Нохчийчуьра а, Дагестанера а бахархошна йаккхий хенаш йиттина Псковера десантхошна тIелетта бу аьлла

Псковсн десантхой бу Нохчийчохь, 1999 шо. Константинов Олеган архив

Къилбан гонашкарчу тIеман кхело 23 а, 24 а шераш хенаш тоьхна шогачу хьелашкарчу набахтехь такхийта Нохчийчуьра вахархочунна Таушев Арсланна а, Дагестанера Кошманбетов Расулна а. И шиъ бехкевина 2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковера десантхошна тIелатарехь дакъалаьцна аьлла. Цу шиммо а бехкаш тIе ца лаьцна.

Талламо чIагIдо, Ичкерин командиран Басаев Шемалан герзашца вовшахтоьхначу тобана йукъахь Оьрсийчуьра эскархошна тIелетар шдинчу "НогIийн джамаIата" декъахь хилла Таушев а, Кошманбетов а бохуш. Ницкъахойн хьесапашца, цу шиммо "масийттаза нийсаллица герзаш диттина". ХIетахь Псковера десантхойн 6-чу ротера 90 эскархочух вийра 84, кхин а веанна чевнаш йира.

40 шо долу Кошманбетов Расул Дагестанерчу Кизляран кӀоштара ву, ткъа 53 шо долу Таушев Арслан Нохчийчоьнан Ноьвран кӀоштарчу Шелковская йуьртара ву. И шиъ экстремистийн а, террорхойн а тептаре йазвина ву Росфинмониторинго.

Кхелан сацам хӀинца а низаман ницкъе баьлла бац, цунна латкъам бан йиш йу.

ТӀаьхьарчу шерашкахь ФСБ-но а, Талламан комитето а кест-кеста лоьцуш бу цу тӀамехь дакъалаьцна бу аьлла, шайн шеконашца болу нах, ткъа хӀинцале а масех бӀе стаг бехкевина цу гӀуллакхехула. Амма цхьаболчу бехкебечара чӀагӀдора, шаьш бехкаш тIелеца декхарийла хуьлура, шайна тIехь гӀело йинчул тIаьхьа бохуш.

  • Къилбаседа Кавказехь Басаев Шемалан тобанехь дакъалаьцна хиларна а, Псковерчу десантхошна тӀелатар дарна а бӀеннаш нах толлуш бу. Амма адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а тидам тIебохуьйту, церан тоьшаллаш шеконе хиларна, хIунда аьлча, бехкебечарна Iаткъам бора, къайлабаьхьначу тешех пайда а оьцура, цо а хеттарш кхулла кхелаш нийса йина хиларх. Тхан редакцино къастийра, и гӀуллакхаш муха толлу а, оцу дохкучу даккхийчу бехкийн бухахь хIун ду а.
  • 2000-чу шеран чиллан-баттахь Шуьйта кIоштарчу Улус-Керт йуьртана уллохь хIаллакйира Псковера парашютан-десантан 76-чу дивизин полк. Официалакн версица, десантхоша тIом бинера Басаев Шемалан тобанца: кхо эзар гергга тIемалой хиллера цунна тIаьхьIоьттина, ткъа Оьрсийчоьнан эскархошлахь – 90 стаг. Царех 84 вийра, вара царлахь 13 эпсар а. Оцу тасадаларх пропагандистийн тIеман миф хилира, цунна лерина масех исбаьхьаллин книга а йу йазйина, даьхна иллеш ду, кинош а йу.
  • Талламан комитетан зерашца, хьалхо билгалдаьллера тIелатарна гунахь ву 43 стаг аьлла, царах 24-нна йаккхий хенаш тоьхна, ишта белла дIабовллалц чохь латтош а бу цхьаберш.