Лулахошна йиттина хилла "Ахматан" латархо Украинерчу тIамехь вийна

Юнусов ДжихIад

Украинерчу тIамехь вийна латархойн "Ахмат" клубан хилла декъашхо Юнусов ДжихIад. Соьлжа-ГIалахь шина зудчунна йиттинчул тIаьхьа тIамтIе вахийтинера иза. Цунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх хиллий а- хууш дац. Меттигечру Iедалхоша дош деллера, шаьш "цунна хьакъ долу таIзар" дийр ду аьлла.

Юнусов кхалхарх лаьцна дуьххьара хаамбина нохчийн "NIYSO" боламо. Жигархойн хаамашца, йуьхьанца бина барт хиллера боху, штурмашкахь цуьнга дакъалоцуьйтур дац, контрактан хан тIамана генахь йоккхуьйтур йу аьлла. Амма командирца дов даьлла хиллера цуьнан. "Оьрсийчоьнан эскарехь деш ма-хиллара, йуха ца богIучу меттиге вахийтинера иза", - чIагIдо боламан векалша. NIYSO-но шайна и хаам стенгара хиъна а, дуьйцуш дац. Маца, муха валар нисделла Юнусовн -хууш дац.

Спортхо шен лулахошна тIелеташ, стигалкъекъа-баттахь видео нахалайелира. Иза церан кочавахна хиллера, оцу хIусамна чу воьдучохь, цуьнан петаран неI а гойтуш, йиллинчу камерана тIехула. И видео дIасайаьржинчул тIаьхьа Юнусов "Ахмат" клубан йукъара дIаваьккхира, ткъа Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира шаьш таллам болорах цу гIуллакхан хьокъехь. ЖамIаш хIинца а довзийтина дац. Оцу хиллачух лаьцна вистхилира ишта къоман политикан, арахьарчу зIенийн информацин министр Дудаев Ахьмад. Цо чIагIо йира, «догIу таIзар дийр ду бехкечунна» аьлла. Дукха хан йалале Юнусовс хаамбира, "Север-Ахмат" полкан декъехь ша Украине тIом бан воьдуш ву аьлла. Оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос бохура, Нохчийчоьнан урхалхочунна "дукхабезачех цхьаъ вара иза".

  • Карарчу беттан йуьххьехь нохчийн жигархоша дIахьедира, Украинана дуьхьал тIом бан махкара 80 стаг хьажийна аьлла. Уьш хиллера ницкъаллин структурийн белхахоша хьалхо лечкъийна бигина, лаьцна латтош хилла нах. Кхечу хьостанаша кхунах лаьцна дуьйцуш дац. Меттигерчу Iедалхоша а йеш комментарий йац. Оцу йукъанна стохка Нохчийчуьра Лакхарчу кхело NIYSO "экстремистийн организаци" йу аьлла, дIакхайкхийра.