ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалочунна гIо дина, аьлла, хан тоьхна Шеларчу вахархочунна



ТIемалочунна гIо дина, аьлла, кхо шо хан тоьхна Нохчийчохь Шеларчу гIалан-суьдо меттгерачу вахархочунна Абдурзаков Iаьрби. Церах 6 бутт колонехь бакха безаш ву иза. Цуьнах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан прокуроран гIоьнча йолчу Дугаева Хьавас.

Абдурзаков Iаьрбина цулсовнаха гIуда тоьхна 10 000 сом барамехь. Нохчийчоьнан прокуратуран белхахочо чIагIдарехь, цу жимчустага гIо дина хилла цхьана тIемалочунна, кхача а белла. Амма и тIемло мила хилла дуьйцуш дац.
XS
SM
MD
LG