68 шо долу Транснационалан радикалан партин секретарь а, Европарламентан декъашхо а хилла волу Оливье Дюпюи Белгехь кхелхина. 2004-чу шарахь цо мацалла кхайкхийра, 1944-чу шарахь нохчийн халкъ нуьцкъала махкахдаккхар геноцид хиларх резолюци тӀеэцийта тӀеӀаткъам беш.
Йеххачу заманчохь лазар текхна велла иза, йаздо Италерчу Linkiesta сайто. Брюсселехь кху беттан 8-чу дийнахь иза дIаволла де билгалдаьккхина.
2004-чу шеран йуьххьехь, Нохчийчохь шолгӀа тӀом боьдуш, Дюпюис дуьхьало йеш мацалла кхайкхийра дуьненаюкъарчу "Машар а, адамийн бакъонаш а" цӀе йолчу цхьаьнакхетараллин президентах, нохчочух Ибрагимов Сайд-Эмих дIа а кхеташ. Дюпюис мацалла лайнера 36 дийнахь, Ибрагимовс- 42 дийнахь. Эххар а Европарламенто къобалдира нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар геноцид хилар.
2017-чу шарахь тхан сайтана йеллачу интервьюхь Дюпюи Оливьес дӀахьедира, дуьненайукъарчу институто дуьххьара къобалдо хьалхо къайладаьккхина йа харцдеш хилла мехала политикан а, историн а бакъдерг аьлла.
- 2004-чу шеран чиллан-беттан 26-чу дийнан резолюцин 15-чу могIарехь йаздина ду: "…1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь Сталинан омраца доллу нохчийн къомана Йуккъерчу Ази депортаци йар геноцидан акт йу 1907-чу шеран Гааган ЙоьалгIачу Конвенцино а, геноцидан зуламашна дуьхьало латточу ООН-н Инарла Ассамблейно 1948-чу шеран гIуран-беттан 9-чохь тIеэцначу Конвенцица а билгалдаккхарца" аьлла.
- 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь йолийра "Чечевица" операци. БIеннашкахь нохчий а, гIалгIай а махках баьхна Йуккъерчу Ази дIабигира. Масех дийнахь Казахстане дIакхачийра 400 эзар гергга стаг.