ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муьлхачу Набахтера бу Теза-Кхаьллахь Байъина «ТIемалой»?


Нохчийчоь, "Малхбале" цIе йолу нохчех лаьтта тIеман дакъа, 2004 шо.
Нохчийчоь, "Малхбале" цIе йолу нохчех лаьтта тIеман дакъа, 2004 шо.

20 баттахь дIабаьхьначу тIамехь ша толам а боцуш йисар, шена бетах тоьхна тIара санна, тIеоьцура Оьрсийчоьно. КхидIа а шайн маршонах тийсалучу нохчашна салоццуш таIзар дан кечбечу рогIерчу тIеман Iалашоне йиллинера Кремло керла доктрина - и къам цуьнан шен куьйга, шех болчу нехан гIоьнца дакъаздаккха. И цуьнга, дерг ма-дарра аьлча, дан а делла...


1999-чу а, 2001-чу а шерашкахь Республикана тIе масситта бIе эзар тонна бомбанаш, хIоьънаш, даш диттинчул тIаьхьа, тIамо бIаьхойн могIаршка баьхна цуьнан куьйгалхой а, алссам тIеман баьччанаш а шаьш хIаллакбинчул тIаьхьа, Соьлжа-ГIала а, къошташ а тIеман эпсарийн, оьрсийн коммендантийн карара а йохуш, шегахьа бевллачу, шена муьтIахь хиларх ша тешийначу нохчийн карадала долийра президента Путин Владимира.

Ваша - вешина дуьхьал

Баккъала а, къоман цхьа доккха дакъа кхечу доккха декъан луьра мостагI а деш, герзашца дуьхь-дуьхьал даха аьтто белира Оьрсийчоьн оцу мурехь тIаьххьара а. ТIаккха долийра федералан эскарийн дакъош махкара арадаха, церан метта бухахь нохчийн кегийрхойх «Къилбе», «Къилбаседе», «Малхбале», «Малхбузе» боху цIераш техкина дакъош вовшахдетта.

Дуьне цецдалар тамаше а доцуш, шаьш нохчий а тIехь цецбохура Оьрсийчоьно, ваша вешина дуьхьал хIоттийча, тIеман эвсаралла совъяларо. Цхьана хенахь, йогIийла дац нохчаша нохчий бойъу зама, баьхна вайнах хиллира, къизаллах, луьраллах, тешнабехках герз а дина, федералан эскаршна юкъахецначу нохчийн батальонаша Путинна хьалха гойтучу хьуьнаршна кIера.

ХIинца-м цунах эргIадъэхар а дитина вайн къомо - цхьа а цец ца волу капитанан Даудов Анзоран «Къилбе», я Кадыров Рамзанан шичин Делимханов Iелимбекан «Къилбаседе» батальонашкарчу цхьана, я кхечу бIаьхочунна «Оьрсийчоьнан Турпалан» седа белла, аьлла, хезча а. Хаьа нахана и седарчий нохчий хIаллакбарна луш дуйла а, и схьаэцчначух воккхавейла доцийла а.

Бакъду, «гIиллакх», «оьздангалла», «яхь», «нохчалла» боху деза дешнаш юьстаха дуьсу тахана Нохчийчохь дела денна хIуьтту суьрташ талла воьлча, хиламийн хатI зере диллича.

Тахана нохчийн къам мел дакъаза даьлла, мел дукха баьржина халкъалахь пайда боцу нах гойту кху доладеллачу шеран цхьана хиламо а – Веданна гена йоцчу Теза-Кхаьллан а, Дишни-Веданан а хьаннашкахь хиллачу «тIематасадаларо».

Дечкен беттан 8-гIачохь Нохчийчуьрчу полицин хьостано хаам бира, Веданан кIоштахь тIеман операци ю дIахьош, ши эскархо , билгал а доккхуш аьлча, ши нохчийн эскархо кхелхина, 14 лазийна, гIаттамхойх кхоъ вийна, аьлла.

Хьаннашкахь гучуяьлла тоба итт-пхийтта стагах лаьтта, уьш гоне а лецна, бохура чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Оццу дийнан сарахь Кадыров Рамзана мехкан телевизионехь бакъдира хилларг, гоне лецна «шайтIарчий» Дагестанера даьхкинчух тера ду, аьлла, билгал а доккхуш.
Операци ерзочу 10-гIачохь мелла а шорбира хаам: кхелхина кхо эскархо а, цхьа полисхо а, тIемалойх вийнарг ву пхи стаг, аьлла.

Хаам, ша иштта дIа тIехула хьаьжча, тIематасадалар дирзича даима а хуьлучех бара. Амма байъинчу эскархойнний, тIемалойнний терахьаш, дуьхь-дуьхьал а хIиттош, Iедалхоша шозза карладаьхна хиларо а, байъинчийн цIераш юьйцуш яцаро а шеконе бехира нах. И шеко оццу деношкахь дIа а хазийра хаамийн гIирсашкахула Соьлжа-ГIаларчу бакъонашларъярхоша. Хила а ца хиллера и дар эрна.

Iедало ша тIемалой байъина, аьлла, хIаллакбинарш бовзуьйтушшехь, «Мемориал»- юкъаралло дIахьедира, вуьйцу и кхо стаг хуьлийла дац, эскаршна дуьхьал а лаьтташ, тIом биначех, аьлла. Буьйцурш бу тIаьхьо гергарчарна шаьш Соьлжа-ГIала декъешна тIехIитта полицино дIакхайкхича вевзина волу Айдамиров Iела а, Душаев Халид а, Адизов Исраил а.

И кегий нах гIаттамхошца цхьаьна хьаннашкахь хилла боцийла, уьш ах шо хьалха Iедало лечкъа а бина, шен карахь кхаьбнийла гойту деккъа дIа «Мемориало» тоххарехь дIасадаржийна хиллачу хIокху цхьана документо а. 2011-гIачу шеран товбецан беттан 8-гIа де. Соьлжа-ГIаларчу «Мемориалан» офисе шен воI схьалохуш гIо дар доьху мехкан шахьарахь ехачу Айдамирова Луизас ша цига яздечу кехат тIехь.

Оцу кехато а, цул тIаьхьа «Мемориало» бинчу талламаша а кхетаво, Айдамиров Iела, шеца цхьаьна Душаев Халид а, Адизов Исраил а волуш, полицино Гуьмсехь, уьш цигарчу аквапаркера арабевлча, цаьргахь паспорташ ца хилар бахьана а дина, дIалецна хилар. ХIетахь дуьйна царах хиллачунна тIаьхьа ца кхуьуш дукккха а когаш биттина церан гергарчара а, «Мемориалан» белхахоша а.

Теза-Кхаьлларчу тIематасадаларехь уьш байъина бохург Iедало дуьйцучу хIуманашца ца догIу. Кхаа кIанте Соьлжа-ГIаларчу морге хьовса бигинчу гергарчара чIагIдо, уьш тIемалоша аьхка тIедухучу духарахь бара, гоьллелц ло лаьттачу Веданан хьаннашка церан бедарахь вахана стаг цхьа а тIом а ца оьшуш ша гIорор вара, хIоттийнарг моттаргIа ю, бохуш. Ткъа бакъонашларъярхоша шаьш кхетта боху Кадыров Рамзанан Iедало динчух: набахтехь, я тIаьхьо Теза-Кхаьлларчу хьаннашкахь вен а вийна, тIемалой бу, аьлла, халкъана хьалха охьакхийсина Айдамироввий, Душаеввий, Адизоввий.

Адамаллина духьал дина зулам

Хиллачо мелла а шена тIе тидам берзийна кху деношкахь журналистийн а, бакъоларъярхойн а. Бакъду, кIезиг бу царалахь ша Нохчийчуьра нах. Иза а кхеташ ду стенца дозу. Яц цигахь дешан маршо, ког хецна еха массо тайпа харцонаш – хIора а кхоьру шена Айдамировххий, Душаеввххий, Адизовххий хилларг хиларна.

Ткъа «Мемориалан» куьйгалхойх волу бакъонашларъярхо Черкасов Александр теша адамаллина дуьхьал и тайпа харцонаш йоху Iедал, хуьлда и Нохчийчуьрниг, я Оьрсийчуьрниг, озалур ду жоьпалле бохучух. Цундела ду цуьнан, кхечу юкъарлонийн векалш санна, тийнна Iад ца Iаш, юха а нохчийн къомах орца дохуш хилар а.

Черкасов: "Гуманитаран бакъонаша тIедожадо дина зулам, адамаллина дуьхьал даьккхина тIеман зулам хилар къастош, деккъа цхьа сурт гайтина а ца Iаш, кхин а эксцессаш Iораяхар, Iуьналлера бевлла, цхьаьнгге а ла ца дугIу, акхабевлла эскархой охьабийцар.

Хьал муха ду аьлча, нах доьза бар – уьш хьалххе дIа а лецна, набахтехь а кхаьбна, байъина, цига охьакхийсина, бохург – и адамаллина дуьхьал дина зулам хилар къастало, нагахь санна иштаниг даима а деш нислуш делахь. Ткъа иза дан вуно хала ду, хилла кхелаш а йоцуш, тIетовжа сацамаш а боцуш, кху Оьрсийчохь къастон.

Ткъа ю шен сацамна муьтIахь хила Оьрсийчоь декхаре еш кхел – иза Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхел ю. Оьрсийчохь тхан нах доьза бар толлуш дIадаьхьна кхо дов бен дацахь а, Страсбургехь еккъа цхьана Нохчийчоьнах дозуш листина даьлла 2011-гIа шарахь 134 дов. Европин адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листина кеп-кепарчу хьелашкахь нах доьза бар къастош девнаш. Цара таро ло и тайпа зулам даьржина хилар дIагайта .

...Ткъа иза иштта делахь, 2006-гIачу шарахь тIеэцначу нах доьза бар емал дечу Конвенцино, хIара зулам даьржинчех а долуш, адамаллина дуьхьал дина хилар билгалдаккха аьтто ло."

Политикан, пачхьалкхашна юкъахь лелачу гIиллакхийн шайн хатI хуьлу даима а. Черкасов Александра ма-баххара, Iедало Нохчийчохь халкъана тIехь Iазап латтош хилар, нах идор, доьза уьш байъар система юйла дIахаийта дезаш нисло, тIаккхий бен ца чIагIло дуьненан бIаьргаш чохь харцонан цIе - и санна хIуманаш мел дукха нохчашна гуш делахь а, уьш тоьшаллаш доцуш санна Iаддуьсу.

Нах охьатаIийна латтош бу Iедало

Ткъа ала дац, массо а ву кIилло, массо а Iа харцонна кIел бийшина. Масала, Нохчийчуьра аз ду хIара. Теза-Кхаьллахь хилларг хезначу Соьлжа-ГIалин вахархочо Iелас хадабо махкахь, дIаюьйшуш а йоцуш, нах доьза бойъуш, къахьоьгучу урхаллийн шена хета мах.

Iела: "Кхузахь лелош ерг доза доцу харцо ю-кх. Сан накъост Нажи-Юьртара, иза «гIагIнехь» воьлхуш ву-кх, цуьнан кIант тIемало вуй, тIемалошна гIо дина вуй, бохуш, 15-16 –за лаьцна, чохь валлийна. ХIинца, цара и билггал вуьтур воцийла хиича, кхечу пачхьалкхе дIавахийта нахера ахча вовшахтухуш ву-кх иза, дан хIума а ца хилла, и вен ца вейта, хIаллак ца вайта.

И кIентий, лоьций , тоьли чу а бухкий, тиш а бой, мажош а йовлуьйтий, эцца хьуьнха охьа а бохкий, «хIорш оха байъина, дуьхьало еш бара», олий, кара герз эцна а боцу... хийла меттигаш ю. Нах, ломара а, лаьмнашна генара а , «гIарчI»-аьлла, охьатаIийна латтош бу. ЛадегIамехь ду адам, «хIинцца-кхана»,аьлла, цуьнан гуш тIаьхье яц, тешаме хан-зама яц..."

Теза-Кхаьллахь хилларг «Мемориало» ма тиддара ду, тIечIагIдо Нохчийчохь лецначу а, набахте хьежийначу а кегий нехан терго ечу «Ненан аз» - юкъарлонан куьйгалхочо Межидова Зайнапа. Цунна ша болх бечу иттех шера чохь дуккхаза а байна тахана Iедало хIаллакбинчу Айдамиров Iелин, Душаев Халидан, Адизов Исраилан а санна кхолламаш.

Оцу кхааннах цхьаъ дIаверзош хилла тезет дуьйцуш, Зайнапа дагалоьцу цунна лулахь ваьхначу кхечу кIантах дукха хан йоццуш хиларг. И тайпа хиламаш мехкан хотIехь бисина бевлла, бохуш бу бакъоларъярхочо Маршо Радионе бен латкъам.

Мужидова: "Цигарчу тезетана уллехь, кхоалгIачу-доьалгIачу цIа чохь вехачу цхьана кIантана цара хIун дина! Нана йоккха стаг ю, да вийна, йиша-ваша дац, маьркIажан ламазна гIуммагIа а эцна араваьлла и кIант, ...гIуммагIа охьахIоттийна ю, ткъа ша вац. Стенга вахана а ца хаьа, кара а ца во... И цхьа гIийла волу кIант вуй, иза дIа а вуьгий, тIе бедарш а юхий, улле герз охьа а дуьллий, воь. И хуушехь, хатта стаг вац-кх кху Нохчийчохь! Ахь нийсаниг аьлча, вен а воьй, дIавоккху."

Хьалхо Оьрсийчуьрчу «Мемориалхочо» Черкасов Александра ма-аллара, халкъана Iедалан ницкъаша шена тIехь латточу Iазапах мукъадала лаахь, гайта деза дуьненна шена ечу гIелонан тоьшаллаш. Ткъа и тоьшаллаш, веккъа ша ара а ваьлла, дIагайта воьлларг тIех гена а ца волуьйту оццу Iаьржачу ницкъаша.

И дерриг гаро, кхетадаро эрна хоьтуьйтучух тера ду нахана Iедалца къийсар а. Цундела а ду оццу полицин я ,аьр вай, «Малхбале» батальонан, шаьш-шайх а ца богуш, Iедалх а ца кхоьруш, муьлхха а зулам дан хIуттуш хилар, бохура «Ненан озан» хьалханчас Межидова Занапа. Амма и ца кхоьру шех Iедало дан тарлучух. Ца кхоьрийла-м дац, делахь а, шен яхь дIа ца яла гIерта-кх.

"Кхерам боцуш-м цкъа а дацара... со ца кхоьру и Дела воцчух – Дала яздинчух стагга а вер вац. Муьлххачу а кхеташонехь,гуламехь хилча а, ас бакъдерг бен дуьйцур дац, со юьйр елахь а... Делан элчанора, со хьера йолуш-м лаьтта...

Ханкалахь декъий, тIе латта а тесна, дIадоьхкина меттиг евза суна, шина ор чохь мел декъий ду хаьа суна, и дIааьлла ас, ГРУ лаьттинчохь, уьш дIагайтина ас, декъешна талламаш бен лаборатори эца, Путина ца делча, ахча дац, бохуш, дуьсу уьш схьадаханза. Иза а ца до, суна-м ца хаьа айса хьун дийр ду а...

Юьйр ю хьо, ма дийца, олу, хотту соьга кест-кеста, ахь иштий-иштий аьллерий – аьллера, хьуна кхерам болун дела хаьттира ас-м, бохуш, дIакхойкху соьга Нухаджиевн (Оьрсийчоьн президентан цIарах Нохчийчохь адамийн бакъонийн терго еш волу хьаькам – Ч.Л.) гIоьнчас, ...ас боху, суна хIун кхерам хир бу, ен бен юьйр юй аша со... ХIара ган а гуш, со лела ца ло-кх, Iад ца Iало-кх со... валлай, бала бу-кх..."

КIира даьлла Теза-Кхаьллахь кадыровгIара тIом бина а, цигахь дуьхьало йинчу тIемалойх ву, аьлла, ах шо хьалха шайн карах вайна кхо стаг вийна а, уьш гергарчарна хьалха охьатийсина а. Оццул хан ю «Мемориало» Нохчийчоьн чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а, эскар а адамаллийца догIуш доцчу зуламна бехке дина а. Амма полисхоша, я эскархоша цхьана а кепара, шаьш бехке дацар гойтуш, довзийтина дац хIумма а. Цу тIе, Iедало а ца боху хIумма а.

"Де догIур ду оцу нахе а жоп доьхуш..."

Делахь а, леларг а, лелларг а дицдина паргIат Iаш хуьлийла дац нах. Оцу хьокъехь Маршо Радион къамел хилира нохчийн къомах ша хIинца а жоп луш лоручу Ичкерин дозанал арахьарчу Iедалан куьйгалхочунца Закаев Ахьмадца. Цунна иштта го даймахкахь халкъана тIехь эра доккхуш лелачу Iазапан сурт, цуьнан мах.

Закаев: "Яздина, охьадехкина низамаш хиларал а совнаха, хIора стага шен синкхетаме, шен деган ойлане, шен оьздангалле хьаьжжина тIом а бо, къийса а къуьйсу, дов а до. Стага, шена чухула доккхий бен, леладеш дац иштаниг. Ткъа тахана тIом бечу нахана дуьхьалбевллачу нехан коьрта Iалашо шайх кхетта ямартлонан ун халкъана юкъадаржор ю. Духхьал дIа шайн син боьхаллийца доьзна хIума а ду иза, цара оцу тIехь дIахьош болх а бу иза.

ТIемалошца ойла ю, аьллий, тIемалошна гIо дина, аьллий, тIемалой болчу агIор дIахьаьжна, аьллий, доцчу бахьанашца схьа а лецна, церан набахтеш чохь бохкуш нах бу. И нах царна кIар а ца ло, уьш цаьрга кIел а ца битало, шаьш бохучу тIе а ца бахало, тIаккха уьш байъа а бойъуш, цхьана меттехь тIематасадалар делахь, царах «тIемалой» а бой, моттаргIанаш лелаечохь цхьа тардаларш а хIиттош, тIематасадалар хилча санна, уьш бойъу, Москохана хьалха дозаллаш а деш, дацахь - цаьргара, уьш арахоьцург, кхаънаш боху.

Иза тIематасадалар хилла дацахь а мега иштта нисдала, хIунда аьлча, тIемалоша, шайн меттигаш Iалашъеш, бугIуш бу минанийн гураш. Оцу гурашна тIе а нисбелла, белла хила а тарло церан нах, тIаккха цига я дийна, я байъина, набахтера кIентий схьа а кхачийна, охьатийсина.

Тахана а лома хьала а оьхуш – уьш цхьаъ вац, шиъ ву, кхоъ ву, пхиъ ву. Цхьа зама йогIур ю оцу наха, вовшашна шаьш тIе а кхойкхуш, тоьшаллаш а деш, цIий бехкенаш, куьг бехкенаш билгал а бохуш, халкъо а, махко а, махкахь дIахIуттур долчу Iедало а ма-доггIу жоп доьхург хиларан сан шеко а яц."

Дуьххьара а, тIаьххьара а яц харцонаш лелачу мехкашлахь Нохчийчоь. Ганза ца дисина цуьнан бахархошна хIумма а. Бакъ а долуш, ца тешара уьш цхьана хенахь, нохчаша нохчий бойъу зама йогIур ю, аьлча.

Амма и еанийла а гуш, дан хIума а доцуш бехачу вайнахана хала ду тIеман керла кепаш лан – муха мега Iедална, стаг цкъа вадийна набахтехь а кхаьбна, тIаккха иза гIодаюккъелц ло лаьттачу Iай, аьхкенан духара а вуьйлина, вен а вийна, тIемало ву баха, шаьш-шайлахь цецбуьйлу уьш.

Ткъа стеган иштта цецвалар а, шайна лелачу низамашца дуьстича, кхераме дуйла а кхеташ, шайн цецдийлар Iедалх а лечкъош, дIалела, дIабуьйшу нах, хьалагIовтту – иза а ду-кх, мел-муха делахь а, дахар...
XS
SM
MD
LG