Итт шарахь Кадыровс а, цуьнан доьзало а 13 миллион долларшкахь ахча дайъина доларчу кеманахь дIасалелаш

Airbus ACJ319 кеманан салон. Иштачу кеманан долахо ву Кадыров Рамзан

2014-чу шарера 2023-чу шаре кхаччалц схьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а доларчу кеманахь дозанал арахьа хехкалуш дайъина 13,1 миллион долларшкахь ахча. Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионалан хьаькамаша дайъинчу ахчанал а дукха ду и. Цуьнца оцу заманчохь дIасалелла 63 гергара стаг, Оьрсийчохь уггар а дукха "замой" бу уьш.

И гIуллакх теллина "Проект" гIирсан талламхоша, Федералан дозанхойн сервисан базера 100 миллион некъахочух лаьцна арабевллачу хаамашна тIетевжина, аьтто хилла церан и хьесапаш вовшахтоха. Къаьстина итт шарахь Кадыровс а, цуьнан гоно а 187-зза бизнес-джетах пайдаэцар. 137-зза бортан номер RA-73417 Airbus A319 кемана тIехь дIасалелла уьш. И кема дика девза шуьйра, йоккха салон хиларца, ткъа цуьнан мах 80 миллион долларш бу аьлла, хадийна "Дождь" телеканало. 2022-чу шарахь и кема Нохчийчоьнан урхалхочун дола дерзийра, формалехь Кадыровн шичина Эдильгиреев Шаруддина тIе а йаздеш.

Уггар цIен мах болу дIасадахар хилира кеманан 2023-чу шарахь гIуран-баттахь. ХIетахь Кадыровн кхоалгIа кIант Зеламха (Iела йа Эла) вахара цу тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-гIуллакхойн сервисан белхахочуьнца Таиланде. 219 эзар долларш бара цуьнан мах. Тхан редакцино йаздира, Зеламхана цигахь Iаморашкахь масех бутт баккхарх UFC-н чемпионца Чимаев Хьамзатца а, кхин а иттаннашкахь арахьарчу пачхьалкхашкара спортхошца а.

2021-чу а, 2023-чу а шерашкахь Мальдивашка боьлхуш йиъ рейс кхочушйеш хӀораннан а мах бара 200 эзар долларш ца кхоччуш. Кадыровн йишин кIентан Закриев Якъубан доьзало а, Нохчийчоьнан урхалхочун шина йоIа шайн хIусамдайшца а, берашца а садаьIира архипелагехь. Оцу йукъанна доккхачу декъана КадыровгIеран садоIу меттиг Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь а, Туркойчохь а, СаIуда Iаьрбийчохь а бу.

Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а кхечу губернаторша йинчу харжах лаьцна а къаьстина журналисташна. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дикка тӀаьхьа а вуьсуш ву Ростовн кӀоштан губернатор Слюсарь Юрий, кеманахь дIасахехкалуш цо дайъина 3 миллион сов долларшкаь ахча. 2024-чу шарахь, ша политике вале, цо куьйгалла дира "Цхьаьнатоьхначу авиагIишлошйаран компанин". Кест-кеста шен хьаькамца, карарчу хенахь вице-премьер волчу Мантуров Денисца дIасалелаш вара иза, ишта шайн доьзалашца садаIа Испане а, Мальдивашка а боьлхуш.

Кхарачойн-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида мел лахара а дайъина 375 эзар долларш, билгалдоккху "Проекто". 253 эзар долларшкахь ахча дайъина Астраханан кIоштан губернатор Бабушкин Игорь дIасалелаш. Кубанан куьйгалхочун Кондратьев Вениамина хьашташна дайъина 144 эзар долларш. Уггар а кIезиг харж йинчех ву Кавказехь ГIалмакхойчоьнан куьйгалхо Хасиков Бату (35 эзар долларш) а, Адыгейн куьйгалхо Кумпилов Мурат а (15 эзар долларш).

  • Кадыров Рамзанан йишин кIанта Закриев Якъуба шорйеш йу шен бизнес- Оьрсийчоьнан Данон компани йоцург, хIинца цо урхалла деш йу пластикан шишанаш деш йолу йоккха завод а. Францхойн Aptar Europe Holding-н долахь йара и. Стохка цунна пайда хилира 750 миллион соьмана.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоӀарша Ӏайшата а, Хадижата а, ХутIмата а, Табарика а шайн визажистана Хачукаева Дианина совгӀат дира бриллиантан Cartier хIозца. Цуьнан мах бу кхо миллион сов сом– политикан йоӀаршна оццул ахча стенгара даьлла, хууш дац.