ТIекхочийла долу линкаш

Бина барт кхочуш ца бо Шемарчу Ιедало



Шемахь, Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацин лехамашца а догΙуш, еарий дийнахь саца безаш бара Ιедалой, гΙаттамхоший вовшашца бен тΙемаш. Амма дийнан дараш долуш ду юха а. Шемара хьал зуьйчу Лондонерчу бакъоларъярхойн тобано хаам бо, ХΙама-гΙалахь, некъа тΙехь нах луьттучу эскарийн хано цхьа маьрша вахархо верах лаьцна. Иштта, Шемарчу жигархоша а хаам бо, Демаьшкан йисттехь Ιедална дуьхьал гулам латточу нахалахь а вийна ши стаг, бохуш. Меттигерчу тергамхоша тоьшалла дарехь, Ιедало хΙинца а юхадаьхна дац ша цхьацца меттигашка нехан гΙаттамаш бийшон арадаьхна эскарш. Ткъа и дар Ιаьрбан мехкийн Лигано Аннан Кофи коьртехь а волуш хΙоттийначу бертан тобан Ιалашонехь дара.
XS
SM
MD
LG