"Хьийзон халкъаш" Кадыров "маьршадаха" воллу, гечдар дехна нохчо, Кадыровн невцана дина совгIат

Кадыров Рамзан а, Алханов Руслан а

Дайначу кIирнахь Нохчийчоьнца боьзначу коьртачу хиламех лаьцна

"Iазапехь лаьттачу къаьмнашна" тIехIутту эскар вовшахтоха Кадыровна дагадар, Пригожин "сацон" лерина болу нохчийн Iедалхой, Нохчийчуьра вахархочо шена гечдар дехар, "терроризмаца къийсам латторна" Кадыровн невцана дина совгIат "терроризмаца къийсам латторна" Кадыровн невцана дина совгIат - цу дерригенах а, кхиндолчух а Маршо Радион иссолгIачу подкастехь дуьйцур ду. Иза дIахьошверг со ву - Эрсно Казбек. Маршалла ду шуьга! ХIиттайе лайкаш - тхо дIадуьйлало.

Your browser doesn’t support HTML5

Пригожин "сацон" лерина болу нохчийн Iедалхой, Нохчийчуьра вахархочо шена гечдар дехар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #9

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

"Хьийзон къаьмнаш" паргIат даха эскар вовшахтоха воллу Кадыров

Кадыров Рамзана дIахьедар дина, дуьненчуьра "Iазапехь лаьтта къаьмнаш" кIелхьарадоху эскар вовшахтоха воллу ша аьлла

"Суна лаьара, и тайпа эскар вовшахтоха, муьлххачу пачхьалкхе дIадахана, къаьмнашна гIо дан аьтто хир болуш. Шаьш демократица ду бохучу пачхьалкхашкахь хьийзош болчу нахана гIоьнна",- элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Цунна хетарехь, цу кепарчу тобанан декъахой хила богIу тайп-тайпачу пачхьалкхийн векалш. "Шайн синош ахчанах ца духкуш, низамна дIадала резаберш" аьлла, т1етоьхна цо.

Дагадоуьйту вай, чиллин-баттахь Кадыровс дIахьедира, ша "Вагнер" ЧВК йинчу Пригожин Евгенийн "конкурент хила" воллу, Iедалхочун балхара дIаваларца шен долахь тIеман компани вовшахтоха дагахь ву аьлла. Хьалхо Пригожинца цхьаьна Кадыровс йемалйира Оьрсийчоьнан тIеман министралла. Шен телеграм-каналехь регионерчу куьйгалхочо дIахьедира, ЧВК "Вагнеро" ша тIамана кийча хилар дIагайтина аьлла. "Путинан повар" цIе дIайахна бизнесахо шен ваша ву а элира цо.

"Путинан гIашсалти" ву ша баьхна Кадыров Украинехь тIом болабелча, Пригожинна муьтIахь хилла дIахIоьттира. Цул совнах, церан структураш йара цхьана бертахь болх беш. Нохчийчухула тIаме дIахьовсийна "лаамернаш" ЧВК "Вагнере" кхочура.

Оьрсийчоь Украине чугIоьртичхьана цу тIамехь дIакхалхар шен "лаам" хилар цкъа дIахьедина ца Iа Кадыров Рамзанa. Изза ца дуьйцуш болу республикин бахархой цо йемалбо. Амма ша хьаькам тIом боьдучу бейтта баттачохь цкъа а Украинерчу тIаманна герга вахана гина вац.

2022-чу шеран чиллин-баттахь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочун берриге болх тIеман агитацех а, шен махкахошка "лаамечеран" могIаршка дIайазло бохучу кхайкхамех лаьтташ бу.

КХИН А ХЬАЖА: Доллу дуьненчуьра "Iазапхьоьгу халкъаш" Iалашдан эскар вовшахтоха лууш ву ша аьлла Кадыровс

Пригожин "сацон" лерина болу нохчийн Iедалхой

Цу йукъанна Нохчийчуьра Iедал тIеман министраллина, тIеман партина йуккъехь лаьтташ ду. (тIеман парти - Оьрсийчуьра хьаькамаш, политикаш, бизнесахой бу, Украинна ма-хуьллу йоккха агресси дуьхьалайаккхарехьа болу).

Оха хьалха ма-дийццара, тIеман йуьххьехь Кадыров Оьрсийчоьнан куьйгалла йемалдеш, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочуьнгахьа Пригожинехьа хиллехь а, 2023-чу шеран йуьххьехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен хьежамаш цхьа цIеххьана хийцира. Иза Коьрта штаб а, Шойгу Сергей а хестон волавелира. Путин Владимир шена реза цахилахарна Кадыров кхерарца доьзна ду иза. ТIеман аналитикаша хадийначу мехаца, Украинерчу оьрсийн эскарехь болу нохчийн тIемлой тIамана пайден бац, билгалдаьккхира тIом толлучу америкахойн институто.

Охан-беттан чакхенгахь Пригожинца дов даларх даржийна эладитта долуш, нохчийн хьаькамо Соьлжа-гIалахь цуьнца шен даьккхина сурт дIахIоттира. Амма стигалкъекъа-беттан 2-хь ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо йуха а тидам шена тIеберзош, йолахошна тIеман гIирс цатоарах дIахьедар дира. "ТIеман гIирс хIинца а тхуна оьшучу барамехь луш бац", элира цо.

ХIинца Пригожинна, тIеман министраллина йукъалелаш верг Кадыровн уллора накъост, Оьорсийчоьнан парламентера нохчийн векал, Украинин, Малхбузехьарчу пачхьалкхийн санкцеша лаьцна волу Делимханов Адам ву. ТIаккхахула тIеман гIирсах дерг къастош, шега вистхила элира цо ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочуьнга.

"Вайна массарна а телеграмехь гира вашас Пригожин Евгенийс бина кхайкхам. Амма и цо соьга телефон а тоьхна, ала мегар дара. Тхойша зIенехь ву. Йаьшкашца нах хьийсон ца оьшура цхьацца хьукматашка. Цундела иза нийса ца хета суна", - бохура Делимханов Адама.

Нохчийн хьаькамаш сел чIогIа Пригожин сацавархьама тIеберзар стенца доьзна ду - церан шайн лаам бу и, йа Москван омра ду, йа кхиндерг - хууш дац. ТIеман министраллера гIирсаш тIаманна дIалуш Соьлжа-гIаларчара бен болх мел пайден хир бу, йа бац - цкъачунна хуур дац. Мухха делахь а, Пригожина шен гIуллакхна сагатдечу Делимхановга хIумма а ца элира.

Пригожин: "Адам, хьайн почтера кехат дешахьара ахьа", - йаздира цо Делимхановга хьажийначу хаамехь.

Цу дийннахь ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо, ша цIе цайаьккхинчу "цхьана ветеранан" дешнаш далош, йуха а йемалдира тIеман министралла. Цу хиламе хьаьжча, гуш ду, думера нохчийн векало иза "сацорхьама" хьегна къа башха пайден цахилар.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн думера векало  ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо тIеман гIирсах аьлларг  бакъдина

Нохчийчуьра вахархочо шена гечдар дехар

ДIадаханчу кIирнахь Нохчийчохь уггаре тидаме лаьцнарг дара - адамаша шайна гечдар дехар йуха карладалар. Украинехь тIом болабелчахьана дицдина лаьтташ дара иза. Цкъа хьалха машанашкахь аудио йаьржира. Цу тIехь ша Мутаев Мовлади ву аьллачу стага нохчийн маттахь Лакхарчу Неврехь серлонца а, газаца а, хица а хIоьттинчу хьолах дIахьедар дира. Меттигера куьйгалхой шайца "лараме цахиларх" дийцира.

Аудио чохь луьйш волчо и телхина хьал хорше дерзош, ша йуьртден дарже вахийта, ша цигахь дукха сиха "Сталинан раж хIоттор" йу элира. Цул тIаьхьа дукха хан йалале, кхин видео гучуйолу. Цу тIехь верг а изза Мутаев Мовлади ву олий. Стага Кадыровга а, "массо бусулбанашка а" шена къинтIера довлар доьху, ша шена вон мел дерг олий, ша сийсазво.

Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста гучуйуьйлу нахе къурд олуьйтуш йина видеорепoртажаш. Бахархой "сийсазбечу видеошна" 2021-чу шарахь арахецначу шен рапортехь тидам тIеберзийра Американ дуьненайукъарчу динан маршонан Комиссино. Талламан авторша Вашингтонна хьийхира, Нохчийчоьнан зорбанан а, хаамийн а министрана Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш йахар.

КХИН А ХЬАЖА: Кадыровга бинчу кхайкхамна тIаьххье гечдар дехна Нохчийчуьра вахархочо

"Терроризмаца къийсам латторна" Кадыровн невцана дина совгIат

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан нуц - регионерчу вице-премьеран Висмурадов Абузайдан кIант - Висмурадов Рамзан ву. Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министралло "терроризмаца къийсам латторна" цIе йолу некхехь лелон билгало йелла цунна. "Ахмат" спортан клубан коьртачу директорна и совгIат хIунда делла - Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министралло билгал ца даьккхира.

Дагадоуьйту оха, Висмурадовгахь йерг Кадыровн йоьалгIа йоI Табарик йу. Иза а, Кадыровн гонера кхинберш санна, тIом бахьанехь Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Украинин а санкцеша йихкина йу. Хьаькаман йоIана санкцеш дуьхьал хIунда йаьхна - хууш дац. Санкцийн тептарехь мел берш Украинехь Оьрсийчоьно дIахьочу агрессица уьйр йолуш бу, боху Киево. Кадырова Табарикан балхах хаамаш бац. Амма и хьахайо шайн хестамийн посташкахь хIора шарахь йинчу денца и декъалйечу меттигерчу хьаькамаша. Стохка Кадырова Таьарик марейахарх хаам а баржийра иштта.

2022-чу шарахь Висмурадовх "Ахмат" клубан коьрта директор хилира. Цул хьалха иза клубан латархо вара, ийначу кепехь латаршкахь дакъалоцуш а хуьлура.

Нохчийн спортан клуб "Ахмат" Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеша лаьцна йу. Кадыров а, цуьнан го а адамийн бакъонашна гIело йарехь бехке ларарна. Дуьйцуш дерш республикехь нах лечкъор, таIзараш дар, кхел ца йеш, адамаш дайъар ду.

КХИН А ХЬАЖА: "Терроризмаца къийсам латторна" совгIат дина Кадыровн невцана

ГIалгIайчохь берана йеттар

Охан-беттан 30-хь ГIалгIайчуьра Малгобекерчу берана йеттарна бехкзуламан гIуллакх долийна - цуьнан доьзалернаш хилла ца Iаш, берашна Iуналла дечу системин белхалой цхьаьна бу зерашна йукъаозийна. И хаам бира республикерчу талламийн комитетан урхаллехь.

Цул хьалха хиламах хетарг олуш вистхилира регионан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела. Цо дийцарехь, иза диъ шо долу йоI йу, иза хIинца лазартнехь йу. Берана лоьраша хIоттийна диагноз туьтанна-хьенна бина тIеIаткъам, мацалло кIелйитар, пхенаш ийзор, шинна а бIаьрга цIий доссар, шинна а агIор пневмони, анеми, гематомаш, аьлла йу боху "ГIалгIайчоь" Iедалан газето.

Mash Gor телеграм- канало дийцарехь, берана йеттарна бехке нана а, ненанана а хила тарло. Республикера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин пресс-центрехь даредира, и доьзал зазадоккху-баттахь кхиазхойн гIуллакхаш лелочу белхахойн тергоне эцна хиларх. Амма цу хьокъехь бан богIу болх бина бацара. Регионан куьйгалхочо Калиматовс меттигерчу декъан полисхочун белхан, берашна тIехь Iуналла латточу урхаллин, кхиазхойн гIуллакхаш лелочу инспекцин "ледарло" йу элира иза. Бехке лерира цо лулахой а, гергара нах а. Iеламхошка а, тайпанийн векалшка а цу хиламна тидам тIеберзор доьхуш, дIахьедарш дира.

Бехкзуламан гIуллакхан талламаш шен тергонехь латтор бу Талламийн комитетан коьртачу урхалло. ЙоьIан нана дIалаьцна йу. И тайпа гIуллакх ГIалгIайчохь дуьххьара толлуш дац - уггаре гIовгIане дерг хилира 2019-чу шеран товбецан-баттахь. Цу хенахь ворхI шо долу Ажигова 1айша кегйина меженаш йолуш, дагийна дегI долуш, гангрена йолуш, кхачийра лазартне. Цуьнан аьтту куьг лоьрийн дIадаккха дийзира. ЙоIана йиттинарг цуьнан дейиша Ганиева Макка йара. Иза а, хьалхо республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь болх бина цуьнан цIийнда Марзиев Iийса а бехке лерира берана гIело йарехь. Ганиевана кхело йуккъерчу рожехь йаккха йалх шо хан туьйхира, Марзиевна - луьрачу рожехь даккха ши шо ахшо.

Цу тIехь сан къамел чекхдолу. Аша ладуьйгIира Маршо Радион иссолгIачу подкасте. Йуха а шуна дагадаийта олу аса: нагахь санна, тхуна гIо дан шайна лаахь - хIоттайе лайк, дита кхузахь шайн йозанаш, тIаккха тхан ладогIархойн го кхин а шорло.

Йазло Маршо Радион подкасте: