза ца хиллачу юристо карладаьккхира, кхерамаш тийсарх йа стаг тӀелатарх лаьцна латкъам кхаьчча, полицина тӀедиллина хилар процессуалан таллам бар. Шайга дIахьедар динчуьнга а цунна тIаьхьаваьлла лелачу стаге а, тешашка а хеттарш дан деза, кхелан медицинан экспертиза йан а йеза, тоьшаллаш вовшахтоха а деза. И тайпа таллам бан стандартан хан кхо де ду, амма иза 30 дийне кхаччалц дIайахйан а йиш йу, амма цул тӀаьхьа низамхоша бехктакхаман гӀуллакх долон деза, йа гӀуллакх схьадоьллуш дац аьлла, дуьхьало йеш, кехаташ хIиттон деза.

"Амма практикехь вайна гуш дерг кхин сурт ду. Дина дIахьедар, хIаъ, чу оьцу. Амма кхин дIа деш кIад а дац. 30 де даьллачул тIаьхьа 90 процент гIуллакхашкахь процессуалан сацам а зударшка кхочуш бац", - бохура къамелдечо.

Цо дийцарехь, ницкъахоша тесна йуьту ишта материалаш, цхьа кега-мерса чуьра хIума ду олий: "Бакъоларйаран органашна хьесапе ца хета цу тайпа гIуллакхаш. Шайн доьзалан чуьра гIуллакх ду, шаьш йист йоккхур йара цара-м олий, дуьту. Кхана-лама ша чу делла дIахьедар цо йухаоьцур ду, церан барт хир бу олий, эрна хан стенна йойъу?".

Дагестанерчу адвокато тӀечӀагӀдо, дукхахдолчу хьолашкахь полицин белхахоша зударийн латкъамашца цхьа а гӀулчаш ца йоху, церан дӀахьедарш "доьзалан гӀуллакхаш" ду аьлла, дӀа а теттина дуьту: "Халахеташ делахь а, кхерамаш туьйсу дукха хьолахь уггар а уллора болчара- хIусамдас йа вашас. Гергарчара Iаткъам а бой, шаьш чу делла арз йухаоьцу цара. Иштта орцах вала да а воцуш, шаьш буьсу уьш".

ХIинжа-ГIалахь, гайтаман сурт

Йукъараллехь ницкъбинарг бехказавоккху

Бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхур ду аьлла, хеташ волу цхьа а хIуттур вуй-те ницкъбан? "Цо цкъа а сацийна вац",- жоп ло цу хаттарна бакъонашларйархочо, «Марем» кризисан тобанан куьйгалла дечу Анохина Светланас.

Масална цо хьахийра Алхасова Динарин гIуллакх. Талламхойн зерашна тIетевжича, цунна бекхам бан хьалхе дуьйна кечбелла хиллера.

"Кхузахь цхьана а кепара аффектехь дина хIума ду бохийла дац. И дерриг а хьалхе дуйна ойла а йина, дина хIума ду, и гуш ду, цара цу йукъаозийначу нахе хьаьжча а. Цхьна-шина дийнахь план йаьккхина дина зулам дац и"- чӀагӀдо къамел дечо.

ТаӀзарх зуламхо кхоьруш цахиларан цхьа бахьана го цунна, йукъараллина хетачуьнца. Зударий байарх лаьцна бинчу хаамна бухахь даим а бехк оцу зудчунна тIехь буьтуш бу. И йийнарг дIакъаста йезаш ца хиллера, ца оьшура кафе балха йаха, йа марзхошна дуьхьал йийла ца оьшура бохуш, комментареш йазйо.

"Даим а луш дерг цхьа хаттар ду: "Ша йейта, хIун динера цо?", - тидам тIебохуьйту къамелдечо. – И тайпа комментареш йоьшучу божаршна хаьа, шайна йукъаралехь тIетовжийла йуйла".

Иштта Анохинас билгалбоккху Ӏедалан хьукматийн хӀоттам: "Полици а, талламхой а, кхелаш а доккхачу декъанна изза ойланаш йолчу божарех лаьтташ йу".

Бакъонашларъйархошца цхьаьна болх бечу адвокато билгалдоккху, цхьацца меттигашкахь дӀахьош болу барамаш кхин эвсара хир бац: "Йукъараллин хьежамаш а, пачхьалкхан институташ кхачам боллуш болх беш ца хилар а, Iалашйала эвсара механизмаш цахилар а дерриг а вовшашца доьзна ду. Хийцамаш системан кепехь хила беза".

Цо ишта бохура, полисхой а, кхечу хьукматийн белхахой а Iамон беза ницкъбина меттиг йовза а, оцу хьийзочу зудчо шайга раз дича, церан терго йан а.

Оьрсийчохь тахана а тIеэцна дац доьзалехь ницкъбарх комплексан низам. "Доьзалехь ницкъбарна профилактика йарх" проект а 2016-чу шарера схьа дуьйна листаза йуьсу. Амма 2019-чу шарахь депутаташ а, динан дай а цунна цIеххьана дуьхьалболвларна, цунна тIехь болхбар сацийра. 2025-чу шеран дечкен-баттахь «Новые люди» фракцино хийцамаш бира Зуламан кодексехь кхиазхошна а, доьзалан декъашхошна а тIегIортахь, жоьпалла чIагIдеш; инициатива министрийн кабинете а, Лакхарчу кхеле а хьажийра.

Анохинас кхайкхамбира массарна а дакъа кхача деза аьлла: "Шаьш Iалашдала лууш делахь, социалан машанашкхаь маьхьарий ца детташ, зударша цхьана а кхетта, низамаш хьалхатетта деза".

  • "Читай город" туьканара, АСТ арахоьцийлера, йаккхийчу элеткронан сервисашкара, маркетплейсашкара йухкучуьра сацийна Дагестанера зударшна тIехь ницкъбарх лаьцна Елецкая Натальяс йазйина "Салихьат" книга. Хьалхо оцу книгана арз динера Талламан комитете Оьрсийчоьнан йаздархойн дагестанхойн декъан куьйгалхочо Муслимова Миясата.
  • Зударшна тӀехь ницкъ баран уггаре а инзаречу кепех цхьаъ йу фемицид, йа феминицид - гендеран дискриминацица, цабезамца, йа идеологин хьежамашца зударий байар. Фемицидийн гӀуллакхаш дагардан хала ду - цхьа кӀеззиг пачхьалкхаш бен йац цуьнан статистика лелош. Цундела и тайпа зуламаш толлучу белхан доккхаха долу дакъа Ӏедалца йоьзна йоцчу юкъараллашна а, йукъараллин талламхошна а, жигархойн тобанашна а, журналисташна а тӀехь ду.