РогIерчу даздаршка арабевлла Нохчийчуьра бахархой

Соьлж-ГIала, Гезгмашин-беттан 6-гIа де, 2013 шо. (Маршо Радион архивера сурт).

Your browser doesn’t support HTML5

РогIерчу даздаршка арабевлла Нохчийчуьра бахархой

Нохчийчохь даздеш ду къоман цхьаалийн де. Иза коьртачарех де лоруш ду махкаь долчу таханлерачу Iедалша. Оцу денна хьажийна Соьлж-ГIалана юкъахь митинг дIаяьхьира, маьрша а, машаре а Нохчийчоь хестош, цунна хьалха ваьлларг а вазвеш.

Цхьацца Iедалан хьукматашкахь а, урхаллашкахь а цу гIуллакхана аьлла цхьаанакхетарш а, дийцарш а, концерташ а хилира. Шуьйра дийцира цигахь а, Нохчийчоьно муха меттиг дIалоцу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан барамехь.

Нохчийчоьнан бертан а, цхьааллин а де аьлла дIакхайхкина дара 2002 шарахь, хIетахь республикан коьртехь хиллачу Кадыров Ахьмада. И де хьаржар а шен бахьана дара. ХIетталц Гезгмашин-беттан 6-гIа де Ичкерин пачхьалкх кхолларан де санна лоруш дара. Цундела и де, дIа а ца тоттуш, дитар бахьана дара оцу агIор а, вукху агIор а нохчий цхьана ойлане балабан.

Iедалша и де мухха а тидахь а, юкъараллехь нохчашна юкъахь барт а, цхьаалла боху хIума генахь ду аьлла хета цхьаболчу нахана. Соьлж-ГIаларчу вахархочо Хамзатов Ильяса бахарехь, нохчий цхьана ойланехь хуьлу бохаман, я йоккхачу харцонна хьалха. Иштта хилира, цунна хетарехь, ши де хьалха Соьлж-ГIалахь дIаяхьанчу митингехь элира цо.

Хамзатов: «Нохчийн къоман барт хилла 2002 шарахь дуьйна цхьа де деара ши де хьалха. Мьянмехь болчу рохIинджашна гIо дан деза аьлла митинге гулбалар тIехь барт хилира. Кхин барт хилла суна-м ца хааlелла».

Даима барт хилийта нохчашна юкъахь хIун дан деза а элира Хамзатов Ильяса. Нийсо цунна бухе йиллина хила еза аьлла хета цунна.​

Хамзатов: «Соьга хаьттича нахана юкъахь барт хилийта наха хIара цигара вуй, важа цигара вуй бохуш, бекъа а ца боькъуш, нийсонца лара беза массо а. Иза хета-кх суна».

Гезмашин-беттан 6-гIа де дукхачу нехан дагалецамашкахь нохчаша шайн пачхьалкх кхоьллина де санна лорурш а кIезиг бац кхузахь. Нехан дегнашкахь ду иза, аьлла дийцира Теркйистан кIоштара вахархочо Абуев Зиявдис.

Абуев: «ХIа хIуъа а дийцича а вайн къоман маршонан де ду хIара. ЖовхIар вайн дуьххьарлера президент а ву.

И де дицдайта гIерташ нах а бу. Шайна ма луъу хIума лелор ду цара, амма нехан дегнашкахь лаьтташ ду и де. Хан-зама хийцало. Тахана цхьангехь ду иза, кхана - кхечуьнгахь».

Нохчашна юкъахь барт а, цхьаалла а баккъалла а, моттаргIанехь а доцуш, хилийта дукха хIума ца оьшу аьлла хета нахана. Нийсо ю оьшург. Иза цхьаболчу нахана ю аьлла ца хета таханлерчу Нохчийчохь.