Нохчийчуьра криминалан авторитет лаьцна полицино Петербургехь

Гайтаман сурт

Криминалан гонашкахь "Слепой Рашид" цIарца дика вевзачу, Нохчийчуьрчу 57 шо долчу Сербиев Рашида куьйгалла ден курхалчийн тоба лаьцна Санкт-Петербургехь полицино.
Организаторш боцурш а, тобана юкъахь хилла фирман номиналан директор а, цуьнан кIант а, Санкт-Петербурган а, Ленинградан кIоштан а кхо вахархо. Уьш берриш а лецна.

Уьш лецна курхалла лелийначу тоьшаллашца. Талламан версица а догIуш, 2020-чу шеран бIаьста Уралерчу бизнесхочун Федоровн компанино Петербургерчу ООО "Транспорт Консалтингера" 11,5 миллион соьмана гIишлошъяран гIирс эцнера. Бизнесхочунна гIирс а дIа ца кхачийна, йа ахча а юха ца делла, яздо "Фонтанкас".

Гергарчу хенахь дIасабовлар доьхкуш кхело сацам тIеоьцур болуш бу церан хьокъехь.

Хьалхо Санкт-Петербургехь инцидент иккхира Невскан кIоштарчу хьешан хIусамехь. Нохчийчуьра а Узбекистанера а, Таджикистанера а бахархошна юкъахь даьлла дов летаршца дирзира. Иттаннашкахь нах лийцира хIетахь.