ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчура 20 эзар сов салти Дагестане дехьаваккхар бакъ ца до ХIинж-гIалано


Дагестан -- Оьрсийн эскарш Дагестанерчу лаьмнашкахь, 12Гез2011
Дагестан -- Оьрсийн эскарш Дагестанерчу лаьмнашкахь, 12Гез2011

Официала доцчу хьостийн хьесапехь Соьлж-гIаларчу Ханкала тIеман базера луларчу Дагестане дехьадаьккхина доккха эскаран дакъа – ткъа эзар эскархочух лаьтташ долу. Дийцарехь, Чоьхьарчу эскарийн а, кхечу ницкъаллийн структурийн а эскарш Дагестане дигар бахьана, тIаьхьарчу хенахь цу республикера хьал чIог1а чолхе даларца доьзна ду.

Дийцарехь, Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллин сацамца, Дагестанехь ханна кхуллуш ду Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллин Сиха ГIуллакхийн тобанаш. Уьш кхуллуш Нохчийчоьнах масала оьцуш ду боху.

Оцу тобанна дан деза урхалла тIедиллина полицин полковникана Кижаев Олегана, бохуш яздо Кавказский узел олучу интернет-хаамийн гIирсо, республикан ницкъаллийн структуран цIе ца яьккхинчу векална тIе а тевжаш. Ткъа эзар сов эскархо дехьаваьккхина Дагестане бохуш дийцина цу хьсоатно, Кавказский узел агенталле.

Дагестанехь туп тухуш долу оьрсийн эскарш
Дагестанехь туп тухуш долу оьрсийн эскарш
И хаам хIинца а официала кепара хезна бац шена элира, возуш воцчу ьтIеман эксперто Гольц Александро ша Маршо радиоца къамел деш.

Гольц: «Официала доцчу хьосташа дуьйцуш долу ткъа эзар салтичух лаьцна терахь вай дуьйцуш хилча, иза ондда тIеман операци ю.
Нагахь санна, хьехош ерг Соьлж-гIала елахь, ТIеман министраллин доккхах долу дакъа а, Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллин 206-гIа ша йолу бригада а дехьайоккхуш ю.
Иза а, суна хетарехь, оццул эскар вовшахтохалур долуш ницкъаш бац.
Кадыровна муьтIахь долчу эскарийн цхьа дакъа хила а тарло цу юкъахь.

Юха а боху аса, нагахь санна сел доккха эскар дехьадоккхуш хилча, тIемалой бу бохучу нахана дуьхьала тIеман операци дIаяхьа беш кечамаш хила тарло».

Нохчийчура бахархоша дечу тоьшаллица даханчу шоьтан дийнахь, хIокху беттан 17-чу дийнахь дукха тIеман ковранаш яхан Дагестане Нохчийчухула. «Ши эзарлагIчу шарахь дуьйна цхьанаметта шайна гина дац оццул дукха эскарш а, тIеман техника а» бохуш дийцина Гуьмсан кIоштан бахархоша Кавказан узел агенталле.
ХIун бахьана а, хIун сихо а яра оццул эскар теттина дехьадаккхаран? Дагестанера болчу хаамашца, Карабудахкент кIоштарчу школашкара бераш цIахь совцийна. Школийн классаш чохь эскархой дIатарбина.

ТIеман эксперта Гольца бахарехь, сихаллехь эскарш дехьадахарх ала йиш яц, хьалххе дуьйна цхьа йоккха операци кечъеш ца хилла.

Гольц: «Хьалххе дуьйна планехь хилла хила там бу иза, эскарш цхьанхьа дIатардан деза. Цундела, цу тайпа тIеман операци кечъеш хилла бохург керстадан йиш яц».

ТIеман операцеш сих-сиха дIахьо Дагестанехь, къаьсттина, тIаьхьарчу хенахь. Хууш ма-хиллара, цигахь партизанийн тIом бу элира Гольца.

Дагестанехь дукха бу оьрсийн эскархой
Дагестанехь дукха бу оьрсийн эскархой

Гольц: «Къайле яц Дагестанехь боьдуш берг буьззина партизанинй тIом хилар. ХIора кIирнах оьрсийн хаамийн гIирсаша дуьйцу рогIера байинчу тIемалойх а, иштта, рогIерчу терактех а лаьцна».

Ткъа эзар сов эскархо Дагестане вуьгуш хилча, дуьхьалонан боламехь дакъа лоцуш а хила беза баккъий ницкъаш. Гергарчу барамехь маса тIемало хила тарло аьлла, деллачу хаттарна жоп луш, тIеман эксперто билгалдаьккхира.

Гольц: «Оцу гIуллакхах хьакхавелларг кхета, дуьйцуш долу тIемалойн терахьан гергара барам иза буйла. Цундела, боккъал а болуш болчу тIемалойх лаьцна дуьззина къамел дойла ца хуьлу. Бакъонийн структураша шайна хеттачу кепара дуьйцу терахьаш ду уьш».

Боккъалла ткъа эзар сов салти оьшуш хьал дуй Дагестанехь, аьлла динчу хаттарна жоп луш, партизанийн тIамехь лела низамаш дийцира Гольца.

Гольц: «Партизанан тIамна дуьхьала шен низамаш ду. Территори талла еза, хIун-ду мила ду хьажа веза. Террорахой, тIемалой, партизанаш олуш болчу нахана цу тайпа Iалашо дуккха а атта ю кхочушъян. Цкъа теракт йо, иза а, важа а верхьамма. ТIеман ницкъашца ерриг а территори Iуналле эцар царна тIехь дац. Иштта тIемаш бечу хенахь, шайна дуьхьало ечарал а дуккха а алсам ницкъаш хила беза эскарийн».

Нагахь санна, дуьхьалонан болам кагбан а, орамера дуьйна дIабаккха а оьрсийн тIмеанхой дагахь белахь, мел эвсара хир ю цара оцу кепара яьккхина гIулч? ХIун жамI хир ду цуьнан?

Гольц: «Цхьа хIума ала мегар ду - дуьхьало эвсара а яц, говзалла йолуш а яц».
Дагестанерчу Iедалша цкъачунна бакъ ца до, Нохчийчура эскаран дакъош шайн республике далийна бохург.
XS
SM
MD
LG